Охан-бутт нохчийн исторехь

Нохчийчоь -- Мансуранна тIера ЖовхIарна тIекхаччалц, "Вайн Дагестан" журналан хьалхара агIо, Дечк1995.

Историно адамашна пайда луш беккъа цхьа кхетам бен бац, цу исторех адамаша цхьа а шайна пайденна болу кхетам схьаоьцуш ца хилар, аьлла дуьненна а вевзачу ингалсхойн драматурго Шоу Бернарда.

И цуьнан дешнаш бакъдеш санна ду вайнехан дахар. ХIинца а кхоччуш язйина йоцчу нохчийн исторехь дуккха а хилла сингаттаме а, къиза а яьхкина хенаш. Амма зеделлачух вайнаха эцна пайда вуно къезиг лара мегар ду, боху историн Iилманчаша.

"Кху дахаран лар" цIе йолчу программехь ас шуна дагабохкуьйтур бу 200 шо хьалха дуьйна таханлерачу замане кхаччалц Охан--баттахь нохчийн исторехь лелла цхьаболу хиламаш.

Иза дIоггара, историк вара ала, историк а ца хилла, шен хеналара Iилманча ву ала, гIараваьлла Iилманча а ца хилла. Амма иза лоруш ву хьалхара нохчийн этнограф санна.

Оьрсийн паччахьан эскарехь гIуллакх а дина, Нохчийчу цIавирзина волу ротмистар Лаудаев Умалт дуьххьара нохчо вара вайн къомах лаьцна оьрсийн маттахь леррина яздинарг.

Нийсса 185 шо хьалха, 1827-чу шарахь винчу Лаудаев Умалта кеч а бина, зорбане баьккхина «Чеченское племя» ("Нохчийн тукхум") цIе йолу шен болх. Цунна дуккха а критика йина цултIаьхьа вайнехан къомах болчу Iилманчаша.

Делахь а, Лаудаев дуьххьарлера нохчо ву, мостагIаша акха бу бохуш бийцинчу шен махкахойх лаьцна бакъдерг дийца гIиртинчех.

Тахана а дуккха дийцарш ду Лаудаев Умалт ваьхначу Ломаз-юртахь цуьнан дахарх лаьцна, кар-кара а луш, схьадогIуш. Дукха хенахь дуьйна шайн юртахочун кхоллам толлуш хилла ву Чабаев Лоьма.

Чабаев: "Лаудаевс язбина болх, тIекхочийлехь а болуш, бовзийла далахь а, къезиг дара цуьнан дахаран тIаьххьарчу шерех лаьцна хууш дерг. Мелла а этнографах лаьцна хаамаш бира 20-х шо хьалха, вайнехан истори йийцар компартис шена а дитина, и ма-хетта язъеш схьавогIучу Соьлж-гIаларчу профессоро Виноградов Виталийс.

Амма цо а ца гойтура ротмистр Лаудаев, эскарехь гIуллакх дечуьра а ваьлла, Ломаз-юрта ваха чувирзича, иза муьлхачу хьолехь Iийна, нахаца муха тарвелла. Вевзаш волчу юьртахочух Ломаз-юртахь дуьйцуш дисина мелла а хIуманаш.

Ахькенца, цхьа мор таптарш а, буха таса шаршо а оьцийн, Теркан берда йисте воьду, бохура иза. ТIекъал а волий, луьла а уьйзуш, цкъа тептарш доьшуш, юха, охьа а хоий, йозанаш деш, мохехь-малхехь хан хьош хилла Умалта.

Цкъа иза иштта Iаш а гина, цунна улле охьалахвелла хиллера цхьа юьртахо.

- Ва, Умалт, белшаш тIехь паччахьан эскаран бустамаш а долуш, когахь лакронан эткаш а лелош стаг ву хьо. Ткъа хьайн тIекхетта дохкуш лаьтта цIенош оцу хьаькамашка юха хIунда ца дойту ахь, хьо волчу-х геннара беза хьеший оьху, уьш лаппагI чохь тIеэца эхье ца хета хьуна? - хаьттина хиллера цо цуьнга.

Умалта, вела а велла, аьлла, бохура, шена, ша дуьнентIехула ваьлла лелаш, гIеххьа бицбеллачу ненан маттахь:

- Со волчу йогIу хьаша, сан лекхачу тхевне хьажа ца йогIу, со волчу йогу хьаша соьца сакъера, синмарзо эца йогIу.

20-гIа бIаьшо тIекхача масех шо диссинчу хенахь велла нохчийн хьалхара истрик-этнограф. Ткъа иза дIавоьллина кешнаш 50 шо хьалха дIадевлла Ломаз-юртана тIегIертачу Терко херцийначу бердашца цхьана.

Лаудаев тIе а къадина, цуьнгара йоза Iамош хилла юьртарчу бераша. Тахана уьш санна долу масийтта бIе бер догIу Умалт ваьхначу метте деша. Цуьнан ков-керт лаьттинчохь ю юртара цуьнан цIе лелаен ишкол. Гарехь, замано цуьнан синна кхачийна совгIат а ду иза".

Амма Лаудаев Умалта шен болх зорбане баьккхале 114 шо хьалха, 1758-чу шарахь, Охан-беттан 7-чу дийнахь, инарла-майор Фрауендорф коьртехь а волуш, оьрийн эскар догIу Нохчийчу бекхаман экспедици а гIаттайой. Цуьнца хуьлу 2196 салти а, гIалгIазакхи а, 3203 гIалмакхо а, 360 гIумки а, гIебартло а, гIалгIа а .

Нохчашна гIо дан йогIу Iаьндийн, суьлийн, гIумкийн тобанаш. Дагестанерчу къамнаша къайкхам бо инарла Фрауендорфе, нохчашца тIом бар сацаде, олий.

1785-чу шеран Охан-беттан 2-чу дийнахь инарло Потемкина прокламаци арахоьцу, нохчийн а, гIумкийн а къаьмнашка Ушурма-шайхана тIе ма хIитта, олий.

Кхин а масех де даьлча БуьрийтIерачу коменданта подполковник Матцена хаам бо, Ушурма бахьана долуш гIаттам айъина хIираша, олий.

Охан-беттан 13-чохь, 1794-чу шарахь, Петарбухахь, Шлиссельбурган гIоьпехь кхелха Къилбаседа Кавказан хьалхара Имам Ушурма.

1828-чу шарахь Таймин Биболат воьду Суьйлийчу цунах колони ян гIертачу тобанех лата.

1839-чу шарахь, Охан-баттахь, Имам Шемала а, Ташу-Хьажас а барт бо Нохчийчохь а, Дагестанехь а оьрсийн эскрашна дуьхьал къийсам дIабахьа.

Охан-беттан 4-чу дийнахь,1842-чу шарахь, Имам Шемалан бIо оьшу Дагестанан кIоштIашкахь, Казикумукхан а, Кюрин а хан коьртехь волчу элин Аргутинский-Долгоруковн эскарца леташ.

1858-чу шарахь Охан-беттан 2-19-чу деношкахь 96 эвла хIаллакхйо оьрсийн эскарша. Таьнгичуьра Гихта кхаччалц йолчу ярташкара бахархой баха ховшабо оьрсаша шаьш ехкинчу гIоьпашна гонаха.

Аренца йолу Нохчийчоь шайн куьйга къел лаьцна шаьш, олий, дIахьедар до оьрсийн тIеман буьйранчаша.

1859-чу шарахь, Охан-беттан1-чу дийнахь тIелетий, Ведана схьайоккха оьрсаша.

Оццу дийнахь Шемала кхозлагIа схьагулбо шен наибаш а, Iелимнах а Эрсанахь. Оьрсийн эскаршна дуьхьалбаккха тIаьххьара ницIкъ схьагулбе, олий, кхайхкам бо цо цьрга.

1859-чу шарахь, Охан-баттахь, Макка воьду Кунта-Хьажа. Кунта-хьажийн боламна агIончаш карош хуьлу Нохчийчохь.

Охан-беттан 28-чу дийнахь паччахьан агенташ Iеха а бой, 500 сов нохчийн доьзал новкъа болу Туркой-махкахь баха охьахаа.

1870 шеран Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьненчу ваьлла нохчийн Iилманча, Iедалан белхахо а, коммунистийн партийн жигархо а хилла волу Эльдарханов Таьштамар. Иза велла 1934-чу шарахь.

1877чу шарахь, Охан-баттахь, Нохчийн дошлойн полк хьажайо Оьрсийн Iедалша туркошца шаьш бечу тIамехь дакъалаца.

Оццу шарахь, Охан-беттан 13-чохь ,буса, Сесанахь вовшахкхета гонахарчу ярташкара 60 стаг. Цара дуй боу, оьрсашца йолу юкъаметтигаш дIахадо. Шаьш маьрша хилар а дIакхайкхадо оцу наха. Симсар-эвлара Алданов Iалбаг-Хьаьжа хоржу цара Нохчийчоьнан имам.

Iаьлбаг-Хьажин гIаттам бахьана долуш тIеман роже йоккху Iедалша ерриг а Теркан кIоштI.

Охан-беттан 20-чохь БуьрийтIера Соьлж-гIала вогIу Терк-кIоштIан хьаьким инарла-адъютант Свистунов.

Кхин а цхьа де даьлча гIаттамхой арабовлу, ДжугIуртана гена доццуш туп а тухуш. Iаьлбагна тIетов Майртуп а, Гелдагана а, Цоцин-эвл а, БIачи-юьрт а, Илсхан-юьрт а, Iаьлара а, ЦIоьнтара а.

Охан-беттан 22-чу дийнахь Iаьлбаг-Хьаьжийн тобанаш схьаяккха гIурту Герзель а, Хасу-Юьрт а. Дуьххьара тIематасадалар хуьла церан Ишхой-юьртана генадоццуш.

Оццу дийнахь тIом хуьлу Майртупахь а. Iаьлбаг-Хьаьжица 500 тIемало хуьла. Церах лета 4 батальон а, Соьлжан полкера маситта бIе салти а, меттигера оьрсашкахьа болчу эпсарийн тобанаш а, шайца 6 йоккха-топ а йолуш.

Эша йоьлла полковникан Нуридан тобанаш юхайовлу Куршлойн-эвлахула, Гельдиганах чекх а йовлий, Гермачиг йолчу агIор. Царна тIаьхьа боьвлла боьлхучу гIаттамхоша дIалоцу Куршлойн-эвла.

Охан-беттан 28-чу дийнахь Iаьлбаг-Хьаьжин тIемалой тIелета Шелана. Царна дуьхьалбовлу цигара эпсарш а, коьртехь Ханбатыров Боьрщак а волуш, йохк –эцар а лелош беха нах а. И бахьана долуш, Шела а юьтий Эвтара дIавоьду Iаьлбаг-Хьаьжа.

ЦултIаьхьа цхьа бутт баьлча гIаттам хьошу. Нохчийчу хьажийначу эскаран терахь хуьлу 24409 салти, хIораниг а бIе стагах лаьтташ йолу,16 гIалгIазакийн а, нохчийн а, гIалгIайн а, хIирийн а, гIумкийн а лаамехь тIамтIе баханчу нахах вовшахтоьхна тобанаш а.

1906-чу шарахь, Охан-беттан 4-чохь Гушмазукаев Зелимхас воь Соьлжа-гIалин гонан куьйгалхочун лакхара гIовс волу подполковник Добровольский.

1909-чу шарахь, Инарла Михеевн лаамца Соьлжа-гIалахь гулам дIахьо Теркан кIоштIахь дехачу къаьмнийн векалша. Цигахь делегаташ хуьла Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн мелла а хьал долу а, Iедалехь болу а векалш.

Охан-беттан 5-чохь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан къайлахчу декъо рапорт кечдо, Бенахь Шемилов МуцIас куьйгалла а деш, иккхина гIаттам ЦIечу Эскаро хьашарх лаьцна. Цу гIаттамах лаьцна дуьйца историк-Iилманчо Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Абумуслимов : "Советан Iедало дIахьочу политикана, коллективизацина дуьхьал хилла и гIаттам. Цигахь гIазот а кхайкхийна, имам а кхайкхийна. Кхайкхийна имам Шамилев МуцIа хилла. Ша Шоьнара хилла иза. Бен тоьхна меттиг Бенахь хилла. Цигара гарнизон а йохийна. Доккха эскар чу а теттина, и гIаттам хьаьшна эскарша.

Ерриг а Нохчийчоьно шайна гIо лоцур ду, аьлла, хеташ хиллачух тера ду царна. Иза луьра гIаттам хилар гойту цигахь хиллачу тIемаша. Iедалша дийцарехь, 300 сов гIаттамхо вийна цигахь. 200 чевнаш йина а хилла. Иттаннаш байъина эскархошна юкъахь а".

Къилбаседа Кавказан куьйгалхочо дуьйцу гIаттамхоша тIом муха бора. Уьш майпа а, доьналла долуш а хиларх лаьцна. Зударий а хилла гIаттамхошна юкъахь.

1996-чу шеран Охан-беттан 27-чуьра Стигалкъекъа-беттан 12-гIа де тIекхаччалц болчу муьрана Оьрсийчоьнан президента Ельцин Бориса мараторий кхайхкайо Нохчийчуьра тIом цхьана ханна сацош. Иза доьзна хуьла ШолгIачу Дуьненан тIамехь толам баьккхина 50 шо кхачар даздарца.

I996-чу шеран Охан-беттан 21-чу дийнан сарахь оьрсийн тIеман кемано ракета а тухий, воь Нохчийчоьнан президент Дудаев ДжовхIар.





И де дагадоуьйту Ичкерин Iедалехь цу хенахь культуран министр хилла волчу Закаев Ахьмада.

Закаев Ахьмад: Суьйрана 8 сахьт даьлла хан яра. Суна чIогIа дика дага догIу иза. ХIунда аьлча, цу хенахь даккхий герзаш тIедетташ йолу меттиг ГIойист яра. Ткъа иза Рошни-чуна а, Гихчуна а юккъехь хилира. Кемано ракеташ тоьхча, суна, лап-аьлла, дага а деара иза, сахьт тIе а хьаьжира со. И (телефонехула) къамел хила дезаш йолу хан яра иза. Цул тIаьхьа шолгIа де дIадаьлча цигара хаам беара, хьала вола боху, аьлла. Со хьалакхачале, суна хууш дара, цу юкъахь ЖовхIар хиллий а, ЖовхIар дIаваьллий а.



Иштта бара Нохчийчоьнан исторехь Охан-Баттахь хилла цхьаболу хиламаш.

(ХIара программа дуьххьара эфирехь хилла 2008-чу шарахь).