Кху тIаьхьарчу масийтта кIирнах баьпкан мехаш хьаладовлуш ду Нохчийчоьхь. Цуьнца цхьаьна хьаладовлуш ду кхин долчу кхачанан суртасатийн мехаш а. Цхьаболчу бахархоша иза дузу кестта Оьрсийчохь хила мегачу политикан хийцамашца.
Оьрсийчохь пенсийн а, алапийн а барам цхьана итт туьман лакхабакхахь, цунна тIаьххье. догIуш ду, коьртачу сурсатийн мах айбар. Нохчийчохь, масла, бепиган а, даьттан а, шекаран а, мах хьалабаккхина цхьа бутт сов хан хира ю. Амма, базаршкахь нах кIезга ца белла, цигахь лаьтта йохкархой, даиманна санна, мах ца хуьлу бохуш вахьбоьлхуш балахь а.
Соьлжа-гIалана юккъехь йолчу «Беркат» олучу базарахь, хIокху деношкахь адамийн жигараллийца хийцам бац. Мах мел лакхабалахь а, юург ца эцча ца бовлу, бохуш, коьртачу декъан иза юьхкучу могIанашкахь ша зингатий санна дIай-схьай лела адамаш.
Юккъараллехь башха бохаме ца хета, кхечу хIуманна мах хьалбаьлча, амма, деманна а, цуьнах дечу бепиган а мах айбича, тIаккха, доккха Дала туохар хуьлуш дала олий, дийца доладо юккъараллехь. Ишшта дара, оцу базарахь бепиг духкучу туьканна хьалхахь а. Туьканчуьра йохкархо бен ша йоццушехь бехказа йолуш санна къамел деш яра цу чуьра зуда
Йохкархо: «Массо а хIуманна тIекхетта мах. Ишшта схьадахьаш-м ду хIара бепиг. Шу баьлла мах хьала олу цхьаболчара. Дера ца баьлла. Массанхьа хьалабаьлла иза. Сан гIулалкх долуш а ма даций сан. Со кхузахь гIо деш ю. Амма, хIара мехаш-м дацара хIинцалц. 12 соьмах дара бепиг, хIинца 15 сомах ду. Марха даьстачу дуьйна бу-кх хIар мах ишшта».
ХIун бахьан ду, деман а, кхечу коьртачу сурсатийн мах лахкбалар, аьлла деллачу хаттарна, цхьаболчу эцархойн шай жоп хуьлу. Ша эцна йолу мерза булочкаш, тIоьрмиг чу йоьхкуш яллачу йоккхачу стага, хьал а таьIан, шена хаа элира гIуллакха стенна тIе доьдуш ду.
Эцархо: «Ас сайна хезнарг дуьйцура ду шуна. Iедалан карчам хира бу боху вайна, тIедогIучу шарахь. Ялта а массо хIума а язлура йолуш ю боху. Къелла йогIура ю боху. ТIедогIучу шарахь хала хира ду боху-кх вайна. Ас хIумма а ца эцна. Сан могашалла дика яц и кечам бан. Дуьйцуш хезна суна, керстанш Путин дIаваккха хьийзош ву аьлла. Пенсий гIой а, дIавала бохуш ду боху цуьнга».
Базарахь, шорта кегий машенаш а, «муравей» олуш йолу мотоцикалш ю, вовшах хьакхалуш, ца хьакхалуш тIанк аьлла, галех а, кехатийн гIуткхех а юьззина дIасалелаш. Цу тайпа такси тIехь болх бечу Дикалус, хаам бира, дукха хан йоцуш, наха, юург, галешкахь оьцуш ю аьлла.
Дикалу, таксист: «Даьтта, дам, шекар. 30-40 процент оцу хIуманна мах хьалабаьлла. Оьцучохь мах хьалабаьлла, цундела, кхзахь юьхкучара а лакхабоккху иза. 20 гали оьцурш а хуьлу, 8 гали 10 гали дама оьцурш а хуьлу. Ас айс дIавигна-кх 20 гали а эцна цхьа бут ах бутт хьалха. Оцу стаган хIара хьал хIуттура дуй хууш хилчух тера ду. Хьалха дема галех 650 сом доьхура, хIинца 900 сом доьху. Бепиган мах I5-20 соьман хьалабаьлла. Мича мегаш ду хIара»?
Хасстоьмаш духкучу туьканахь, деса далахь а, цу чохь шай мах хьалабаьлла бац боху. Амма, цуьнан долахочо Муштас билгалдоккху, шаьш оьцучохь болчу мехах, шен мах а боьзна хилар.
Мушта: «Тхан мах хаьлабаьлла мах цхьа а тайпа. Картолан а, копустан а цхьа терра лаьтташ бу. Хохийн мах вахьбаьлла киланах туьманна тIе. Копуст а, картол I5 соьмах ю. Кхин хаьлабер бу бохуш аьлла хIума дац. Оха оьцучохь телефон тоьхча, хилчу мехах хира ю-м боху хIара хIума».
Эцархошна юккъахь шорта нах бара, мехашна арз дийра долуш. Масла хIара зуда санна.
Эцархо: «Массу а туьканчохь хьалабаьлла мах. Даьтта 50 соьмах оьцуш дара оха. ХIинца 80 сом доьху цуьнах. ХIума ца йиъча ма ца довлий, тIаьххьарниг дIаделла а».
Дукхахболчу йохкархоша, шай агIора арз до, туьканийн баттахь лучу арендийн мах хаьлаайбина аьлла. Иза а, доьззна ду, цара ца дийцахь а, сурсатийн мах лакхабаларца.
Йохкархо: « Аренда дукха лекха ю. Иза даллал бен баттахь тхан вовшах а ца кхета. Тхуна чу дахь хIума ца юьсу. Ца бича а ца довлу тхо. Хьайна ца лаахь, туька дIа а къовлий, догIанаш вахь а дехкий дIагIуо олу тхоьга».
Цхьаболу нах, арахь политикан хьал мухха а далахь, мацалла хIоттарна кхераш кечамаш бо. ИбрахIим цIе йолчу Хьалха-мартан тIерачу вахархочо, шен лулахь ву боху царах цхьа стаг. ТIаьххьарчу хенахь шена кесста-кесста моттало, оцу воккхачу стага лелош дерг нийса ду, бохуш дийцира ИбрахIима.
ИбрахIим: « Сан лулахь ву Iусман бохуш цхьа воккха стаг 90 шарелла тIехъяьлла хан а йолуш. Дукха хена дуьйна, кертахь доккха ор а даькхкина, цу чу хIора шрахаь 8 тонн кIа чу дуьллу цо. Шо дIадаьлча, цуьнах дама а дой дIадуу. ХIунда дуьллуш ду ахь аьлла. шега хаьттича, тIом балахь а, меца хан агIахь а, ялта долу стаг мец хира вац бохуш дуьйцу. Лулахь болу нах цунна реза бац, урамехь дехкий долун дела. Схьахетарехь, хIара гIуллакх ишшта дIадоьдахь, цуо лелош дерг нийса хила мегаш а ду».
Нохчашна, мацалла хIоттарна кхерам бац, къоманна амал йоьвзучарна иза хIун ду бохург хIун ду хаа. Амма, адамийн синкхетам лакха мел болу, нах кхета, деккъа гай дуозорах хIоьттина дахаран маьIан хIоьттина доцийла. Иза ца кхеташ балахь а, ян Iедалан томанна шаьш ца кхета моттуьйтуш балахь а, дукха бу нах, тахана а Нохчийохь.