Литвиненко веран хьокъехь ладогIарш хилла Лондонехь

Британи -- Литвиненко (Аьт)вер хьокъехь ладогIарш долийна Лондонехь. Иза верна бехке лоруш ву ФСБ-н эпсар хилла волу Луговой Андрей (Аьр).

Британерчу Лакхарчу Кхелехь дIадолийна ялх шо хьалха Лондонехь Литвиненко Александр вер хьокъехь долу ладогIарш. КесталгIа цу зуламна гонахара кхел дIайолалуш хиларца доьзна ду иза.
ЛадогIаршкахь вистхиллачу Британин инарла прокурор лаьттинчу Макдональд Кена билгалдаьккхира, Литвиненко Оьрсийн пачхьалкхено динчу омрица вийна ву аьлла.

Ялх шо кхочуш лаьтта Кремлан дуьхьалонча хилла волу Литвиненко Александр Лондонехь, „полоний 210“ олуш долу радиожигара дIаьвш а малийна, вийна. ХIетахь и гIуллакх толлуш йолчу тобанна куьйгалла деш вара цу хенахь Британин инарла прокурор хилла волу лорд Кен Макдональд. Кху деношкахь Британин коьртачу шахьарехь карладаьхначу Литвиненко вер хьокъерачу ладогIаршкахь тоьшаллаш дан кхайкхина ву иза.

Ша хIетахь а тешна вара, хIинца а шеко яц шен, Литвиненко Александр Оьрсийн пачхьалкхено омра а дина, вейтина хиларх элира цо. Амма шуьйрачу юкъаралле и шен ойла цуо даханчу шеран гуйрана бен ца йовзийтира, хIунда аьлча, инарла прокуроран даржехь а волуш, цул совнаха, Кремлана дуьхьалонча вер толлуш йолчу тобан куьйгалхо а волуш волчу шен талламан къайле ларъян езаш хиларна.

Ткъа шо хьалха ша динчу дIахьедарехь Макдоналда Литвиненко вер „вуно маьттаза а, инзаре а зулам дара, Британин олаллина кIелахь волчу стагана тIехь дина къиза чалтачалла дара иза“, элира. Иштта цуо билгалдаьккхира, Литвиненко верна коьрта бехкенарг лоруш волу Луговой Андрей Оьрсийчоьно Британин Iедале дIавала везаш хилар а.

Еарий дийнахь Лондонехь дIадуьйладеллачу ладогIаршкахь Макдоналд Кена кхел дIахьош волчу Оуэн Роберте кхайкхам бира, цу гIуллакхан массо а верси кIирвелла талларе, Путин Владимирна критика ярна Литвиненко вийна хила мега боху верси къаьстина чIогIа тидаме а оьцуш.

Оьрсийчоьнан Iедалийн дуьхьалонча верна бехке веш волу Луговой Андрейний, Ковтун Дмитрийний Лондонехь дIахьочу талламийн материалаш дIакхачийна, церан уьш довза аьтто бу, аьлла дIахьедар дина цу юкъана кхелан векалша. Бакъду, и шиъ кхелан хеттаршна жоьпаш дала Лондоне гIур ву бохург шеконе ду. Цхьаццадолчу хьостанаш бечу хаамашца, Луговойс ша кхелан белхахь видеозIенаца дакъалоцур ду, аьлла, дIахьедар дина.

Ала догIу, Лондонехь дIайолаелла йолу Литвненко верца йоьзна йолу процесс кIиранашкахь яхъяла там бу. ХIинца а билгалдаьккхина дац, и кхел журналисташний, юкъараллийний гойтуш дIахьур ю я дIакъевлинчу режимехь хир ю бохург. Бакъду, Британин исторехь уггаре а езачарех процесс и кхел хирг хилар хIинцале а хууш ду- 4 миллион фунт стерлинг дIадер ду ингалсхой Iедалийн и процесс бахьана долуш.

Карладаккха догIу, 2000-чу шарахь Оьрсийчуьра ведда, Британехь тховкIело а ехна, Лондонехь вехаш хилла волу Литвинеко Александр 2006-чу лахьан батахь кхелхира. Шена вевзаш хиллачу Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисийн белхахошца Луговойций, Ковтунций меттигерачу цхьана хьешийн цIийнахь чайн стак меллачул тIаьхьа, лазар а кхетта, велира иза.

Британерачу могашалла ларъяран агенталлин говзанчаша Литвиненко веллачул тIаьхьа дIахьедар дира, цуьнан дегIаца „полоний 2I0“ олуш долу радиожигара дIовш карийна шайна аьлла.