Атта дац Даймахках вала

Нохчийчоь -- Ведан кIошт

Нохчийчохь тахана схьабиллина боьдуш тIом бацахь а, тIеман хьелашкара ялалуш яц республика. Цунна цхьа тоьшалла ду тахана а, шайн даймохк а буьтуш, цигара адамаш дIаоьхуш хилар. ТIехула тIе нохчий бу уггара дукха Оьрсийн Федерацера дIаоьхуш.
Коьртачу декъана вайн махкахоша хоржурш ю, кхеташ ма хиллара, Малхбузерчу Европера пачхьалкхаш. Iамеркерчу Джеймстаун фондо далочу терахьашца, таханлерчу дийнахь Европехь дIатарбелла бу дерриг а нохчийн къомах 10 процент нах. Цхьа наггахь волчо хоржу бусулба пачхьалкхаш – Гергарчу Малхбалера мехкаш а, Туркойчоь а, Пакистан а, ОвхIанистан а.

Цхьаболчу хаамашца, масала, Тахана Францехь вехаш ву 30 000 сов нохчо, Австрехь – 25 000, Германехь мал лаххара а - 12 000 – 15 000. Дуккха а вайнах беха Финляндехь а, Норвегехь а, Бельгехь а.

Полша кор ду нохчашна Малхбузерчу Европе. Уггаре хьалха цу махка кхочу Оьрсийчура арабовлуш болу нох. Ткъа уьш, вай лакхохьа хьахийна ма хиллара, дукхахберш нохчий бу. Иштта, шолгIа тIом болабелча, Полшин Iедалша долочу терахьшца, хIора денна лаххара а 30 стага ехара цу пачхьаллкхехь политикан тховкъело.

Царах дукхахберш охьаховша бора дозанца йоьлчу меттигашкахь. Къаьсттина дукха нохчий беха ши гIала лоруш ю Беласучин дозанца Iуьллуш йолу Белосток а, Ломка а.


Полша - Белосток гIалахь ю масийтта нохчийн мухIажирш беха меттиг, Тов17, 2013.

Иттех шо хьалха Полшера Iедалша нохчий къинхетамца тIеоьцуш хиллехь, тахана цигарчу Iедалца цхьаьна хийцаделла цигара хьал. Амма Полшехь мухΙажирш совццал таро йолуш а, и хилча а баш дIоггара царна гIо дан лаам болуш а яц и пачхьалкх бохуш чIагIдо цигарчу мухIажирийн четаршкахула чекхбевллачу наха.

Кху деношкахь цига кхочуш берш хьовха, бухахь иттех шо доккхуш беха нах а бац Полшехь тоъал дахаран хьелашка кхаьчна бохуш дийцира Маршо Радионе Полшерчу нохчийн диаспорин куьйгалхочо Ильясов Шарпуддис.

Your browser doesn’t support HTML5

Ильясов Шарпудди




ЦIеххьана алсам даьлла Германехь тховкъело йоьхучу нехан терахь. Цу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, кху шара немцойн Iедалшка тховкъело йоьхуш дехар дина Оьрсийчура иттех эзар стага. Ах хиллал царах нохчий бу – 4517.

Нохчий шайн махкара идаран масийтта бахьана ду. Масала, Нохчийчохь хьал долчерна а, хала бохкучарна а юкъахь йолу башхалла шорлуш хилар а, доьзалш кхаба напх даккха аьттонаш ца хилар а.

Амма уггаре а нохчашна лан хала дерг ду шаьш бехачу махкахь синан паргIато ца хилар а, дахаран да хила вуьтуш ца хилар а.

Кху деношкахь Нохчийчура Германехь тховкъело ехначу Тамарас а, Тамилас а иштта дийцира тхан корреспонденте Азимова Сийлахе шаьш махках довларан бахьанаш.

Тамара шен доьзал а эцна махках яьлла ю. Цо дуьйцу.

Your browser doesn’t support HTML5

Тамара




Тамила жима зуда ю. Цунна халонга даьлларг иштта ду.

Your browser doesn’t support HTML5

Тамила



1999-чу шарахь Нохчийчохь шолгIа а тIом болабелча вайнах дIагIерташ ерг яра коьртачу декъана Франци. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу Маршо Радион эксперто, историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.


Франци -- Вачагаев Майрбек, Париж, 2012


Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек




Кхин цхьа проблема а ю Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашца йоьзна. Иза ю церан цу пачхьалкхашкахь долчу дахарца а, юкъараллехь дIатарбаларца а, балхаца а, леларца а йоьзна.

Нагахь криминалан агIора дIоггара халонаш ца яхьахь а, мотт Iаморехь а, болх лахарехь а каде хьийзарца билгалбевлла бац цхьаболу вайн махкахой. Австрехь цу агIор долчу хьолах лаьцна дуьйцу Венехь вехачу Нохчийчоьнан парламентан декъашхо хиллачу цу махкарчу нохчийн юкъараллан жигархочо Исханов Хьусайна.



Австри -- Исханов Хьусайн, Вена, 2011.


Your browser doesn’t support HTML5

Исханов Хьусайн