Бала тIех сов базбелча

Нохчийчоь, нохчийн йоI, Соьлж-гIала, 2008

Нохчийн а, бусулба динехь а, иза къилахь а, эхье а лоруш хIума ду. Хууш дерг ду, иза шен кертахь, рагIун кIеллахь коьртахь лелочу йовлакх тIехь ирх оллаелла лулахошна карийнийла хилар.
Полицерачу хьостано бинчу хаамца, шен ненаца ехаш хиллачу I5-ра яьллачу оцу йоIа, юккъараллехь оццула емал деш долу хIума дарна, бахьанаш къасто гIерташ бу талламхой.


Цу тайпа ша шен тIе куьг дахьар Нохчийчохь кест-кеста хуьлуш ду олийла дац. Амма тахана дийнахь а, буса а хаддаза телевизионехь а, радио чухула а бусулба динан хьехамаш беш балахь а хуьлуш ду и хIуманаш. ТIаьххьарниг хилира кху шара Iай.

Соьлж-гIалана юккъехь Жуковскин ураман тIайн тIера чукхоссаеллира цхьа жима зуда. Оцу хиламах лаьцна цхьа а тайпа хаам ца бира официалан хьасташа. Цундела юккъараллехь эладитташ даьржира, иза шен жимчу берца хи чукхоссаелла, бохуш.

И хIума хиллале, дIадаханчу шеран гуьйранна, Гуьмс-кIоштахь, цхьана дийнахь делира йоI а, кIант а. ЙоI ирх оллаеллера неIар тIеман тIехь. Ткъа кIант шай чохь йолу тапча ша шена тоьхна веллера.

Талламо къастийра йоI яларан бахьана доьзалехь йолу къелла а, цIера мел долу гIуллакх нанас, иза жима хилар тергоне а ца оьцуш, цунна тIедожийна хилар а ду, аьлла. КIант валар бахьана хиллера чуьрчарца дов далар.

Кегийрхоша шаьш шайна тIе куьг дахьар тIеман бераш олучу чкъурана цхьана а тайпана синIаткъаман реабилитации еш ца хилар ду. Ишшта дузу иза цхьаболчу юкъаралхоша. Исаева Таиса а ю царах. Оцу гIуллакхан терго ца яр ду боху цо, ишшта чолхе хIуманаш махкахь хуьлуш хиларан бахьана.

Исаева Таиса: Етташ бомбанаш яцахь а, хIокху республикехь бехачарна синIаткъаман чIогIа ницкъ хилла. Нах леш бу, дог бахьанехь а, цIе ца йоккхучу цамгарех а. ХIокху хьолехь хьаллак хуьлуш долу бераш могаш ца хилар, терго а ца еш дита мегар дац, аьлла, хета суна. И хилла болу ницкъ, берашна лар а йоцуш, дIабера бац.

ХIокху дуьненахь кхин диканиг гина боцу цхьаболу кегийрахоша шайн лаамца шай дахар дIахадоран бахьанаш лоьрашна а, кхечу говзанчашна а хууш далахь а, кхечу хIуманах кхета хала ду: баккхийчу наха цу тайпа хIума шаьш шайна тIехь дар.

Цхьа шо сов хьалха, Нохчийохь ши бутт бен кхин юккъе ца булуш, ши полисхо велира, шаьш шайна герз а тоьхна. 2003 шарахь Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойисте олучу эвлан юьртда Гацаев Адам, ша шена тапча а тоьхна, велира.

Ши шо хьалха Соьлж-гIалара хьехархойн колледжан директоран гIовс а велира шен цIахь, ша шена тапча а тоьхна. Оцу хиламо гуттара а цецбаьхнера синтIаткъаман говзанчаш. Нохчийчохь кхиазхой синтIаткъаман зе хилла а ца Iаш, баккхий нах а бу лоьрийн гIо оьшуш.

Цуьнах лаьцна дуьйцу «Нийсо» цIе йолчу гIо-накъосталлан вовшахтохараллан куьйгалхочо Махажиева Заргана.

Махажиева Зарган: Iадийна нах санна, цхьа а хIумма а гучу а ца долуш, Iад Iийна нах бу. ХIинца вайна и паргIато яларца, нехан и мел йолу цамгарш гучуевллаа. ТIевеанчу мьулххачу а стага ша синIаткъаман цамгар йолуш вац олу. Дуккха а бу иштта нах. Царна реабилитации ян езаш ю.

Шаьш шайна тIе куьг дахьар доккха къа лерина далахь а, бала базбеллачу наха хоржу и некъ. Диснарг ду и терахь лакха ца далийтар а, цаьрга и хIума дойтуш долу бахьанаш дIадахар а.