Нохчийчуьрчу кегийрхошна а, гΙеметтахΙиттинчу а бахархошна хΙуьттаренна а дац Маршо Радионо Таллинне гулбеллачу кегийрхошца къамел деш тидинарг. Даймахкана юьстаха хьала а кхиина, дешаршка а, белхашка а тарбелла бехачу дуьненан маьΙ-маьΙнерчу нохчийн кегийрхоша шайн цΙерачу нийсархошачул а цΙена буьйцу ненан мотт.
Эрсно Казбек ша, Шелара мухΙажир а ваьлла, Австрехь вехачу юкъанна кхиина дуккха а дика хΙуманаш дан а, шех буьззина кхетам болу стаг ван а, цу тΙе цΙена нохчо а хилла, ваха новкъа вала а. Цунна массийтта мотт хаьа, дика суртдиллархо а ву иза. Цо йовзуьйту шеца Австрера конференце баьхкинчийн дог-ойла.
Казбек: «Нохчийчу вай юхадирзина хинболу некъ муха бу а, цигахь хΙун кхоьллича дика хир дара а аьлла, баьхкинчу наха кечйина программа ю. ХΙораммо а шен дагахь дерг, масала, лоьран дешар дешар, эконика Ιамор, цΙахь туризм яржаяр, и яржийча, цунах муха пайда бийр бара, тΙебогΙучу нахана вайн мохк, Ιадаташ довзийтар, масситта агΙор пайденна хиндерг дуьйцуш кечйина программа ю Автрерчу тобан. Иштта кхидΙа а программа ю-кх тхан тахана».
Австри Европехь уггаре дукха нохчий беха мохк бу. Цундела цигарчу кегийрхойн некъех, хотΙах лаьцна дийцар дийхира оха Казбеке.
Казбек: «Соьца баьхкинчу кегийнахах верриг а цхьаццанхьа доьшуш ву. ХΙора а дешарца шен-шен агΙо а лаьцна схьавогΙу. Цигарнаш, вошах а кхеташ, дика дΙаΙаш ду тхо-м,Делан къинхетамца. Кхуллуш нохчийн диаспоран цхьацца керла меттигаш а ю, дика Ιаш ду».
Австрера арабовлуш кегийрхой деккъа ши куьг а лаьцна ца баьхкина конференце. Дуккха а даймахкана пайде ойланаш а ю церан нийсархошна йовзийта лерина.
Казбек: «Соьца еъна ю цхьа йоΙ, Исханова Хеда, цо кечйина доклад ю, иза немцойн маттара оьрсийн матте йоккхуш воллу со, и йоьшуш чΙогΙа самукъа а дуьйлу сан. Хιунда аьлча, цхьамма яздина дΙаделла йоза дац иза, цуьнан шен ойланаш ю.
Цо дуьйцу, шена даймахкахь ишколаш яхка лаарх а – экономист а, юрист а хир йолуш ю иза – дарбан цΙийнаш дахкар а, цΙахь хΙун дича дика хир дара а. Вайн мохк лар а беш, махкана зе а ца деш долу хΙуманаш даржор. Энерги муха яккхалур яра Нохчийчохь, хьехадо цо.
Вайн мохк – маьлхан мохк бу, Ингалс-мохк санна даима а кхоьлина а боцуш. Малхах пайда а оьцуш энерги яккхар дуьйцу цо. И пайде хир а дара, луларчу гΙалгΙашна а, гуьржашна а, дагестанхошна а йохккал а яккхалур яра энерги. ...Кегий бу уьш, амма вуно хаза ойланаш ю церан. Шайн декхар ду, боху цара, Нохчийчоь хазъян».
Даймахкахь лелла а, лелаш йолчу а харцонех ойла а йо жимчу цкъоро. Нийсо къовсар тΙамца доьзна хила деза аьлла а ца хета Европерчу къона нохчашна.
Казбек: « ТΙамо хΙун до хаьа вайна, даима а тΙемаш бина а девр дац. Уггаре коьртаниг, хьекъалций, дешарций некъ дΙакхехьар ду. Кхузара Ιалашо ю кегийнахе дΙакхачор: шу, уггаре хьалха, шайн махкана пайде хила дезаш ду, дешарца а, дин, гΙиллакхаш диц а ца дарца а, и дерриг а юхадахьа дезаш ду даймахка, иштта дуьйцу оха кху конференцехь.
Тоьаш дац деккъа цхьа дешар а эцна дΙавахар а, нохчалла, гΙиллакх-гΙуллакх а, дин а хьоьца хила дезаш ду. Уьш а доцуш хьо цΙавахча а нийса хир дац, вайгара масал схьаэца дезаш бу бухара нах. Иза дуьйцуш ю-кх хΙара конференци доккхачу декъанна».
Аюбхан веъна Таллинерчу конференце Германера. Шайн декъах а , цхьанакхетаран шаьш кхеточу Ιалашонех а, даймехкан хиндолчух а ша кхеториг иштта довзуьйту цо.
Аюбхан: «Тхо хаза а хеташ даьхкина кхуза. Барт бу кхузахь. Ткъа барт боцу цΙа даьгна, олуш ду вайн дайн кица. Вайгара оьшуш дерг хΙун ду? Вешан Нохчийчоь паргΙат яккхаррий, цΙа а дахана, мехкан дай хиларрий, ненан мотт а буьйцуш, дайн гΙиллакхаш тΙехь чекхдовларрий.
«Даймохк паргΙат баккхар» бохург дац герзашца и дан деза бохург. ХΙунда аьлча, мостагΙ воккха ву, герзаца вай том бича а. Хьекъалций, кхетамций, лелаш долчу дуьненан низамашций чекхбаккха беза и некъ. Ткъа бакъо, массо а агΙор хьажича а, вайгахьа ю. Иштта хила деза, аьлла, хета-кх суна».
Нохчийн мухΙажирш, Европехь санна дукха бацахь а, алссам бу Ιаьмиркан континента тΙерачу пачхьалкхашкахь а. Канадера веъна Тарамов Рахьман. Цо а довзийтира шайн цигарчу нохчашкара хьал.
Тарамов: « Канадехь вайнах 300 ву, бахарехь.
ТIетаьΙΙина болх беш нохчийн диаспора а ю цигахь. Комитет ю нохчийн берашна мотт а, гΙиллакхаш а Ιамош. Кхечу пачхьалкхехь а боцуш, шайн цΙахь болуш санна ду 3-4 шо кхаьчначу берана нохчийн мотт хаар а.
Аьтто луш ду Канадехь демократи юьззина хилар. Кегий къаьмнаш цигахь Ιалашдо, царна массо а оьшург латтадо, цаьрга шайн мотт, гΙиллакхаш ца дицдайта. Массийтта меттехь хуьлу тхан цхьанакхетарш, лаххара а кΙиранах цкъа. Уггаре дукха вайнах Торонтохь бу. Къезиг делахь а, цΙахь долуш санна хета тхуна тхо».
Таллинерчу конференцино шегахь кхоьллина ойла а йовзийтира Рахьмана. Ша Таллине конференце кхача араволуш сатийсинчул а алсам хазнаш дайна шена цига гулбеллачу нохчийн кегийрхошлахь, аьлла а дийцира Рахьмана.
Тарамов: « Со кхуза вогΙуш, суна моьттура, сайна Нохчийчу кхаьчча санна хетар ду. Ткъа схьавеъча гин, кхин а гΙиллакхе, оьзда, Ιилманца чΙагΙбелла, цΙена ненан мотт буьйцуш кегийнах.
Массо а меттанашкаш бист хуьулш бу хΙорш, Австрернаш – нохчийн а, немцойн а, Францернаш – нохчийн а, францойн а, Ингалсарнаш – нохчийн а, ингалсан а меттанашкахь, иштта кхидΙа а. Ткъа вовшашна юкъахь оха нохчийн мотт бен ца буьйцу кхузахь».
Таллинера Нохчийн кегийрхойн дуьненаюкъара конференци дΙаяхлур ю кхин а кхаа денна. Цуьнан коьрта Ιалашонашкахь ду даймахкарчу кегийрхошца зΙенаш карор а, уьш чΙагΙъяр а.