Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчуьра дахар синтемечу хорша а дирзина, мацца а цкъа шаьш Даймахка юхадоьрзур ду-кх аьлла ойла кхобурш кIезиг бац Европехь дIатарбеллачу вайнахалахь. Бакъду, къамеле баьхча, Iар-дахарехь, лоьралла биста кхаччалц, хьашт-дезарш листар дагардича, царна бахьанаш дукха карадо цIа ца бахка.
ТIаккха гучудолу Оьрсийчурчу хьелашца дуьстича Европера дахар кхиъна хилар а, нийсонан, бакъонан бух тIехь хилар а, адамийн терго яр, бала кхачар лакхарчу тIегIанахь хилар а. Цундела сиха бац вайнах Европана пе тоха боху, 11 шаре а ваьлла Норвегехь вехачу Шелан кIоштарчу Хьасана.
Хьасан: «Европера дахар вон дац, чIогIа дика ду. Кхузахь массо хIуманна тIехь аьтто алсам бу. Нийсо, бакъо ларьяр кхузахь могIарера гIуллакх ду. Вайнах дукха хена дуьйна хьийзош ницкъ беш схьадеъна къам ду, ткъа Европа кхиъна, массо хIума а нисделлла меттиг ю».
Нохчашлахь уггаре а хьалха Францехь ваха охьахиинчех цхьаъ ву Теркйист кIоштера Хатаев Муслим. Гергарчу нахаца марзо эций, йиша-вешин кошан тIе хIоттий бен кхин бахьана дац гуттаренна а цIа верза боху Муслима.
Хатаев: «Гергара нах ган, хьомечу нехан кошан тIехь хIотта вогIу. И бахьанаш ду цIа ван суна уьш кегийра бахьанаш а ца хета. Бакъдерг дийцича, дарба лелор маьхза ду бахахь а маьхза дац… Болх нисбелча а луш долу алапа вуно ледара ду. Цара луш кепекаш юург-мерг мехашка хьаьжча а, бензин, салярка дотта воьлча а ца тоьу. Циггахь дика алапа а догIуш баха Iемина болу нах кхузахь баха ца ло. Царна хала ду».
И меттиг нисьелла 5-6 шо даьллехь а, тахана а дукха нахана бакъ ца моьтту Францера исс меттиг йолу хIаваан кема а даийтина Бислан гIала цIеххьана цамгар карзахъяьлла Муслиман кIант кеманахь Франце дIавигар. Цуьнан цамгарх доладелира тхойшиннан къамел.
Хатаев: «Кхузахь ярташкахь чан-хIума чIогIа ю. И ца лайнера цо,гарехь. ХIинца чIогIа дика ву кIант. Нисса шо хьалха чолхе операции йина цунна- пехаш хийцина. 12 сохьтехь дахделира и этIор. 300 эзар евро мах болуш яра лоьраша йина операци. Чолхе хиллехь а сиха товелира иза. КхозлагIчу дийнахь араваьккхира реанимаци чуьра.
Соьца Европерчу а, Оьрсийчуьрчу а дахарх къамел хилла Теркйист кIоштара Муслим тешна ву, мичхьа вехаш велахь а, уггар мехалниг ша мила, мичара ву хаар, шен орамаш диц цадар ду аьлла. Цуьнан и хьажам бух болуш а хета.
Стенна аьлча пхи бер ду Муслиман, кхо кIанттий, ши йоIIий. Уьш Францехь дина а, кхиъна а делахь а цара массара а, олуш ма-хиллара, чIегIардиго санна шера буьйцу ненан мотт. Кхето лазаме делахь а изза ала йиш йоцу дай-наной чот йоцуш дукха бу нохчашлахь.