Ходорковский, Берлинера тоьлла хьешан цIа Нохчийчура петарх хуьйций ахьа?

Нохчийчохь тIемаш боьлхуш дохийначу цIа чуьра петаран балконна тIехь лаьтта нохчийн доьзал, Соьлж-гIала, 21Гез2007

Аша хIун мах хадабо ЮКОС компанин куьйгалхо хиллачу Ходорковский Михаила, Путина къинхетам бина, набахти чуьра аравалийтинчул тIаьхьа Берлинехь ша еллачу зорбан-конференцехь диначу дIахьедаран?, бохуш дара Маршо радионан рогIера хаттар.
«Оьрсийчоьно шена схьаьяккхина Кавказ цунах дIа ца къастийта, тIама тIе ваха а реза ву ша» аьллера Ходорковскийс.

Политикан бахьанашца чувоьллина лоруш хиллачу Ходорковский Михаилах, цо ша набахтера араваьллачу шолгIачу дийнахь дина дIахьедар хаззалц, цунах дог лезнера нохчийн. Шаьш а, оьрсийн Iедалшкара къаьхьа баланаш боцурш, хIумма а гина ца хиларе терра. Миллиардаш карахь хиллачу стеган набахтера хьелаш, аьттехьа а шайчух тера ца хиллашехь. Цхьаболчара иза цуьнан Путинах кхераваларца дузу. Вукхара, цо ша ма-варра вовзийтина, боху.

Трактор лелорхо волчу Шамадана хетарехь, тIом бан ваха дагахь волчу Ходорковскийгара жоп ца дехна. Амма могIарерчу стага и аьлла, ехха хан тоьхна, чувуллур вара.

Your browser doesn’t support HTML5

Шамад


Жимастаг Гилани кхеташ вац, ша Кавказехь тIом балла, Оьрсийчоьнах дог лозуш хилча, Ходорковский Германе вада хIунда ведда.

Your browser doesn’t support HTML5

Гилани


Лайлаъан ойла дукхах болчу, Маршо радиоца зIене бевлла хиллачу нохчех тера ю.

Your browser doesn’t support HTML5

Лайлаъ


Махкал арахьа вехачу Iимрана леррина кехат яздина, Ходорковский набахтера аравоккхуш, оьрсийн Iедалшца юкъарло лелийначу Герман пачхьалкхан вице-канцлер а, цу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министр а хиллачу Геншер ХIанс-Дитрихе. Массарна а санна, шена а, кхечу нохчашна а хазахеттера, олигарх араваьккхича.

Амма цо Кавказах лаьцна и тайпа къамел динчул тIаьхьа, ша шен ойла хийцина, аьлла.

«Берлинера пен бохийна, Махбузе Европера арадаьхьначу советан эскарша а, Советан пачхьалкхехь гулдинчу герзашца а хIаллакбина сан мохк. Нохчийчура тIамна ахча латтийна волу тIеман зуламхо лору ша Ходорковский», аьлла.