Нохчийчохь а ца лела нохчийн мотт муха лелар бу Урдунехь?

" Вай бердах доьлху", Урдунерчу сутдиллархочо Везаша кхоьллина нохчийн къоман васт

Нохчийн меттан гΙайгΙанаш, иза вай тишбеш, бицбеш хиларх орца Маршо Радионо мел дукха дахахь а, хийцаделла дац хΙумма а. Нохчийчуьрчу хьаькамашна ца лаьа ненан маттана я мехкан официалан меттан статус яла а, я цунна орцахбовла а. Цундела кхин а декъаза бу Нохчийчуьра гΙо оьшучу Малхбалерчу нохчаша буьйцу ненан мотт.




Ненан мотт а, ламасташ а, култура а хийца ца луш ца юьсу Нохчийчоьнал арахьа бехачу нохчийн. Диаспорехь меттигерчу гIиллакхаша тIеIаткъам бо нохчийн гIиллакхашна. Делахь а, арахьарчу нохчашлахь а бу вайн културан бала кхочуш а, нохчийн жайнеш доьшуш а, уьш толлуш-зуйьш, вайн къоман хотIах доглозурш.

Урдунехь нохчийн мотт гIеллуш бу, тIекхуьъ-кхуьучу чкъуро тIаьхь-тIаьхьа ледара буьйцу.

Советийн заманахь, 1970-чу шерашкахь, Урдуне лела буьйлабелллачу цIерачу нохчашна Урдунерчу нохчийн гIллакх-гIуллакхаш хIумма а хийра а ца хетара, хIунда аьлча, шаьш цIахь ма бийццара мотт буьйцуш а, ламасташ леладеш а карабора царна Урдунера нохчаша.

И хьал хIинца хийцаделла шинхьа а. ЦIерачара оьрсийн мотт дукха юкъабетта шайн къамелашкахь, ткъа Урдунерчара - Iаьрбийн мотт.


Мавалийд Самир Урдунерчу нохчийн маттах сагатдечех цхьаъ ву. Урдунера нохчийн мотт муьлхачу тIегIантIе кхаьчна, Iалаш беш хIун дан деза, аьлла, цуьнца къамел дира Маршо Радионо.

Самир: "Суна хетарехь, вай Iаьрбийн махкахь дехаш хиларна, гонаха Iаьрбий болу дела, мотт кIез-кIеззиг бовш бу, са уьйзуш бу. Вай цхьа дарба ца дахь, вай мотт а боцуш дуьсур ду. Iаьрбийн махкахь бехачара, цкъа Iаьрбийн маттахь ойла а йой, дагахь дош а кечдой, тIакха олу ша олуш дерг.

Жима волуш дуьйна цIахь а, чохь а цIенна мотт буьйцуш кхиича, юьхьанца дуьйна ойла кхоллалуш нохчийн маттахь кхоллур ю адаман. Иштта ненан мотт хьан ойланийн лай а хилла, дукха сиха керчар бу. Iаьрбийн маттахь ойла а еш, нохчийн мотт бийца гIертачарна билла бехк а бац - тIетовжа хьостанаш дац царна.

Вуьшта, баккхийчара гуламашкахь сих-сиха буьйцуш белахьара, мотт дика Iемар бара кегийчарна. ХIинца гуламашкахь къамел чекх даллалц Iаьрбийн маттахь до. Цхьа наггахь верг хуьлу бала кхочуш, цIенна нохчийн мотт бийца гIерташ, делахь а уьш дукха кIезиг бу.

Бакъдерг аьлча, мотт цхьа гIирс санна хIумма ю. Дагахьдерг дIахаийтичахьана. муьлхха а мотт бийцарг бен а дац боху цхьаболучара. Нохчийн маттахь хьал-де хаттар, могашалла хаттар бен кхин ца оьшу олий хета. Школаш, хьуьжарш, ца хилар ду иза.

ДегIастанахь дешнийн хазна ледара ю аьлла хета суна. Дукха оьрсийн дешнаш юкъа детта, терахьаш нохчийн маттахь ала ца хаьа, хIетте а шаьш ден къамел хаза дерзадо цара. Ткъа кхузахь Iаьрбийн дешнаш леладо. Иза ледарло ю.

Урдунерчу нохчашна Мавалийд Самира хIоттийна нохчийн меттан Iаьрба графика

Вай массо а ницкъаш вовшах а тоьхна, цхьа хIума ца дахь, цхьа-ши чкъор далале вайн мотт лар а йоцуш бовр буй хаьа суна. Ас гуттар олуш ду - мотт я бе я лелабе. Муьлхха а мотт, лелабеш бацахь, бовр бу".

Нохчийн мотт кхион гIерташ, иза Iаьрбийн элпашца язбеш, цхьа низам хIотттина Самира. И низам леладеш, Суеле-гIалахь юкъ-кара берашна нохчийн мотт хьоьхуш, курсаш лелайо цо.

Урдунера нохчийн култура хийцалуш хиларан шеко яц. Масала, Самира ма аллара, дош, Iаьрбийн маттара ша ма дарра гоч а деш, нохчийн мотт бийца гIерта Урдунера кегий нах. "Со хьуна тIе лоьхуш вара", " вайга нах беана", " со цул кхана вогIур ву", "пелугIа сахьат даьлла", иштта кхин дIа а.

Вуьшта, дукха бацахь а, нохчийн меттан а, културан а бала кхочу нах Самир воцург а бу Урдунехь.

Бети Ахьмад. 2006-чу шарахь дуьххьара арахийцира цо ша хIоттийна Нохчийн-Iаьрбийн дошам. Нохчийчохь керла жайна ара мел хоьцу, иза деша, талла тIаьхьаволу Бети Ахьмад. Ша дешначу цхьана жайнех лаьцна иштта дуьйцу цо.

Бети: "Ас дукха жайнаш дешна нохчийн маттахь. Уьш, дукхадерш, Советан заманахь яздина а, арахецна а ду. Цундела, царна тIехь бакъдерг ду, аьлла, тIеоьцийла дац. Советан заманахь советашна ма тов яздина ду уьш.

«Гезгмаша» олуш дукха хаза цхьаъ ду. Дукха хан ю ас и дешна. И яздинчо доккхачу хьуьнарца а, йоккхачу корматаллица а, цIеначу нохчийн маттахь а яздина иза. Оцу романо гойту, зама хьалха нохчийн бахам муха хилла, нохчийн хьал муха хилла.

Суна пайда хилира иза доьшуш, нохчийн мотт чIагIбелира, шарбелира, нохчийн керла дешнаш Iемира суна. Самукъане кепехь яздина ду иза. Деша охьахиъча, чекхдаккхалц, Iад ца диталуш.

Нохчийн литература хазачу, цIеначу маттахь язйина хуьлу, исторех лаьцна а хуьлу. Цу жайнаша хьалхалера зама дагалоьцу, йовза а йовзуьйту. Нохчийн дахарх дерг Iема Нохчийчоьнан арахьа вехаш волчуннамуххале а. Иштта и жайнеш дешча, цкъа делахь, мотт чIагIло, шолгIа далахь, шайн исторех дукха хIуманаш керла а долу, Iама а Iема".