Your browser doesn’t support HTML5
Гуьржийчура нохчий бехачу ПIаьнгаз-чIожан, терго ян доладелла хIинца Iедалша. Кхетта хир ду уьш социалан хьашташ кхочуш ца деш, тIехь Iуналла доцучу регионера кхачамабацарш, пачхьалкх мел ю даьржарг хиларх. Иштта хилира ПIаьнказ-чIожехь а.
Кавказан дукъан дехьа болчу шайн Даймахкара Iедалшкара а бала ца кхачаро, боккха эшам беш бу цигахь. ТIаьххьара, ши де хьалха цига ваханчу хенахь, цIаван новкъа ваьлча, урамехь, охьатоьхначу цхьана дечиган тIехь хиъна Iаш йоккха стаг гира суна. Цуьнца къамел дира ас. Иза ю Туркошвили Зарго (шен сурт даккхийта цалиира цунна). ХIара ду тхойшинна хилла къамел.
Туркошвили: «82 шо ду сан. Тоъъал йоккха ю. Хан яхна ю».
Корреспондент: «Хьан хеннара нах буй кхузахь? Бисний уьш?».
Туркошвили: «Бу дера. Сол баккхий а хира бу. Кху чуьра верг а сан хеннара ву. Бу дера. Сол баккхий нах».
Корреспондент: «Шун дайша муха дуьйцура: шу муха кхаьчна кхуза?»
Туркошвили: «Суна хууш дац иза. Кегий тхо долчу хенахь дагахь а дацара суна иза хатта деза аьлла. Ткъа даккхий хилча, иза хатта стаг висна а вац».
Корреспондент: «Хаза Iалам а долуш, хаза меттиг ю хIара».
Туркошвили: «Дика мохк бу хIара. Къелла ю. Бехарш кIезиг бу. Доцурш дукха бу. ХIума даккха хала ду. Тешаме меттиг ю хIара. Хьайн наб яр бен ца дезаш, паргIат меттиг ю хIара.
Хьалха яра белхан меттигаш. ХIинца уьш яц. ХIинца и белхаш дIадукъаделла. ХIинцалерчарна къахьега ца лаьа. Тхо, къа а хьоьгуш, пенси дахна. Мел долу хIума аттачу даьлла. Чохь охьадогIуш хи ду. Оха вуно генара кхоьхьура иза.
ХIинца лазарш а ду нахехь. Болх бар, хьацар далар дика ма ду. Хьалха оха болх бора марс тухуш а, аренаш лелош а. Наха болх бечу хенахь, гIантахь хиъна Iаш пондарча хуьлура. Вота тухуш хуьлура. ХIинца и лелош верг махках а воккхур ву наха».
Корреспондент: «ХIинца дIадаьккхина иза?».
Туркошвили: «ДIадеккхина и хIума джамаIато. Къилахь ду боху. Суна-м дика хетара уьш. ХIинца а хета. Сан ненада вара Килай бохуш. Иза волчу оьхур цхьа нохчий. Цара олура цуьнга: цхьа зама йогIур ю вайна, дех кIант хуьлуш, кIантах да хуьлуш, ненах нус хуьлуш, несах марнана хуьлуш, дин дохош, цунна дуьхьало еш нах а болуш. Иштта, дин дохош болуш бу-кх нах вайна».
Корреспондент: «Дукха цIенош го-кх суна кхузахь деса. Нах дIабахна царна чуьра?»
Туркошвили: «ДIабахна бу цхьаберш. Москох а бу. ХIара хIусам сан ю. Чукхета гIерташ ю хIара а. Сан маттах а шу кхеташ хир дац. Со хьан маттахь кхета. ГIалгIайн маттахь ца кхета со. ХIинца кхузахь мIаьйстой, кху Омала чохьий мотт кхечу тайпан бу. Лакхахь тхан меттигашкахь мотт цIена бу.
Гуьржийчохь бехачу кистойн терахь 12 эзар цакхоччуш ду. 59 фамили лелош бу уьш, Гуьржийн «швили» а «дзе» чакхенехь а долуш. Сатийсамца хьоьжу уьш, шай Даймахкаца уьйраш карлаяларе. Уьш хилча, дайн гIиллакхаш а, ламасташ а чIагIлур дара аьлла хета царна.