Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь "Нагахь со полисхо хилча" цIе йолу шайна хетарг яздеш бу Ножай-Юьртан кIоштарчу школашкара дешархой. И акци вовшахтоьхнарг ю "Диалог" цIе йолу Оьрсийчоьнан президенто ахча делла Нохчийчохь болх беш йолу юкъаралла.
ХIоьтинчу масийтта хьолан мах а хадийна, полицин белхахой шаьш хилча шаьш хIун дийр дара бохучух лаьцна яздан дезаш бу дешархой.
Цара яздинарг цкъачуна кхоччуш теллина даьлла дац. Амма и акци вовшахтоьхначара дийцарехь, бераша, хьул а ца еш, йовзуьйту шайн ойланаш.
Иштта, цхьаболчу дешархошна хета низам дохийначу кхиазхошна дан догIу таIзар дукха мела ду аьлла. Уьш тешна бу таIзар луьрча даккха дезаш хилар. Цхьана кIанта яздина, масала, бахархошна кхаъ бала безара, низам дохийна хиларх лаьцна айкхбевллачарна аьлла.
"Диалоган" куьйгалхо Аюбова Лайлаъ тешна ю, цу тайпачу акцеша бахархойн уьйраш чIагIйеш хиларх, къаьсттина ницкъаллин структурийн белхахойн а, тIекхуьучу кегийрхойн чIуран а.
Амма кхин ойла йолу нах а дукха бу республикехь. Масала, шен фамили йовзийта ца лиинчу Iела цIе йолчу стагана хетарехь, цу тайпа тесташ яро гойтуш ду нохчийн юкъаралла галъяьлла йоьдуш хилар.
"Барашна хаьа, республикехь лаьтта хьал тидаме а оьцуш, муха жоьпаш дала деза. Царна вуно дика хаьа и жоьпаш Iедална товш хила дезий а. Цуьнца цхьаьна, наггахь а хир вац царах, ца хууш полисхоша лаьцна дIавигна стаг, наггахь а араволуш ца хилар, полисхошкара дегIах чхьонкар а ца кхеташ", - дуьйцу Iелас.
Махкахь бан болх боцуш дукха адам хиларна кегийрхой, берш аьлча санна, ницкъаллин структурашка балха баха лууш бу. Полисхойн алапа лакхара ду. ТIехула тIе, тIеман барзакъ а доьхна, хаьнтIа тапча а оьллина, ша арваьлча гонаха болчу наха ша лору аьлла хета жимачу стагана.
Дукхахаберш оцу Iалашонашца полице балха боьлхуш хиларна ларам бац церан республикехь. Адамаш хьийзор, кисина наркотикаш кхиссар, харц бехктакхаман гIуллакхаш кхоллар могIарера хIума ду Нохчийчохь. Цуьнах цецволуш цхьа а вац.
Кхин кIорге ца кхийдича а, юкъараллан жигархочуьнца Кутаев Русланца, журналистаца Гериев Жалавдица я бакъонашларъярхочуьнца Титиев Оюбаца хиллачуьнга хьаьжча а, гуш ду иза. Уьш бехке бина наркотикаш лелорна. Кутаевс 4 шо дакххина колонехь, Гериев хан токхуш ву, ткъа Титиев чуволла кечвеш ву, талламан изоляторехь а латтош.
Республикехь кIезиг нах хир бу и кхо стаг бехк боцуш хьийзийна аьлла ца хеташ. Бахьана а хууш ду. Иза политика ю. Амма и харцонаш лелош берш бу Ножай-Юьртан кIоштарчу дешархоша ларамца хьехош болу полисхой.
Таханлерчу денна республикехь ву 11 эзар полисхо. Кхин а 6 эзар царах 2017-чу шарахь дехьаваьккхира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кхоьллинчу Росгварде.
ТIекхуьучу чIоро полисхойх лаьцна вуно кIорга ларамца яздеш хилар тидаме эцча, церан могIарш нилха девр ду ала хала ду Нохчийчохь.
Кхин цхьа хIума а ду. Ницкъаллин структурийн могIарш дуза луурш цхьана Нохчийчохь хилла ца Iа. Оьрсийчохь бехачу нахана лаьа шайн берех а, берийн берех а полисхой а, ФСБ-н белхахой а, кхин йолчу ницкъаллин структурийн декъашхой а хилийта.
Иза гойтуш бара 2017-чу шарахь ВЦИОМ олучу Оьрсийчуьрчу юкъараллана хетарг толлучу центро бина таллам. Цу талламца а догIуш, шайн бераш а, берийн бераш а арме а, инарлан прокуратуре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, ФСБ а балха бахийта луур дара шайна аьлла жоп делла 53 процент Оьрсийчуьрчу бахархоша.