Кемеровохь хиллачу бохамо синтемах бохийна Нохчийчуьра дай-наной

Your browser doesn’t support HTML5

Кемеровохь хиллачу бохамо синтемах бохийна Нохчийчуьра дай-наной

Кемеровохь хиллачу бохамо дуккха а хаттарш а, кхерамаш а хIиттийна кхечу меттигашкахь шортта самукъадаккхаран а, махбаран а центраш йолчу. Мел долу адам телехьожийлашка оцу гIалара тIаьххьара хаамашка ладугIучу хенахь, Соьлжа-ГIалахь а цIе елира 12-зза тIекIалдинчу цIенна. Иза дукха сиха дIаяйъира. Белларш, лазийнарш а бац цигахь.

И гIишло, Гранд-Паркана 20 метар хиллал уллехь хиларо боккха кхерам кхоьллинера цу чохь болчу нахана а. Цундела, сихонца арабехира уьш, цхьа а чохь ца вуьтуш. Доьхнарг дара и самукъадаккхаран кхерч гIалин юккъехь хиларна, машен хIоттон меттигца къелла йолуш, наха гобаьккхина хIиттайо машенаш хилар. ЦIеяйъархойн машенаш халла бен ца кхечира цига. Кхийолу машенаш дIайохуш наха шаьш гIо дира, куьйгашца ийъеш а, дIатуьттуш а паргIат яьккхинера меттиг.

Тахана Нохчийчуьрчу Iедало дIакхайкхийна дац оцу Гранд-Паркехь а, Грозный-Ситехь а, кхечу цу тайпа меттигашкахь кхерамазалла теллина аьлла. Иза ца дича, шаьш баха хIуттур бац боху цхьаболчу наха.

Ша хьалха а реза яцара, ткъа тахана-м аьттехьадохуьйтур дац ша бераш классаца ишттачу меттиге, элира Соьлж-ГIалин яхархочо Абубакарова Иманис: «Оцу дай-нанойн дегнаш лелххал бохам бу и хилларг. Иза хазале а яцара со сайн бераш школерчаьрца цхьанхьа дахийта реза. ХIинцачул тIаьхьа-м дохуьйтур дацара ас уьш цхьанна а метте. Бераш, цIе ялахь а, хIума хилахь а, цIе яйъа а, чуьра арадовла а меттигаш йоцуш чоьнаш ю-кх церан цигахь бераш ловзуьйтуш».

Махбаран а, самукъадаккхаран а дукхачу центрашкахь берийн меттигаш уггаре а лакхарчу гIатташ тIехь хуьлу. Цундела оцу Кемеровехь иштта дуккха а нах белла. Ах сов шо хьалха дагадогIу Соьлжа-ГIалахь Гранда-паркехь 3 гIат тIера жима кIант чу а воьжна валар.

Кхерамазалла лакхаяккхархьама берийн меттигаш уггаре а лахарчу гIатташ тIеяха еза, аьлла хета шена боху 4 берийн дас Соьлжа-ГIалин вахархочо Саламов Абубакара: «И самукъадаккхаран центраш вайн цIахь схьайоьллуш ю: Грозный-Сити, Гранд-Парк а кхин а, кхин а. Соьга хаьттича, иштта меттигаш еш хилча, лахахь хила еза, массийта араволийла а йолуш».