Your browser doesn’t support HTML5
Дуьххьара иза гIаравелира, нохчашна уггаре а хьоме а, муьлхачу стеган дог тохадалуьйтучу иллийца. «Нохчийчоь» цо даггара дIа а элира. Дуьххьара иза оьрсийн тоба ю аьлла язйинера социалан машанехь. ТIаьхьо къаьстинера иза ша а кавказхо, адыгей вуйла. Цул тIаьхь, нохчиийн дуккха а эшарш лекхна цо, амма «Нохчийчоь» къаьстина дагахь лаьтта шен, иза дуьххьара йолун дела, аьлла дийцира артиста Маршо Радиога.
Апанасов: «Нальчикерчу санаторешка дуккха а нохчий а, гIалгIай а богIура. Со деца цига уллехь вехаш вара. Цига а доьлхий, концерташ лора оха. Тхайн аппаратура а яра тхан. Царна чIогIа тайнера тхо. Тхоьга дийхира цара «Нохчийчоь» олу илли ала аьлла.
Ас Iамийра иза. Делкъале дIа а элира. ХIинца тхо миччахь хилча а, оха дIаолуш ду и илли. Китайхь концертехь а элира. 3 эзар хьажархо китайхоша а чIогIа тIараш детташ тIеицира иза. Иза сийлахь илли ду. Муьлха мотт ахь буьйцуш балахь а, чIогIа тIеоьцу иза наха».
Шен нохчийн эшаршка безам бахийтинарш а, цIерашца схьабуьйцу Апанасов Астемира. Уьш махкахь а, дозаналла арахь а бевзаш болу артисташ бу. Царах цхьаболчарца доттагIалла а лелош ву иза хIинца.
Апанасов: «Нохчийн къона артистийн кхолларан тIехь кхиъна ву со. Сагаипова Макка а, Далдаев Шамхан а, Ташаева Марьям а, Хьава а, Дадашева Тамара а, Гадаев Валид, Расаев Хьуьсейн а. Церан эшарш тIехь хьалакхиъна со, цундела лар йитина. Со тIевоьгIу шена нохчийн мукъамаша.Шортта доттагIий а бу сан нохчий. Цкъа кхайкхира со Нохчийчу. Ас дIаэлира илли. Царна хазахийтира. Ас кхин цкъа а элира. ТIаккха а хазахийтира. ТIаккха, хьо дIа кхойкхуш хилча, кхиъ дика дан лаьа хьуна. Иштта юккъеелира сан репертуаре нохчийн массийта эшар».
27 шо долчу адыгхочо Апанасов Астемира хIинца дIаолуш 4-5 илли ду нохчийн маттахь. Къаста а ца къаьста иза, нохчо ву, я вац. Хаало иза лаккхара тIегIанера говзанча хилар. «Шовдан йистехь» локхучу йишан-м цо, шолгIа дахар делла ала а мегар ду. Шен амалехь лекхна цо иза.
Апанасов: «Мел йолу эшар дика а, хаза а ю. ХIоранна шен-шен башхалла ялахь а. Амма «Нохчийчоь» цIе ерг энергетикца а, маьIнийца а къаьсташ ю. Шен историца а къаьсташ ю иза. Безамах йолчу кхечаьрца иза юьстар а тамехь дац. Иза къоман лазамех ю. «Хьо сан безам бу» йиша ас айса язйина ю.
Дешнаш а, мукъам а ас язйина бу. Суна чIогIа еза хеташ ю иза а. Кантаев Мусас язйина «Шовдан йистехь» олург а чIогIа ю. Иза суна езаелла Расаев Хьуьсейнас дIаолуш. И йиша а ю чIогIа хаза, шен кIорге йолуш. И санна йолу эшарийн маттах ца кхетахь, цуьнан мукъамо дIаолу ша дерриг. Цу юккъахь ю, кIентан йоIе йолу йовхо. Со иллиалархо волун дела, сан бакъо яц, нахана хьалхахь а хоьттина, цхьа а Iалашо йоцуш дешнаш баха. Суна хаа, хьанах, стенах ду уьш».
Халахетарца билгладоккху адыгей Апанасов Астемира, шен къоман культурехь дерг. Оьрсийн культурера Iаткъам ловш ю аьлла хета цунна. Ткъа, нохчаша, мелхо а шайниг лардина, бохуш кхин дIа а дийцира цо.
Апанасов: Оьрсийн культуро, тхан культуран Iаткъам бина. Иза пондарехь а, дIаолучу мукъамехь а къаьста. Оцу тIегIанехь нохчаша ларйина шайн къоман башхалла. Баккхийчарна хьалхахь эха хета оьшуш хIума дац. Адыгийн а, нохчийн а ламасташ 99 процентехь цхьанайогIуш ю. Со нохчийн къоман музей вахча, суна цигахь гинчу духаро а, гIирсо а шеко ца йитира, иза вайн цхьаъ хилар. Оццула дукха шераш хьалха иза хиллехь а, вай вовшех схьаоьцура дика мел дерг. Вай цхьатерра хилар дика ду».
Апанасов Астемира ша хадора яц боху, нохчийн къомаца, цуьнан эшаршкахула, культурехула шен тасаелла зIе. ХIора ша дIа мел олург, шен амалехь хилийта лаьа цунна. Кхечу агIора шен йиш а яц иза дан, хIунда аьлча, ша даггара лоручу къоман исбаьхьаллийн сийлалла ю иза, боху адыгей къомах волчу Апанасов Астемира.