Нохчийчохь тIаьххьарчу ткъех шарахь адамаш вовшашца кIоршаме эвхьаза девлла меттигаш дукха ю. Махкахь цхьана шарахь ерриге а чIирш Iедалша йитийтанехь а и гIуллакх кхоччуш чекхадьлла ду иза аьлла ца хета. ХIун бахьанаш ду нохчий вовшашна ишшта мостагIий санна чуччабахар?
Собар дешийн бух тIехь лаьтта, боху, хьекъалийн дешнаш, нохчех кIезга хьакхалуш хилар, гойту, дела денна аьлча санна махкахь хуьлучо. Динарг хьанна а дитахь а, ша санна волчу нохчочуьнна дита кийча ца хуьлу нохчий. Иттанаш шераш хьалха, ур-аттала кисанна дина зенах а, халонга даьллачу дашах а жоьпе кхойкху нохчаша.
Къинхетаме Iамош долу бусулба дин а, ловзадо цхьаболчара шайна бIегийла долчу агIора. Нагахь санна, ШарIо, ца магош долу хIума, Iадаташца листа дуоладо, ткъа, иза а, важа а, чехкадолуш ца хилча, Оьрсийчоьнан низамашна тIетовжа, шайдерг тIедаккха гIерта, цхьаболу нохчий.
Нохчийн, хьоле хаьжжина хийцалучу амалах лаьцна дуьйцу, Руслан цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу вахархочо.
Руслан: «ТIаьххьарчу а , хьалхалерачу а заманахь даиманна хилла ма ду и хIума. Адамийн мел йолу уьйранаш, вовшах йолчу йовхонна тIехь ю. Дукха везахь, хаза неха санна чIогIа дукха веза.
Шен накъостана а, лулахочуьнна а , шен кийрара са а дIалура долуш. Шен болу бахам а, мел долу хIума а ишшта цунна хьалхахь вахьбуьллу цо. Ткъа, цхьа дар-дацара хилча, оьгIаз дукха сиха воьду. ТIаккха, вийча а дог ца Iебаш, могI а йоьгIий хуьлу».
Цхьаннах а лечкъина дац, тIемалойн а, нохчийн Iедалхойн а вовшах болу цабезам, мел кIоршме баьлла бу. Низамхоша, шай каяьлча, бойу хьуьнхахь берш, ткъа вукхара, Iедалца болх мел бечарна а, молланашна а чIира йоькъуш ю. Цуьнца доьзна дерг кIоршме дирзина ду, аьлла хета Русланна.
Руслан: «Я бусулба динехь а, ян нохчий Iадаташца а, стаг вен аьлла, дуьйцуш дац. И стаг маьрша вацахь, иза ма ве боху. Хьайн иза мостагI валахь, деле болх Iда а лой, цунна кIинтIера вала боху. Дала ша йийра ю цунна кхел. Юха а таккха а боху, нохчий сиха хиларо, хIара тIемаш а, хIара бохамаш а хилла Нохчийчохь. Нах Iехабалар, нах сиха хилар бахьан ду».
Iаламат дукха доьвнаш ду Нохчийчохь, шераш дIа ма доьвлнехь дийца а листа а догIуш. Гарехь, вовшах къинхетам бан а дагахь бац, дукхаберш. Нахаца хIума ма тасалахьара, бохуш лела хIинца цхьаболу даржхой а, низамхой а. Амма, карахь герз а, тIехьахь Iедал а хилча, шаьш хIуа а лело мега бохуш лела дукха низамхой. Хьалха ишшта дацара, бохуш Маршо радиога дуьйцу Совета заманахь милицехь эпсар болх бинчу АхIид цIе йолчу стага.
АхIид: « Оха болх бечу хенахь, тхо халкъа лай ду аьлла балха хиттана дара. И агIо хийцаелла хIинца. Пачхьалкха хьаландайн карайирзича, церан лай хира вац со аьлла, со цIахь сецна. Ишшта кхинберш а сецна. Тхоьца юкъметтиг адамо ларйора. Оха а ларйора иза. ас низамца догIуш доцу хIума дахь, нйиса цуьнан кехат дIакхачар, уьш со волчу кхачар бен кхин юкъ яцара сан. Со эккхийна вогIуьйтура вара».
Нохчийн сиха буй, церан вовшах ларам баций бохуш дерг, бух болуш ца хета АхIидан. Бехк тахана нохчийн юккъаралла ехаш йолчу Iедалан системийн бу аьлла мах хадабира цо.
АхIид: Стаган дагах кхеттарг, тхуна а дагахь кхетара. ХIинца иза дац. ХIинца дагахь кхетарш данне а дац, кисанна кхетар бен. Ткъа, кисанна кхеташ долу хIума, ледар хуьлу. Адамех доьзна дац и хIума. Аада дехачу Iедалан системах доьзна ду иза. Нохчий вовшах дика уьйранаш а йолуш схьабогIуш бу».
Нохчийн юкъметтигаш, чолхе хилар гойтуш, цхьа масал ду, дукха хан йоцуш хилла, дало мегар долуш. Соьлжа-гIалана йистехь дIатаръеллачу цхьана юьртахь, 10-15 шо хьалха, хIета цхьана Iедалан герзхойн коьртехь хиллачу стеган дукха хан йоцуш неIарга баьхкина дов дIахьедан нах. Оцу хенахь, цо а, цуьнан тIехьхиттинчу наха, тиша эчка а эцна, иза дохка йоьду, цара дIаяьккхинчу машенан долахо хилла царна хьалхаваьлла.
ХIинца, иза ша а Iедалехь ву дикачу меттехь балхахь. Шен машен а, цу тIехь хилла долу эчка а, хIета царах лун болу мах хьов, шен къамелаца оцу хенахь йинчу гIелонах а, теттина мах вахьбиллар тIедожийна цо. Тахана дика дуьйцу ша, ткъа оьшахь, кхечу, агIора, нийцкъаца а дан таро ю шен и къамел аьлла цо, вукху хиллачу низамхочуьнна гергарчу нахе.