Кутаев Руслан: Къуйн карахь ю Оьрсийчоь

Оьрсийчоь -- Кутаев Руслан,политолог, философ, Кавказан къаьмнийн Ассамблеян президент, Москох, Маршо Радион студи чохь, 30Тов2008, "Прессан сахьт" программехь

Кавказан къаьмнийн Ассамблеян президент а, адамийн бакъонашкахула йолчу дуьненан юкъарлонан Кавказерчу декъан куьйгалхо а ву философин Iилман кандидат Кутаев Руслан. Шарахь цкъа хIотточу Оьрсийчуьра хьал довзуьйтучу кхушарлерчу рапортан соавтор волчу цо ира критика йо пачхьалкхарчу хьолан.

Кутаев Руслана кечдина дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн комитетан рапортан дакъа шен ираллица шога а, къо а ду ала тарлуш нисделла. Шеко йоцу тоьшаллаш а далош, цо гойту пачхьалкх коррупцин "дола йирзинийла" а, халкъо гIаьттина, хьал дIа ца тодахь, экономикан а, социалан а, политикан а катастрофа герга юйла.

Дош ца кхоош йоху цо шена къуй бу аьлла хетачу Кремлан дайн а, царна гергачу а хьаькамийн цIерш. Цу тIе, ша иза дора аьлла, оцу наха шена дуьхьал кхел гIатторах а ца вогу Руслан - къу юьхьIаьржа хIуттийла дац шен цIе ма-ярра яккхарх, боху цо.

Иштта ду Маршо Радион цуьнца хилла къамел.

Your browser doesn’t support HTML5

"Iедалехь къуй бу!"