Бераш дIа ца делла АбдулаевгIаьрга хIинца а

ШолгIа бутт бу Норвегерчу АбдулаевгIеран, ИбрахIиман а, Раисин а, диъ бер, цаьргара дIа а даьккхина, берийн тергоечу Iедалан Barnevern хьукматехь кхобу.

Your browser doesn’t support HTML5

Норвегин кхелаш луьстуш ю бераш дIадахар

Оцу юкъанна, бераш тIех атта, дай-наношкара девлла тIех бахьанаш а доцуш, дIадоху Barnevern-о, цо къайлах нехан телефонашка ладоьгIу, банкашка дехкина нехан ахчанаш толлу, иза харцо ю аьлла, ши кIира хьалха Ослохь, протест кхайкхош, гулбелира дуккха а бухара а, тIебаьхкина а бахархой.

АбдулаевгIеран арз теллина лахарчу тIегIан кхело кIира хьалха. Цигахь сацамбина, бераш кIиранах цкъа гойтуш хир ду аьлла.

Маршо Радионо къамелдира берийн ненаца Абдулаева Раисица. Карарчу ханна муха ду шайгара хьал, шайн хIун дегайовхо ю доьзал кестта меттахIуттург хиларх дийцира цо.

Абдулаева: «Бутт баьлла, амма схьагойтуш дац бераш, кхело жима шиъ гойтур ду аьлла. Полиция я и берийн хьукматан йиш яц кхелана дуьхьаллатта. Цара хан ийзайо, лелориг а ца хоуьйту. Берийн а, тхан, ден, ненан а бакъонаш ю талхош. Оха бераш шайгара лачкъийна схьадахарна кхоьру. Цундела бераш тхуна гайтина дац цара».

Берийн бакъонаш демократин тIегIанаш тIехь лаьттачу муьлххачу а махкахь ларйо Iедало. Иштта лардо дай-наношкахьа долу низамаш а. Кхел а, цул совнаха Barnevern-ан белхахой шаьш а шайх кхеташ карабо шайна. Амма кхело бина сацам боллушехь, шайна бераш цкъачунна гайтина а дац, боху Абдулаева Раисас.

Абдулаева: «Дерриг а берийн дуьхьа до шаьш боху. Схьадуьйцург цхьаъ ду, тхох эшна хIума ца го шайна, дика да-нана дуйла а го, «политика ю, ма гайта боху шуна бераш», олу».

Кхело бина сацам карарчу хенахь АбдулаевгIеран шайн бершца гойла муха, маца хуьлийла ду къастош бен бац. КхидIа къаьстор бу доьзалан кхоллам дас-нанас айинчу Норвегин Лакхарчу кхело. Юьхьанца льцначу адвокатна реза а ца хилла, рогIераниг лаьцна АбдулаевгIара. Сатуьйсу цуьнан гIоьнца бераш цIадерзаре.

Абдулаева: «Селхана хийцина оха адвокат, керланиг ву хIинца. Ша ма-хьоьхху аш леладахь гIуллакх, кхелехь а, массанхьа а собаре хилахь, шина баттал дахлур дац, боху, тхан берашца дIасакъастар. Оха тахана кхеле делла берийн хьукматна арз».

Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а дуккха а дуьйцу шух бераш дIасакъасторах, ткъа кIезиг хеза бахьана толлуш. Полицино, Barnevern-о хIун бахьанаш дуьйцу, билггал хIун даьккхина шуна дуьхьал, хаьттира Маршо Радионо Абдулаева Раисига.

Абдулаева: «Мамас довдийр ду, аьлла цхьана беро школехь. Муха дов дийр ду, хаьттина. Човхор ву, соне хIоттор ву, тIара а тухур ду шена мамас, аьлла. Из аду-кх цара дуьхьалдеттарг. ТIаьхьо вукху шина беро аизза даредина, боху цара. ТIедогIучу кхаарийдийнахь полицица цхьана берашца Barnevern-о дина-дIаяздинчу къамелашка ладогIа гIур дут хо адвокатца. Берашка хеттарш муха дина, цаьргара Iехош дахна, я ца даьхна дареш, талла деза тхан. Берийн хьукматехь говзанчаш бу, цара шайна оьшуш делахь, берера Iехадой доккху оьшург».

Дуьххьара дац Европерчу мехкашкахь бераш вайнехан дай-наношкара дIадохуш. Дукхаболучийн доьзалш хан гена ялале меттахIуттуш нисло. Статистика тергалйича хаало, цкъа берех а баьхна, цул тIаьхьа шаьш шайн берийн берийн бакъонаш леррина ларъян езийла а кхетта, цхьана а хьукматийн ала хIума а доцуш бехийла Европехь нах. Массо а агIор шайн Iер-дахар теллина даьлча, шаьш шайн берийн Iуналла дан хьакъ дуйла гур ду Iедална, бераш шайн цIахь шайца а хир ду бохучух ша юьззина тешна ю, элира Маршо Радиога Абдулаева Раисас.