Хаа торучарна лиича, лаа торучарна хиича...

КIира ду Нохчийчу а кхачийна, махкахь Оьрсийчоьнан эскарша 21 шо хьалха доьза вайинчу 100 сов стеган деIахкаш юкъарчу шина коша чу дIайоьхкина. Иштта ларамза, ламаст а дохош, къиза байинарш лаьтте берзош Iаьткъина махкахошна. Ткъа муха хета иза Нохчийчуьрчу эскархочунна?..

Your browser doesn’t support HTML5

Муха го нохчийн эпсарна 111 хIаллакдина адам дIадолларх дерг

Орсийчоьнан тIеман ницкъаша, инзаре адам цец а доккхуш,мацах-мацах дайинчу адамийн цхьанаметта 111 деIахкийн чархаш махка а кхачийна дина Керлачу шеран «балане совгIат» тахана а дийцаре дечуьра охьадуьллуш дац юкъараллехь.

Церан хьокъехь Iедалан хьостанаша деш долчу дIахьедарша хьаам ца бо могIарерчу нахан. Стенна аьлча цара баххане ца боху, бехк боцуш маьрша бахархой Iожалле кхачийнарш лаха а беза,кхела хьалха хIиттош царна дан хьакъдоллу таIзар дан а деза.

Официалан кхайкхийнарг ду тIом, бехк-гуьнахь а доцчеран синош дохуш боьху хIума хилар а,лабараторехь даIахкийн зенаш дина хиларца доьзна,хIора а велларг мила, мичара ву а хиина, церан чархаш гергарчара хьаам а хуьлуш, лаьтте ерзор хилар а. Бахархойн дог-ойла,кхетам карзахбоккхуш,церан хьокъехь коьртах мел дуьйлу хеттарш жоьпаша дуьсуш ду.

Царалахь мехалниг ду,хIун-мила а ду хууш, стаг кхиъал йолчу ехачу хенахь,чуьра гергарчийн самалха ца далийта Iалашо лаьцча санна, хьулам а бина стенна латтийна,хьан латтийна церан даьIахкаш?

И хаттар хIетал-метал ду могIарерчу нахана хьовх,дуккха а шерашкахь кхузахь къепе латтош гIуллакх деш болчу цхьаболчу эпсаршна а.Царех ву со цIарца вийца хIуттуш воцу, Сайди аьлла хийцина цIе тиллина эпсар. МогIаречу салташа муха кхетадо оццул хенахь мичахь бу а ца хоуьйтуш беллачеран даьIашкаш латтор?

Сайди: «Сан хьекъалехь и муха хила деза, кхеталуш дац! Уьш мичара бигина хилла, маца бигина латтийна? ТIеман нах ма бац уьш. Уьш маьрша нах ма бу лецна дIа а бигна хIаллакбина. И гIуллакх талла а теллина, хьан бигна, хIун ду,талла а теллина таIзар дан дезаш хIума ду-кх иза,бехкениг милла велахь а».

Маршо Радио: Адам цецдуьйлург хIун ду. ХIан бигна,доьза байина. Уьш байина дIабаьхна хилча оццул хан яллалц уьш стенна латтийна,гергарниш бIарз а бина, церна са а дууш.Цаьрга сатуьйсу хийла да велла-кх! Уьш стенна латтийна кхета ца ло-кх нахе? Эпсаршлахь хIун дуьйцу?

Сайди: «Муьлххачу а лартIахь волучо лур долу хаттар ду-кх иза, стенна латтийна хIинццалц къайле а йина? Мел хан яьлла? Уьш латтийнехь бехкенаш жоьпе беха богIу. Адам гIаьттина а жоп деха деза. Бехке бу аьлла, сацам ца хилча, царна кхел йойла а ма дац. ТIаьхьакхиа лаахь, чехка тIаьхьакхуьур бу. Къамел а дац. ТIеман дакъош мичахь, маца лаьттина хууш ма ду. Бух боцуш Iедалан хIумма а дан а ма дац.

Омранаташ ю, эскарш ду, муьлш, мичахь, мича сохьтехь, муьлхачу дийнахь лаьттина - дерриге а хууш ду. Бала кхача беза. Ур-атталла муьлха пост мичахь лаьттина гойтуш кехаташ, баххаш ма ду. Делан къинхетамца цара и чархаш схьаелла. ХIинца зераш дичхьана, уьш муьлш хилла хуур ду, тIаккха мичара бигина гучу а дер ду, цул тIаьхьа хаа луучунна уьш хьан бигина а хуур ду-кх».

Нохчийчу схьакхачийначу адамийн чархех къамел диначу эпсарна Сайдина хетарехь Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчаша кхин дIа йолчу ханна а маьршачу нахана тIехь ишта эрадоккхур дац аьлла, чIагIо ян хала ду.

Цундела хета цунна тIаьхьалонна вуно мехала а,ца дича ца долуш,куьгг бехкениш муьлш бу а хиъна,кхечу пачхьалкхашкахь санна, кхела хьалха хIиттор. Сайдина моттарехь тIаккхий бен дегайовхо хир яц,кхин ишта доза доцу къизалла,аккхалла къомана тIехь лелор яц аьлла.

Бакъду, тахана тергаллучу хьолаца Оьрсийчохь, тIамах бахьана а дина,шайггара кхел еш, адамаш дайина эскархой а,царна и магийтина буьйранчаш а лохур а бу,жоьпе ийзор бу бохучух Сайди ша а ву кIезиг тешаш.