Оьрсийчохь ца тайна турпалалла

Урданерчу суртдиллархочуьнан Везашан сурт.

1819-чу шарахь Дади-Юрт йоккхуш кхелхинчу мехкаршна хьажийна дагалацаман комплекс схьайиллина Нохчийчурча Гуьмс-кIоштахь даханчу КIирандийнахь. И хилам тIебоьгIнера республикехь даздеш хиллачу нохчийн зударийн денна. Амма хIоллам схьабеллар дIоггара ца тайна Оьрсийчурча зорбан гIирсашна.
Кавказхошка болу цабезам лахлуш ца хиларал сов, и бахьанехь йолу меттигерчу бахархойн дог-ойланаш сийсаш хилар гойтуш дукха хIуманаш ду Оьрсийчохь. Нохчийчоь лерринчу тидамехь ю Iоттар ян кийча болчу журналистийн. Цхьаболчу хаамийн гIирсашкахь иза редакцийн политика а хилла дIахоьттина.

ДIадаханчу мукъачу деношкахь республикехь шуьйра даздира нохчийн зударийн де. Оцу юккъадогIуш дара Гуьмс-кIоштахь, Дади-юьрт хиллачу меттигехь оцу эвлара майралла гайтинчу мехкаршна лерина хIоллам схьабеллар.

1819 шарахь ягийначу Дади-юьртара 46 йоI йийсаре а лаьцна дIаюьгуш хилла оьрсийн эскархоша. Амма мехкарийн бекхам беш салттий а луьйцуш хи чу лилхира. Шай сий лардеш цара гайтина и майралла тахана а, махкахь уггаре а лерамечарах ю.

Ша хIоллам, 1990 шарахь схьабиллина бара. ХIетахь цигахь, басех дIахоттина массийта чурт бен дацара. 2009 шарахь и хIоллам табира, амма, хIокху шарахь, цу юкъахь бIов а хIоттош, гонах, синтарш а дуьйш, серло а ялош, тайинера и меттиг.

Нохчийн зудчуьнан денна, лерина долу даздарийн коьрта кеп цигахь дIаяхьира. Iедалан амалехь ма хиллара, совгIаташ а, сийлаллийн кехаташ а дIасадийкъира цигахь. Цул тIаьхьа сагIа а даьккхира, зуькарш а дира.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь, Нохчийчура муьлхха а хаам, чекхаболуш бу, цунна дукха башха таллам а ца беш, амма, нохчийн зудчуьнна дезчу денна, царах цхьаберш кечбеллачух тера дара. Масала, «РБК» цIе йолчу Интернет-агенталло и хаам шен амалехь баржийра. Оьрсийн эскархой байинчу нохчийн зударшна леррина хIоллам схьабиллина Нохчийчохь, аьлла могIанаш бара коьрте баьккхина.

Ткъа, уьш маьрша нах хилар а, шай сий ца дайитархьам цара иза дина хилар тидаме а ца диллинера. Оцу агенталлан хаамийн сервисан Сироткин Кирила цIе йолчу белхахочуьнга хаьттира аса, хIун бахьана дара и хаам цу тайпа хIотторан аьлла. Цо ишшта жоп делира.

Сироткин Кирилл: «Шуна хетарехь, цигахь бакъ доцург ду? Суна билгала хаа, и материал, и тема дика йоьвзучу историйн Iилманан кандидата язийнийла. Нагахь санна, цхьа доцург далахь, дийциша тхоьга. Шуна хетарехь, кхузахь акцент нийса хIоттина яц? Суна моьттура, кхузахь историйн фактех лаьцна дуьйцуш дара. Акцент хIоттора, иза авторан хетарг ду. Автор вийца йиша яц тхан. Компанийн позици ю иза. Хьожур ву со. Нагахь санна, иза нийса дацахь, оха хуьйцур ду».

Дади-юртахь зудабераш, Дадийн Айбика коьртехь а йолуш, гайтинчу майраллан, Нохчийчохь, лаккхара мах хадош хIума ду, амма цхьаболчу нохчийн историкашна, иза, мехка дозанал арахьа хьов, оцу хенахь ерриге а пачхьалкхехь а лара мегаш дара аьлла хета. Къечарна тIехь, хьоладайша а, элий бу бохучу наха а, оцу хенахь латтош хилла къизалла тидам эцча-м муххале а боху историко Демилханов Сулеймана.

Демилханов Сулейман: «Дадийн-юьртахь зудабераш гайтина йолу майралла а, доьналла а, доккха маьIна долуш хIума ду. Нохчашна хилла а ца Iаш, иза масалла хила дезаш дара Оьрсийчоьнна а. Оцу заманахь лайн бакъо олучу низамехь ехаш хиллачу пачхъалкхехь, элий бу бохучара, шайна луург деш хилла шай долахь болчу лайшца. Шайна луучу агIор хьийзош а, лелош а хилла цара, мехкарий а, зударий а».

Нохчийн керлачу исторехь а дуккха а бу масалле билла мегар долу турпалхой зударий. Уьш тахана шуьйра бийца а, уьш базбан а йиш яцахь а, оцу зударийн бахьанца Нохчийчоь мацаллах ца елла, хийла жима стаг, вен вуьгучуьра кIелхьарваьккхина бохуш, кхин дIа а дийцира историко Демилханов Сулеймана.

Демилханов Сулейман: «И санна долу доьналла а, майралла а долуш зударий 1990-чу шерашкахь буьйлабелчу тIемашкахь а бевллера. Хийла цара дукха нах кIелхьарбаьхна, дIа ца буьгуьтуш. Хало а лайна цара. Рицкъ лохуш а лелла. Шай дайшна а, вежаршна а, цIийндайшна а, улле а, тIаьхьа а хуьттий, доьналла а, майралла а гайтина цара. Дерриге а дуьненна хууш а ду иза».

Цкъацца моттало, герзашца беш болу тIом Интернет агIонашка баьлла аьлла. Гарехь, оцу а, кхечу а тасадаларехь нохчий тоьлуш сурт дац.