Лар йоцуш байна нах лохуш бац Нохчийчохь

Нохчийчоь -- Шайн лар йоцуш байна къентий лахар доьхуш бу Соьлж-ГIалахь хIара миска зударий, 30Марс2010

Лар йоцуш байна нах дагалоцу де билгалдахира кху беттан 30-чу дийнахь дерриг а дуьнентIехь. Официалан кепара Нохчийчохь вайна лоруш ву 5 эзар гергга стаг. Амма церан баккъалла а долу терахь хууш дац. ТIепаза байна нах лахар тIаьхьарчу хенахь сецна ала мегар ду республикехь.
Лар йоцуш байначу нехан дуьненаюккъерачу денна тIедоьгIна, дина Оьрсийчоьнан инарла прокуратуро дIахьедар. Оцу хьукматан, Къилбаседа Кавказехь долчу декъан куьйгалхочуьнан гIовс волчу Васильков Алексейс аьлла журналисташка, 1990 шарахь дуьйна, 2000 шо тIекхаччалц йолчу заманахь нах лечкъош дина долу зуламаш хIинца а теллина дац аьлла.

Бехк, нохчийн талламхойн а, полицин а хета цунна. Ша веррриг а хIетахь дуьйна лохуш ву боху цо 121 стаг. Царна юккъахь ву Оьрсийоьнан президентан Нохчийчохь хилла волу векал Власов Валентин а, ОРТ-н а, ТАСС-агенталлан а кхо корреспондент а, 20 милцо а, къайлахьчу сервисан ши белхахо а, кхечу пачхьалкхара 7 стаг а, ткъа иштта, Оьрсичоьнан 50 сов вахархо а.

Уьш лохуш, царах хилларг къастош меттигера низамхой болх беш бац, ткъа, и ша долу дукъ, шаьш куьйгалла дечу урхаллан тIехь ду аьлла билгалдаьккхина Васильков Алексейс.

Байначу нахана сагаттдеш прокуратура хиялахь, цунна бан шортта болх бу Нохчийчохь боху наха.

Нохчийн бакъонашларъярхошна, Къилбаседа Кавказерачу прокуроро Васильков Алексейс дина дIахьедар тамашийна хета. Цхьана юкъана байна болу нах лаха беза, ткъа вукхарна хIун дан деза бохуш, цIецваьлла ву, масала, «Нохчийчоьнан бакъонашларъярхойн центр» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхо Эжиев Минкаил.

Эжиев Минкаил: «Мел хан яьллехь а, вайна волу стаг Iедалша лаха везаш ву. Иза Iедалан декхар ду. Цу тIехь массара а болх бан беза. Муьлхачу субъектера валахь а, иза лаха везаш ву. 1990-чуй, 2000-чуй шерашкахь байна болу нах бекъа ца оьшу. ХIунда аьлча, уьш ша берш бу лаха безаш. Уьш хIокху пачхаьлкха бахархой бу. Бекъа мегар дац».

Нохчийчохь ткъа шо хьалха байна болу нах, лохуш бац бохург а бакъ ца до бакъонашларъярхочо Эжиев Минкаила. Шаьш и болх беш бу, аьлла тидам бира цо.

Эжиев Минкаил: «Оха яздеш дуккха а кехаташ ду. Амма, тхоьга, бехке берш къасталуш бац олий, кехаташ доуьйту. Бу цу юккъахь 1995 шарахь дIабигинарш а, 2000 шерашкахь дIабигинарш а. Уьш карош бац боху цара. Вай 5 эзар стаг ву вайна махкахь.

Кхузахь дуккха а тIеман дакъош хилла, уьш лаха хала дуй хаа вайна. Масала, кеман пилоташ, гIаланашна а, яьрташна а тIе бомбаш йиттинарш. Амма, онда болх бахь, цунна тIаьхьа а кхуьур бу, пилоташ а дIалуьйцур бу, танкисташ а луьцур бу, милла а валахь а лоцур ву. Вайна волу стаг мичахь ву а хуур ду. Оцу тIехь мало а ца еш, болх бан беза».

Дерриге а нохчийн къоманна тIе бехк биллина бу, махкахь, Iедал ледар хиларна бахьанца, хиллачу чолхенашна. И эладит санна долу туьйра, Оьрсийчоьнан юккъараллехь, дижа а ца дуьтуш, латтадо пачхьалкха Iедалан урхаллаша.