Охан-беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна, аьхке юккъеяххалца, Оьрсийчоьнан дIахьон долчу эскаре кхайкхаре, 150 эзар сов жима стаг юккъе гIура ву. ХIокху шарахь, Къилбаседа Кавказера кегирхой а, бу оцу эскаре бахийта мегаш.
И дIахьедар дина, шен зорбан-конференцехь, Оьрсийчоьнан тIеман министраллийна инарла штабан куьйгалхочуьнна гIовс волчу инарлас Смирнов Василийс. КъилбаСеда Кавказера кегий нах, кхийолчу регионашкахь санна кхойкхург хилар, билгалдаьккхина цо.
Цу тайпа дIахьедар, Оьрсийчоьнан тIеман министралло шарахь шозза, эскаре бигар хуьлучу хенахь до. ХIинца, инарла штабера лаккхарчу эпсаро дина долу дIахьедар, ца хаа, мел бух болуш ду, амма, Нохчийчохь хIинцале саготта бу нах. Дукхахберш, наной бу, реза боцурш.
Эльза, цIе йолчу жимчу зудчуьнна,Оьрсийчоьнан кхечу махка эскаре бахийта, аьттехь оьшуш дац аьлла хета. Маршо радиога ишшта элира цо.
Эльза: « Вай нохчийн кIентий майра а, дика а бу! Цхьанний къоманна юккъахь хира боцуш, яхь йолуш а бу. Эскаре бахарх хIумма а дацара, эрна арахь лелачулла. Цхьацца хIума а Iемара дара царна.
Амма, Нохчийчохь хила беза уьш эскарехь. Вай махкара уьш ара а баьхна, эскаре бахийта мегар дац. ТIёемаш дуьйладелчу дуьйна, вай кIенташна тIехь къизалла латтайо аренгахь. Хьалха санна ца ларабо вай кIентий цигахь».
Нохчийн кегий нах, эскаре бигахь, хаз неха санна церан могашална а, цхьайолчу меттигашкахь дахарна а, кхерам бу, аьлла хета цхьаболчу юккъаралхошна. «Ненан орц» цIе йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхо Межидова Зайнап а ю оцу хIуманна доьхьала. МостагIашна хьалхахь, церан лай хилийта гIертар ду, нохчий кегирхой цига бахийтар, аьлла дийцира цо Маршо радиога.
Межидова Зайнап: « Ас бохуьйтура бацара вай кегий нах цига. Тоьура ду, царна кхузахь тIом боьдучу хенахь гинарг а. Дуьне чу уьш боьвлчхьана дуьйна, царна гинарг хIун дара? ТIеетташ бомбанаш а, детта герзаш дара.
Дуьне ца гина царна. ХIинца а уьш, оцу керстан буйна дахийтар санна хуьлу. Вай вчохь бахийта мегар ма дара. МостагIашна юккъе муха бохуьйту уьш. Церан лайш а хилла муха лелуьйтура бу вай уьш?».
Нохчийн кегирхой эскаре бига мегаш хиларна реза воцучарах ву «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллийн куьйгалхо Бадалов Руслан а. Кегийчу нахана хала хира ду цигахь боху цо.
Бадалов Руслан: «Суна схьахетарехь, уьш буьгура бац. Бигча, суна нийса ца хета. Нохчийочхь хиллачу тIемаш бахьанеъхь вайга цабезам болуш бу эскархой. ГIелонаш а ян гIертара бу, амма, нохчаша, бакъдерг дийцича, ашй меттиг йоккхура ю. Цхьа Iаткъам боцуш хира дац иза».
Доьххьара дIа, Оьрсийчоьнан эскарехь ночхашна болу кхераман масалла а ду цхьаболчу наха далош. Тахана, Оьрсйичоьнан кхечу регионашкахь бехаш болу нохчий цхьанна а тайпа, кхерамазалла йолуш Iаш бац аьлла хета Эльзина. Ишштачу хьолехь хира бу нохчийн эскархой а, боху цо.
Эльза: «Оьрсийчохь доьшуш а, болх беш а , нах ма бай Оьрсийчохъ бехаш. Царна къизалла хуьлу. Маьрша дац царна аренгахь. Ткъа, эскаре баханчу нохчашна а хира дац атта. Сагаттадо-кх царна. Массу а нанас а дийра ду иза».
Бакъонашларъярхочуьнна Бадалов Русланан шеко яц, нохчийн кегирхоша, пачхьалкхан и декхарш, цIа дIадала дезаш хиларна. Шорта метигаш ю уьш кхузахь оьшуш хиларна, тидам бира цо.
Бадалов Руслан: «Вай цIахь уьш эскаре бахийтича, кхузахь а и хIума дан йиша йолуш ду. Махкхаь массанхьа чутеттина дукха эскарш ду. Ууьш ара а даьхна, церан метта нохчий хIитто беза. Иза нйиса хетара дара суна. Деш хIума а доцуш, кхузахь бийшина Iоьхку эскархой шай-шай цIа а бахийтина, хIума дича бакъахь дара аьлла хета суна».
Гарехь, Оьрсийчоьнан Инарла штабо, кавказхой эскаре кхайкхар хира ду бохург, къамел а хилла диса мега, амма, оцу хаамо, сингатаме яьккхина Оьрсийчоьнан нанойн комитет. Нагахь санна иза хилахь, шай мел волу декъашхо доьхьалонан акцешка арабохура бу шаьш аьлла дIахьедар дина оцу цхьанатохараллийн куьйгалло.