Нохчийчоьнан куьйгахоша сацам бина 14 эзар 200 бер Туркойчу садаIа дахийта. Цу Iалашонца Оьрсийчоьнан пачхьалкхан эцаран сайт тIехь къовсам кхайкхийна цара и гIуллакх чекхдаккха лууш болчу нахана юкъахь.
Оцу сохьтана нохчийн бераш пачхьалкхан бюджетан чоьтах садаIа хьовсош ду аьлла, орцадаьккхина вевзаш волчу блоггеро Навальный Алексейс. Иза шайн кара эцна берриг а аьлча санна Оьрсийчурча зорбанан гIирсаша.
Нохчийчурча Iедалша хIора шарахь еш йолу акци ю бераш садаIа дахийтар. Уьш Налчике, я кхечу Оьрсийчурча регионе дохуьйтучу хенахь, царна мел ледара хьелаш кхоьллина хиллахь а, цу гIуллакхан бала болуш цхьа а вацара Оьрсийчохь.
Вайна дага а догIуш, цу берийн садаIар тIаме доьрзуш меттигаш а яьхира даханчу шерашкахь. Амма тахана Туркойчу нохчийн бераш догIуьйтуш ду аьлла, онда гIовгIа яьккхина Оьрсийчура зорбанан гIирсаш.
Царна хьалха ваьлларг ву интенетерчу социалан машанашкахь жигаралла гойтуш волу блоггер Навальный Алексей. И стаг оппозицин лидерех цхьаъ лоруш ву.
Тахана нохчийн бераш садаIа дохуьйтуш ду аьлла гуттар а карзах ваьлла хьйизаш ву иза. Навальныйс шен Твиттерехь яздина ша бераш садаIарна дуьхьал вац, шена ца товш дерг уьш туркойн курорташка пачхьалкхан чоьтах доьлхуш хилар ду аьлла.
Рязан областера а, Тувара а, Бурятера а бераш садаIа дахийта аьтто бац, бохуш комментариш йо Навальныйс, Нохчийчохь хилла тIом хьахийча, Смоленскехь а хилла шен хенахь тIом олий, дуьхьало а йеш, Смоленскехь тIом бинарш нохчий болуш санна.
Цо ечу Iиттаршна реза вац Нохчийчура омбудсмен Нухажиев Нурди.
Нухажиев Нурди: «Коьртехь хьекъал долчу адамо дуьйцу хIума дац иза. Смоленски областехь иштта тIом хилла?.. Муьлха тIом бу цо буьйцург? Цо буьйцуш берг хIун тIом бу? Оцу хенахьлера бераш мичахь ду?
Шен пачхьалкхо а, шен армино а бина тIом бу хIара. Цхьа а кеп а йоцуш, цхьа а бакъо а йоцуш, цхьа а низам а доцуш. Цигахь Iадийна долу бераш ду уьш».
Нухажиевс дийцарехь, Нохчийчура бераш садаIа дахийта дойуш дерг Iедалан ахча дац.
Нухажиев Нурди: «Рамзана, ара а ваьлла, спонсорш лехна. Уьш Iедалан чоьтах дуьгуш дац. Iаламат дика хIума ду-кх иза».
Навальный Алексей оппозицин жигархо ву бохург а шеконе дуьллу Нохчийчура омбудсмено Нухажиев Нурдис.
Нухажиев Нурди: «Цхьана а оппозицехь а вац иза. Уьш сексоташ ю, шаьш ма ярра. ДIо юкъакхийсина хIуманаш ю. Шайга лерринчу сервисаш аьлларг олуш, ма ала аьлларг ца олуш. Оьрсийчохь оппозици ян а яц».