Нохчийчура бахархошна лазаме долчух ду латтанца доьзна хаттар. Муьлхха а Iедал хиларх латтанца хьарамлонаш лелош нах бовлу Iедалхошна юкъахь. Иштта латтанаш доьхкина аьлла, балхара дIаваьккхина кху деношкахь Шелковски-кIоштан куьйгалхо.
Мехкан куьйгалхочо ша дIаехьначу рогIерчу кхеташонехь балхара дIаваьккхина Шелковски-кIоштан гIантда Нутаев Хьусайн. Пачхьалкхан цIийнан хаамийн хьостано дийцарехь, цунна бехке диллинарг ду латтанаш тIехь харцонаш лелор.
«КIошташкара хьал талла леррина кхоьллинчу говзанчийн тобанна дукха тоьшаллаш карийна Шелковски-кIоштахь лаьттан низам кIоршаме талхадарца доьзна. Нутаевс ,бакъо йоцуш дукха лаьттан дакъош дIасадеккъа.Тахана иза шен даржера дIаваьккхина аьлла, дIахьедар дина Кадыров Рамзана.
Цу дарже хIоттийна Нутаев Хьусайнан гIоьнча лаьттина Дадалаев ИсмаIал. Мехкан куьйгалхо дегайовха ву, шен харжам кIоштан депутатийн кхеташоно къобалбийр бу аьлла.
Цо массо тIегIанийн куьйгалхошка а, маьхькамхошка а юха а аьлла, хьарамлонаш а, харцонаш лелаяр ша могуьйтур дац аьлла. «Хьанал кхочушдан деза декхарш.
Болх беш волу дуккха а хан йолуш, мел даладелла иза белхахо хиларх куьйгалхочуьнан гIантахь вуьсур вац иза, нагахь низам талхош, хьарамлонца хьал- бахам гулбеш велахь»,- бах Кадыровс.
ХIара карахьболу Гезгамашин-бутт Нохчийчохь сингаттаме беана цхьамогIа гIантдайшна. КIира хьалха, дукхах болчу тергамхоша цIеххьана а лоруш, Нутаев Хьусайн санна, латтанашна тIехула балхара вохийнера Теркйист-кIоштан куьйгалхо Ахметханов Султан а.
Коьртах а даьхна и латтанаш кхузахь далхош долу ахшо сов зама ю. Уьш бахьанехь балхара бохийна дуккха а юьртдай, ткъа цхьаберш, официалан дIабаьхна а боцуш, я балхахь чIагIбина а боцуш, цхьа къастамза кепехь латтош бу Iедалехь болчара.
Цу кепара ладегIамехь кхобуш,балха тIе а ца буьтуш, я мукъа а ца бовлуьйтуш 6-7 юьртда ву, масала, Теркйистехь, масех ву и саннарг Новр-кIоштахь а.