Нохчийчохь хилла йолу берийн садаIаран лагерш юхометтахIитто дагахь ду Iедалш. Цара, берийн садаIаран гIуллакх кхочуш дина а ца Iаш, бюджете ахча а дохьура ду аьлла хета царна. Амма, ялур юй-те царах, хьалха санна самукъане а, синтеме а йолу и берийн меттигаш боху хаттар дуьсуш ду.
Хьалхара тIом балле, йохийа яра Нохчийчохь мел йолу берийн садIаран меттигаш. Уьш махкахь, дукхха а яра. Сиржа Эвлахь а, Эвтрахь а, ЧIишкахь а, Соьлжа-гIалана йистехь а йолчу лагершкахь аьхка садоIара иттанаш эзарнаш бераш.
ХIинца санна, бераш, башха качдина ца хиллехь а, хIета, царна, тоам болуш хетара, шай нийсархошна юккъахь, бутт а, ши бутт хан яьккхийча. Вуониг дайшна-наношна хьоьхуш а ца хилла.
И меттигаш юхметтахIотто Iалашо ю шай аьлла, дIахьедар дина шен зорбан-конференцехь республика администратора Кадыров Рамзана. Соьлжа-гIалахь журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь цо хаам бина, гергарчу заманахь и проекташ кхочуш ян йолора йолуш ю аьлла. И гIуллакх, юккъе доьду, махкахь берийн туризм яьржарна. Ткъа, иза яьржийча, меттигерачу бюджете ахча а кхочура ду, боху цо.
Ткъа, цига даха бераш-м шорта хира дуйла хаа, церан дайш-нанойн дог-ойла йоьвзийча. Шай санна хаза жималла хилийта луурш дукха бу. Айза цIе йолу хIокху зудчуьнна къеггинйна шен жималлийн дагалецамаш беккъа оцу берийн садаIаран меттигашца боьзна бу.
Айза: «Аьхка каникулаш йолчу хенахь, лагершка садаIа дохуьйтура тхо. Массийта меттехь хилал тхъо, амма, тхан доьзалера бераш Оьвтрахь хилалчу Гагаринан цIарах ерг хазахетара. «Горный ключ» олуш йолу ЧIишкахь йолчу лагерехь а хилла тхо, амма, Гагарина гIоле яра. Дика леладора тхо цигахь. ХIора дийнахь хин тIе дуьгура. Цхьана туьйранахь санна хIума дара иза».
Луиза цIе йолчу кхечу зудчуьнна а дагах кхетта лаьтта, жималлехь берийн садIаран лагерехь ша хан яьккхар. ТIеккIала шиш баттахь садоIура ша а, шен вашас а, йижарша а бохура цо.
Луиза: «Шина баттана доьлхура тхо цу лагершка. КхозлогIачу баттахь, делха а доьлхуш цIа дахкадора тхо. Беран самукъадала дуккха ахIума дара цигахь. Яа хIума дика яра. ЦIахьчулла гIоле дара цигахь».
Ша бераш а, хаза а хеташ хIинца цига садаI бахийта реза ю и ши зуда. Луизина хетарехь, теттина харж а еш, дозаналла арахь хIурданна тIе уьш буьгучулла , цIахь долчу инзаре Iаламех пайда эцар гIоле хира дар.
Луиза: «ХIинца а и лагерьш хилча берашна дика-м хира дара. Школера шай тIехьажархо а волуш. Баттахь беро чIогIа дика садоIура дара. Антальи, кхечанахь вай бераш дуьгучулла, цIахь цара садаьIча дика хира дара. Мел хала меттигаш ю вай, ма хаза хиш ду. ма хаза лаьмнаш ду. Хьалха бераш, де аьлларг а деш а дара. Во а ца лелара».
ХIинцалера долу бераш, бакъдерг дийцича, ца хаа, муха тIеоьцура ду, къепе лаккхар а долуш, цу тайпа лагершкахь бутт а ши бутт а баккхар. Берийн амалш кхечу агIора ю, хьалха ашй хиллчуьлла, аьлла тидам бо Айзас.
Айза: «Иза схьаеллахь суна ца хаа. Берша муха тIеоьцура ду, цигахь сиз тоьхна цьана моггIе дIахIитторна а, хьаннашкахула леларна а. ГIа ш а гулдора оха. ХIинца царна мел хазахетара ду суна ца хаа. Цхьа лаам а, идеологи а хила ма еза. Уьш хилча дика-м хъира дарий хаа суна. Дикка Iуналла а долуш хилахь, дайш-наноша шайб ерша цига дохуьйтура дуйла хаа суна».
Берийн амалаш хийцаялар, Луиза, гарехь, коьрта бахьан ду, царна тIехъ, доьзалехь беш болу хьехаман белхаш ца хилар. Шай лаамехь хьалкхуьуш ду Нохчийчохь дукхах долу бераш, бохуш дийцира цо.
Луиза: «ХIинца дукхахболу наной ян балхахь, ян базаршкахь бу. Бераш шаьш цIахь ду. Цхьанна тайпа хьехамаш беш бац. Къепе дац. беро хьалха нехаш вахь ца кхуссура. ХIинца, миччанахь иза вахькхуссу. Бераш, Iама а деш, цхьанахь садаI дуьгуш хилча дика хира дара».
Совета заманахь, хилла ерш санна, и меттигаш юхметта хIотаяхь тамаш бу. Ша тайпа доттагIаллийн хIаваI дара цигахь. Коьртаниг берийн бIаьгашщ доьлура, дегнашцани. ХIинца, хIокху чолхечу заманахь,ишшта царна хьелаш дан хала хира ду баккхийчеран.