Нохчийчохь дагалаьцна бохамашкахь кхелхинарш

Нохчийчоь -- Нохчийчохь дагалаьцна бохамашкахь кхелхинарш, Соьлж-ГIала, 10Стиг2013.

Баланаш дагалоцу де дара Стигалкъекъа-беттан 10-гIа де Нохчийчохь. 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чу дийнахь вайнах махкахбахар а, Кремло Нохчийчоьнан коьрте хΙоттийна хилла куьйгалхо Кадыров Ахьмад 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь вер а дагалоцу барамаш хΙиттийра Ιедалша Соьлж-ГΙалахь а, республикан кхин йолчу кIошташкахь.
2011-чу шеран оханан баттахь дIакхайкхийна махкахь стигалкъекъачу беттан 10-гIа де вайнахана дагалацаме, балане, тезетан де хила деза аьлла.»

Нохчийн къам дохийна Сибрех хьажийна чиллана беттан 23-гIа де,ерриг Оьрсийчохь санна, эскархойн де санна даздан а дитина,и де а, ишта хьалхара президент вийна толаман де а 10-чу дийнахь билгалдоккхур ду Нохчийчохь,къоме вон деъна дагалецаме, халахетаран,балане де санна». Герггарчу барамехь цу кепара дара цу хьокъехь официалан дина дIахьедар.

Шаьш уггар дагалецаме,балане де аьлла дIакхайкхийначу дийнахь,парламентан декъашхой а,кIоштан куьйгалхой а биста кхаччалц массо тIегIа Iедалдай,Кадыров воккхачуьнан коше бовла бахна Хоси-юьрта.

Стигал къекъачу беттан 10-чу дийнахь а,и де тIекхачале дикка хьалха дуьйна а, муфтиято тIедилларца мовлдаш дешна,жижиган сагIанаш декъна, Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь а. Хан ца кхоош,цу дийнан дозаллех дуьйцуш, схьабаьхкина хаамийн гIирсаш а,урхаллехь берш а.

Телевизионехь къамелаш деш,масала,министарша а,депутаташа а къам дохийна де хьахадар доцург,коьрта декъана вуьйцуш верг ву Кадыров Ахьмад –Хьаьжа,цуьнан доьналла а,хьуьнар а,къам ирсе кхачо цо тIеэцна Iожалла а…

Хьасартне къамелаш дечарлахь цхьаъ волчу парламентан спикеро Абдурахманов Дукх-Вахас тидам тIебохуьйту 10-гIа де къастор ларамаза нисделла хIума цахилар.»10-гIа де харжар лаа дац. ен къам кIелхьардоккхуш, 2004-чу шеран 9-чу дийнахь дIакхелхина Кадыров Ахьмад. Чиллана беттан 23-чу дийнахь дохийнера нохчийн къам. у къизалло хIаллакдира нисса ах къам.

И бохаме терахьаш ларамаза нисделлехь а,я леррина дина хIума делахь а,цхьаьнадогIуш дара Оьрсийчохь дIахьучу даздаршца.Нохчийчоь цу даздаршна юьстах юьсийла цахиларна вайнехан юкъаралло сацам бираи ший а де цхьаьна а доьзна кху беттан 10-чу ,вай къоман турпалхо дIаверзийначу дийнахь билгалдаккха…».

Ишта дIахьедар дина спикеро. Бакъду.могIарерчу бахархоша, Iедалехь болчеран аьллар-лааме хьаьжжа тIеоьцуш дац и де.Масаллин ас даладо Соьлжа-гIалин Старопромыслан кIоштан яхархочунца Маккица сайн хилла къамел.

Соьца къамел динчу Маккас санна кхечара а билгалдоккху, нохчий боцуш Советан Iедало дохийна дуккха а къаьмнаш хилар а,амма цара шайна тIе доза доцу бала боссийна денош,коьртехь болчеран лаамашка хьаьжжина дехьа-сехьа а ца тоьттуш,шаьш долччохь дуьтуш хилар