Газ лачкъорна - 1 шо хан кхайкхийна Гуьмсан кIоштахь

Гуьмсан кIоштарчу Комсомольское юьртара Таибов Рамзанна 1 шо арахь яккха хан кхайкхийна кхело, газ лечкъорна бехке а вина.

Талламан комитето бахарехь, шен долара кузаш цIанбен цех йохъеш, цу чохь юкъарчу биргIанара ягориг ерзийна хилла цо. Дина зен ду 11 эзар соьманна, яздо прессехь.