Your browser doesn’t support HTML5
Махкахь малар дохкар юкъ-кара лагIдеш, шатайпа низаман проект чуелла шайн парламенте Евкуров Юнус-Бека. Мархийн баттахь а, уьш достучу дийнахь а, Бераш Iалашдаран а, Хаарийн а, школашкарчу дешархойн «тIаьххьарчу горгалин» а деношкахь малар духкийла ца лаьа ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна. Доьхкинчунна 4-50 эзар сом гIуда а тухур долуш.
«ТIунтIин мур» тIехIуттуш бу бусалбанашлахь нислучу маларчашна
…ТIунтIа, юьртахь тоьлла пхьар вара дуккхаъчу корматаллийн, амма батт чуйиллина къаьркъа молура. Бакъду, Марханаш лоцуш, тухий, кIунзалволура, дуьтура къаьркъа.
Иштта малар ша дитинчу цхьана мархийн баттахь, шен сагатлуш вахханчохь, Мазалкехь, гинера иза базара баханчу юьртарчу зударшна. Шен тобанахь йогIучу Кайпас некъал дехьа, букар а воьлла вогIучу ТIунтIига мохь тоьхнера: «ТIунтIа, ва ТIунтIа, ахь малар дитина аьлла хезна суна, Дала къахь дойла хьуна иза!»
ТIунтIас дуьхьал мохь хазийнера: «Кайпа, ва Кайпа, хьуна а дойла Дала къахь...». СоцунгIа а хилла, тIетоьхнера: «…ХIара дуьне».
Оьрсийчуьрчу къаьмнашлахь уггаре кIезиг малар духкурш-оьцурш бу нохчий, гIалгIай. Царел шозза дукха молу къаьркъа дагестанхоша.
Евкуровн проекто хIун лоьху
Маларх бетталурш шайлахь дукха бацахь а, берш а новкъа бу гIалгIашна. Стенна эшна царна, малар дохкар-эцар тергоне а эцна, берийн деза деношкахь а, Мархийн баттахь а иза лелор дехка?
Евкуровн проект йийцаре йийр йолчу парламентан пресс-гIоьнчаллан куьйгалхочуьнга Манкиев Якъубе делира Маршо Радионо и хаттар. Иштта хилира къамел.
Маршо Радио: Маларш дохка ца магочу дезаденойн могIарахь стенна дац мархийн а, берийн а денош бен? Масала, мегаш дуй къаьркъа Толаман дийнахь, я Лахьан-беттан 4-чохь догIучу Халкъан цхьааллин дийнахь мала?
Манкиев: «Мала мега, ца мега бохург ма дац иза. Мала доьхкуш дац цхьанна а. Мала луучо оцу деношкахь а мер ма дуй. Бохург ду оцу деношкахь цадохкийтар. Дуьцурш Хаарий де, дешар кхечдалар бераша дазде суьйренаш ю. Оцу деношкахь кегийрхой хуьлу арахь, Дала тIе ма даийтойла уьш меллачу стага лелочу машенна кIел лелхар. Уьш чкъургашна кIел ца нисбалийта».
Луучо оьцур ду-кх Марха даста де дуьсуш, ша ца хилча мегаш вацахь
Маршо Радио: Аш шайн сайтехь боху, Мархийн баттахь, уьш достучу дийнахь бусалбанна ган тарло туьканчохь духку къаьркъа? Ткъа гича?!..
Манкиев: «Оцо цуьнан, бусалбан, сий хьадо. Исламо доьхку малар. Луучо оьцур ду-кх Марха даста де дуьсуш, ша ца хилча мегаш вацахь, бутт хьалха эца а тарло, масала!
Маршо Радио: Нохчийчохь шу долучохьчул кIезиг даьржина ду малар. Мохк маллане а ца молуче кхачо дагахь-м дац шун Iедал?
Манкиев: «Цкъачунна и ойла яц. Ерриг а республикехь, хетарехь, кхо туька бен а яц малар духкуш. Республиканна яц иза йоккха проблема. Некъахьовзамаш, дукхахберш, машенлелорхой бехна а хуьлий нисло. Цундела еанна и ойла, бераш мукъане а Iалашде вай, дешар чекхдалар даз ма дой цара, аьлла».
Нийсонан дуьхьа ала деза, шашах ца нисделла вайнехан шина махкахь малар дитинчу хьоле даккхар. Ца лаахь а, лууш санна къамелаш а деш, охьаехкира Нохчийчуьрчу бизнесхоша стохка а, кхушара а шайна малар дохка магош Iедало цхьа мур хьалха елла лицензеш.
Изза сурт лаьттира ГIалгIайчохь а. Iедало къехкош а боцуш, бовзаза буьсучу кегийрхоша ягайора къаьркъа чохь карийна туьканаш, еттара маларш духкучу махкахошна.
Ткъа ала дац, хIора гIалгIа я нохчо ву малар дитина. Иштачара «маларан тураш» латтайо шайна мехкан дозанашна гергайолчу «нехан» гIаланашкахь – ХIирийчуьрчу Мазалкхе я Дагестанерчу Хасу-Юьрта лела уьш, масала.