Муьлха гергарло ду деза: берзан - газанца я Iедалан - динца?

Нохчийчоь -- Дуьненаюкъарчу Исламан конференцехь, Соьлж-ГIала, 06Тов2012

Нохчийчохь кху беттан 25-чуй, 26-чуй деношкахь рогΙера исламан конференци дΙаяхьа кечлуш ду Нохчийчуьра Ιедал. КΙезиг-дукха а доцуш, цунна а дуьненаюкъара форум аьлла цΙе тоьхна. Кхайкхина бу дуккха а мехкашкара Ιеламнах, политикаш, хьаькамаш.


Гуламехь дакъалаца резахилла 25 пачхьалкхера Iеламнах, боху нохчийн муфтиятан коьртехь волчу Мирзаев Султана. Кхечу пачхьалкхашкара хьеший боцуш, цо хааме даккхарца, Соьлжа-гIала кхочур бу Оьрсийчоьнан кIошташкара цхьамогIа динан дай а. Мирзаевс дийцарехь, Нохчийчоь а, Соьлж-ГIала а йовза ойла кхобуш хиларал совнаха хьешийн лаам бу Кадыров-Воккхачуьнан коше бовла а.

Динан урхаллин хьаькамо билгалдоккху, «Ислам - машаре кхоллараллин дин» цIе йолу рогIера гулам-форум а Кадыров Ахьмадан сий-лерамна вовшахтухуш хилар а, цуьнан жамI деш цигахь леррина сацам тIеоьцур хилар а.

Бусалба дин довзарехь, цунах долу хаарш кIаргдарехь, шордарехь мел маьIне лору ахь кху деношкахь Соьлж-ГIалахь дIахьонболу гулам? Цу хаттарца со къамеле ваккха гIоьртира масех молла а, имам а. Амма Теркйист-кIоштан НогIамирзин-Юьртара, бусалба дин довзаран лехамехь волу Лечиев ШахIид бен хIоьттина вац цу хаттарна жоп дала.

Официало чIагIдарехь, бевзаш болчу Iеламнаха Соьлжа-гIалин гуламехь дийцаре дийр долчу хаттарех коьртаниг цхьаъ ду: Муха тардала а, ларадала а деза цхьаьна бертахь дин а, Iедал а? Меттигерчу куьйгалхоша къайле ца йо, дино а, Iедало а вовшийн тIе а дузуш, бертахь болх баран къеггина масал Нохчийчоь хиларан.