Шен баьлла бIаьрг а ца гуш...

Нохчийчоь -- Журналисташца къамел деш ву Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 06ГIа2013

Европахоша «декъалдо адамашкара массо а боьха сакхташ... Суна лаъане а ца лаьа европахо хила», элира Кадыров Рамзана Соьлж-ГIалахь ша цхьа барам дIахьош. Иза мел бакъ ву, хаьттира Маршо Радионо Европерчу тайп-тайпанарчу мехкашкахь вехачу кхаа нохчочуьнга. Уьш цецбуьйлу, ша шен къам дакъаздаьккхина а ца Iаш, Нохчийчоьнан администратор европахошна луьйш хьийзарх.



Доккха хΙума кегийчу хΙуьмалгаша гойтуш ма-хиллара, кегийлагех лаьцна къамел дира Маршо Радионо Бельгерчуй, Норвегерчуй, Автрерчуй нохчашца.

Буй Европерчу бахархойн корех, Оьрсийчохь санна, буса я дийнахь къолахо чу ца валийта тоьхна аьчка гураш, шу дехачу гΙалара я юьртара администраци террорхойх ларъеш, юй царна хьалха хΙиттийна тΙулган я аьчка дуьхьалонаш?

Оцу хаттарна иштта жоп ло Бельгехь вехачу Алиев Идриса.

Your browser doesn’t support HTML5

"Кхузахь жIаьлеш а ду адамна хьастаделла!"


Бухарчу европахойн, аьлча а, скандинавийн «боьха» леларо, гΙиллакхаш «дацаро» мел гΙело йо шуна, дара рогΙера хаттар. Цунна жоп ло Норвегерчу Бярумсверк-юьртахь вехачу Хьасана. Иза цецвуьйлу, Маршо Радионо «цакхетарг а хилла» шега хаттар дарх а.

Your browser doesn’t support HTML5

"Миллиардеро тоьлла машен а ца оьцу шена, ...лулахочух эхь хеташ"


Къамел динчу кханнехь а марсабелира Кадыровс дуьйцург дош доцийла гайта лаам. Делахь а, жоп доцца хилийта, Европехь дин дезачу бусулбанна мел маршо ю я яц, дуьйцуьйту оха. Австрера Ибрагимов Висита.

Your browser doesn’t support HTML5

"Бусулбанаш вуно маьрша бу кхузахь"



Кадыров Рамзана европахошна аьлларг, шайна аьлча санна, стенна новкъадогΙу Австрехь, Норвегехь, Бельгехь вехачу кхаа а нохчочунна? ДогΙу новкъа, Кадыровс шен аьттонна, аьттехьа а доцург дийцарна а, цо боьха ю бохуш гезйохучу Европано шаьш муьлхха а Оьрсийчоьнан вахархо хьеггал дика кхобуш хиларна а.

Делахь а, бехкбуьллийла деца вайн Кремло нохчий шен олаллера ца бовлийта царна тΙевиллинчу Кадыров Рамзана шена хеттарг дийцарна – цуьнан белхан декхар ду иштта къамелаш дар. Цу тΙе, хууш ма-хиллара, тΙех дуьне довззал ишколаша я кхечу Ιилма лучу меттигаша ницкъ бина стаг а вац Кадыров.

Бакъду, и санна, шен гергарнаш, нана я йиша, Германе дарбан хьукматашка кхуьйлуш нислучу, я масала, Чехерчу Мимон-гΙалахь Кадыровс санна, евро-миллионаш мах болу шен говраш Европехь кхобучунна ца догIура цигарчу бахархошна а, цигарчу гIиллакхашна а лен. Амма Кадыров Рамзан – Кадыров Рамзан ву. Цунна мега иштта къамелаш дан. Цо уьш дора аьлла, цунна бехк буьллуш стагга а вац. Массарна а хаьа, дац иштачунна бехк буьллийла!..