Your browser doesn’t support HTML5
Ала догIу, ма хуьллу республикана марзъеш цо даима а, ша чохь а волуш, видеош йоху уггаре а исбаьхьа лоручу меттигашкахь. Цкъацца бакъ чIара а лоций, иза беттина бууш гойту, юха ломанца, къоман тIум лоручу Нашха а воьдий, цигахь бIевнан саьлнаш тIехь байташ олу, уллехь дечиг пондарчас иллин мукъам а балош. Стаг Iаламца цхьанаийна сурт хIоттало.
Оьрсийчуьрчу туристийн лаамаш, тIаьххьарчу шерашкахь лакхабевла. Хьалха тоам бара, арахь четар а тоьхна, цигахь гитара а локхуш, кхехкийна а, деттина а жижиг а дууш Iар. Ткъа хIинца, вовшашца къийсалуш санна, лела садаIа. Миллиардаш долларш а дойуш, тойинчу Сочехь аьхка садаIа мисканаш бен ца боьлху аьлла хетало.
Нохчийчохь тахана масситта меттиг ю туризмана пайде - Ведуче, Къоьзан-Iам, Итон-Кхаьлла, иштта кхиерш. Соьлж-ГIала юьйцу, ша Рим а, Венеци а, Нью-Йорк а санна, дIагайта шира я кхиаме технологица хьалайина меттиг санна.
Кхин дIоггара аьттонаш а бац кхуза баьхкинчарна сакъера, аьлла, Маршо Радиога дийцира Соьлж-ГIаларчу вахархочо Хамзатов Бекхана.
Хамзатов: «Со башха тIера а вац оцу даздаршна. Делахь а чуьра берашна аьлла, цхьацца аьттонаш беза-кх. Вайн цIахь уьш бу аьлла ца хета суна, кхечу яьккхий гIаланашкахь санна. Эцца гIала юккъахь цхьа баз ю дIахIоттайина»
Кхузахь бехачарна ца гуш хила а мега, меттгера историйн а, Iаламан а йозалла йолу меттигаш. Схьабаьхкинчу туристашна ган а мега иза, аьлла кхин дIа а дийцира цо.
Хамзатов: «Вайна кхузахь бехачарна ца ган а мега и хIума. Ткъа, тIабаьхкинчарна ган мега. Туристашна самукъадаккха луура ду, ткъа вайн цIахь, и эвхьазлонаш Делан къинхетамца яц».
ХIинца, доккха ло диллинчу хенахь, уггаре а хан ю, когасалазаш а, сноуборд а хахка. И аьттонаш бац махкахь. Ведучи курортехь, ша дерриг цкъачунна кхочуш дина дац. Оцу спорте безам бахана нохчийн кегирхой а, Гуьржийчу Гудаури олучу курорте боьлху. Царах ву Виситаев Халид а. Цо шаьш чIогIа сатуьйсу элира махкахь иштта цхьа меттиг схьаоьллург хиларх.
Абдурахманов: «Кху Нохчийчура накъосташца сноуборд хахка доьлху. Цига хIинца дахана ши де а даьккхина цIадирзира. Вайн цIахь Ведучи курортехьсхьайоьллура ю бохуш дуьйцу. Дуккха а нах бу цунна сатуьйсуш».
Нохчийчу туристаш оьхуш бац бохург бакъ дац. Иза, схьагучу суьртаца кхиаме кхане хинйолу агIо ю. Масийтта фирма а ю схайиллина болх беш, тIебаьхкинчу хьешашна товриг латтош а, деш йолу.
Амма туризм яьржорца, тIевеанчунна хьалхахь кураллаш а еш, букъ а ца саттош лелар а, цхьана догIуш хIума дац. Иштта гIуллакх латтахь, тахана санна экстремала туризм яьржина лору меттиг хира ю Нохчийчоь даима.