Соьлж-ГIалана тIелатар динчул тIаьхьа Кадыров Рамзана дIахьедар дира, тIемалоша динчу зуламех жоп лур ду церан гергарчара аьлла. И дIахьедар полисхой байарна оьгIазвахханчохь дина хир ду аьлла тидира наха. Амма кху деношкахь интернетехь сурташ даьржина цу тIелатарехь дакъалаьцна бу бохучу нехан ягийна хIусамаш гойтуш.
Иза Оьрсийчоьнан низамашца догIуш дац, Инарлин прокуроро а, Талламан комитетан куьйгалхочо а мах хадо беза Кадыровс динчу дIахьедаран аьлла, кехат яздира вевзаш волчу бакъонашларъярхочо Адамашна ницкъ барна духьал йолчу комитетан куьйгалхочо Каляпин Игора. И стаг еххачу хенахь болх бина ву Нохчийчохь. Цигара хьал дика девзаш ву иза.
Каляпинан дIахьедар тидам боцуш ца дитина Кадыров Рамзана. "Цхьа Каляпин цIе йолу стаг хIоьттина бандиташна а, церан гергарчарна а тIе. ОхIал йолчу органашкахь хаамаш бу Малхбузерчу лерринчу сервисийн Умаров Ахьмадера ахча бандиташка дIаделларг ву Каляпин цIе йолу стаг», - яздина Кадыровс Instagram-рчу шен агIонна тIехь.
Каляпин Игора цу хьокъехь хаам бина, ша суьде вала дагахь вац Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан дIахьедар бахьана долуш аьлла. Цо дийцарехь, Кадыровс аьлларг дукха ларлуш аьлла ду, кхеле латкъам бан цунна бух цабуьтуш.
Каляпин террорхо ву аьлла, Кадыровна тIехIоьттина Нохчийчура парламентан спикер Абдурахманов Дукхваха а. Каляпина Игора иштта комментари йина цо дуьйцучунна.
Каляпин Игорь: "Хьовсал шу тIаьххьара нохчийн парламентан гIантдас Абдурахманов Дукхвахас динчу къамеле. Цо боху Каляпин къайлах террорхо ву, цо оьшуш дац нохчийн юкъаралла Iамо хIун дан деза бохучунна. Шаьш ширчу ламасташца, шайн Iадаташца лелаш ду боху цо.
Амма суна дагацадогIу нохчийн Iадаташ полисхошна, аса билгалдоккху юха а, полисхошна цхьаъ ара ваккха а, цIенош даго а бакъо ло бохуш дуьйцуш хилар. Цу тайпаниг цкъа а хилла дац".
Говзанчаш дицарехь, Кадыров тесна дита дагахь вац и гIуллакх. Нагахь Оьрсийчоьнан низамашлардечу органийн куьйгалхой юкъа а ца гIортахь Каляпин Игорь баккъалла а жоьпе озо гIорта мегаш ву Кадыров.
Ткъа иза далур хилар гойтуш ду, масала, юкъараллин жигархочуьнца Кутаев Русланца хилларг. Наркотикаш лелийна аьлла хан токхуш ву иза Нохчийчура набахтехь.
Каляпин кхерамехь хилар гойтуш ду Еарин дийнахь Москох бакъонашларъярхойн конференцехь хилларг. Цигахь цхьана наха, бага а тоьхна, хIоаш диттина бакъонашларъярхошна, вист хуьлуш Каляпин Игорь а валуш. И нах совцо а, лаца а цхьа а ца гIоьртина.