Your browser doesn’t support HTML5
Къоьзан-Iомана уллерчу Хой юьртахь кху деношкахь дIабаьхьира нохчийн суртдаккхархочо Берсаев IабдуллахIа шен суьртийн гайтам. Иза цуьнан дуьххьара бу, амма шорта нах тIеохунболчу Соьлж-ГIалахь ца хIоттийра цо иза.
Ша нохчийн Iалам а, истори а езаш хиларе терра, шен суьрташ цо нехан тидаме дехкира дIатесначу оцу ширачу юьртахь.
Дийнахь санна къагийнера Хой, аьлча а, цуьнан херцарш. Урамашка серло а ялийна, суртдаккхархочун хIора балхах марзо эца йиш яра цига баьхкинчу хьешийн.
Къоьзан-Iомехь дIабоьлхучу хинкеманийн регатица цхьаьнабеара барам. Дукха нах а баьхкира гайтаме хьажа. Цунах воккхаве ша суьртдаккхархо Берсаев IабдуллахI а.
Берсаев: «Цигахь гайтам оцу парусан регатана юкъа а бохуьйтуш бина бара. Хойн херцарш серла а йохуш, бира-кх оха иза».
Радио Маршо: Хойхь со а хилла дуккхаза. Амма цига вахча, массо а хенахь цхьацца ойланаш кхоллало: муха Iийна теша кхузахь нах, цхьана хенахь кху урамашкахь берийн зевне аьзнаш декна хир ду-кх, олий. Хьуна хуьлий иштта?
Берсаев: «Дера хуьлу. Нах муха Iийна кхузахь, олий, ойла хуьлу. Цхьана агIор, ма ирсе Iийна уьш, вукху агIор, ма хала дахар хилла церан. Цхьана кхерамах бевда, кху лекхачу меттигашкахь баьххна-кх уьш, олий, ойла йо».
Нохчийчохь тахана ма хуьллу яьржош ю туризм. Оцу тIегIанехь болх бечарна баккхий аьттонаш белла Iедало. Туристашца болх беш ву Девкар-эвлара вахархо Болотбиев Iадлан. Уггаре а чIогIа шаьш шарйина маршрут "Къоьзан-Iам", "Хой" ю, боху цо.
Болотбиев: «Хой а, Къоьзан-Iам а гича чIогIа самукъадолу вайн хьешийн. Ширачу гIишлойх цецбовлу уьш. Оцу гIаланах а цецбовлу. Йоккха хилла иза ширачу заманахь».
Хойхь, Макажахь, кхечу цхьайолчу меттигашкахь, ша-тайпа архитектура ю. Масала, бухара чоьнаш тIулгийн когаш, тIерачу нартолийн тхевнаш ду. Цхьана а кепара чIагIонна, пенаш дуттуш, лелийна чорпа а йоцуш йина ю уьш.
Берсаев IабдуллахI нохчийн фотографашлахь дика вевза. Леррина Iаламан а, ширачу яьртийн а суьрташ дохуш ву иза. Кхачанза меттиг яц. Амма ша а ца кIадло цецвийла, боху цо.
Берсаев: «Вайн махкахь уггаре а хаза, тIекхача хала меттиг суна МIайста хета. Дозанхоша бакъо елча бен цига кхочийла дац. Некъ а бац цига боьдуш. Цхьа готта аса бен яц, иза а хьалхаваьлла цхьаъ хилча бен гуш а ца хуьлу. БIевнаш ю цигахь. ТIулгийн бердашца. ЧIогIа хаза а, инзаре а меттиг ю».