Лурвоьлларг махкахваккхар нийса дуй?

Карарчу хенахь Нохчийчохь шуьйра дийцаредо некъахьовзамехь бархI стаг валар а, куьг бехкечун гергарнаш махкахбовлар а. Цхьаболучара уьш вайнехан Iадаташ лардеш, шайн стаг бахьанехь, бехк а боцуш шаьш хотIа хIиттича, вукху нехан сий-лерам беш, дIабахана хуьлуьйту...

Your browser doesn’t support HTML5

СемаIашкара доьзалш шаьш дIабахана боху Нохчийчуьра

Кхечара дийцарехь, урхаллехь болчеран аьллар-лаамца дезна церан цIерабовла.Мухха делахь а дукхахболчу бахархоша данне а къобалдеш дац Iедалхоша кху тIаьхьарчу шерашкахь махкахь шуьйра даржийна,халкъалахь «Iаьржа» ламаст олу,нах махках бахар.

ХIинццалц схьа вайнахана тергалделла бакъдерг ду тIемалойн цIерачаьргахь, телевизионехь дIа а гойтуш, барта сийсазбина ца Iаш,сихонца махкара дIабахар тIедожош,хIусмаш йохош, ягош я дIахьокхуш, гIело яллор. Некъахьовзамехь бехке лоручу Хаджаевн цIераниш,тезета хIитта а йиш а йоцуш къаьсттина божарий, махках бовлар могIарерчу нахана дазделлачух тер аду бакълена а. Цунах дуьйцуш ю ТIехьа Мартана кIоштера яхархо Майнат.

Майнат: «Наха реза бац. И арабаха безарш а,бохо безарш а оцу кIентан нах бацара. И малар а, таблетка юхкурш а бара арабаха безарш боху наха. И нийсо ца хета адамна. Цхьаъ галваьлча хилча бухабисичеран бехк кхийдар лартIа ца хета-кх. Гергарчара шайн аьллар хилча дуьненахь хуьлуьйтур доцуш хIума мА ду иза. Нах бехке ма баций. Доьзало аьлларг ца деш еъна зама ю-кх хIара».

1944-чу шарахь нохч-гIалгIай бохабар санна ирча а,маггане мегар доцуш а,маьттаза низамаш талхор лору, кIадбоццу бахьанаш а хIиттош нах махках бахар Хьалха- Мартанан кIоштерчу къаночо Нажмуддис. Нохчий бохабар санна акха хIума а,боцу бехк нахе кхийдор а ду элира цо гергарниш жоьпе бар.

Нажмудди: «Со жима волуш нуй хьаьккхина дIадигира дийнна къам. Ишта харцо а,чам боцуш низам талхор а хета-кх суна гергарчаьрга бехк кхийдор а,цаьргахь гIело ялоор а. Цхьана низамехь доцург ду-кх. Вайнехан цхьана Iадатца а,гIиллакхца а догIуш хIума дац иза. Хьаькамаша шайггара лелош хIумнаш ду».

Шен хьажам бовзийтинчу Нажмуддис чIагIдарца хIора дийнахь бохург санна нислу-уш лаьтта махкахь некъахьовзамаш а,бохаме меттигаш а. Царна юкъахь кIезиг ца хуьлу боху цо цкъа а къаркъанах къурд бина боцурш а. Уьш а,церан цIераниш а махках баха беза.жоп а ца доьхуш хеттаре вуьйлура воккха стаг.