Европан Барт: «Новая Газета» уггаре чIогIачу кхерамна кIел лаьтта

Нохчийчуьра гомосексуалисташ ца хьийзабайта хIоттийначу гуламна дуьхьалоян арабевлла Кремлехьа болу бахархой, Петарбух, Охан-Бутт, 2017.

Your browser doesn’t support HTML5

Гомосексуалистийн хьокъехь яьржина гIар яц юьжуш

Уггаре боккха кхерам шена тIехь лаьттачу зорбан гIирсийн могIара хIоттийна «Новая Газета» Европан Берто. Газетанна тIехь лаккхарчу тIегIан кхерам латтарх Европан Берто дина дIахьедар цуьнан пресс-гIоьнчалло кхачийна Оьрсийчуьрчу «Интерфакс» агенталле.

Нохчийчуьрчу Iедалан а, динан а урхалхоша кхерамаш туьйсу хаамийн гIирсерчу журналистийн дахарна, аьлла ду дIахьедар.

«Новая Газетана» лаккхара кхерам тIебоссарх лаьцна хаамбина «Журналисташ Iалашбаран а, церан кхерамзаллин а Платформано», иштта «Журналисташ Iалашбаран Комитето а», билгалдоккху ЕвроБерто.

«Журналисташ Iалашбаран а, церан кхерамзаллин а Платформа» - иза 2014-чу шарахь Европан Берто а, прессин кхерамзалла тергонехь латточу Iедалхйоцчу юкъараллаша а кхоьллина проект ю. Европан Берто онлайнехь зуьй журналисташна тIехIоьттинчу кхерамах лаьцна партнерашкара кхочу информаци, тергалйо оцу хьокъехь Iедалша ен реакци.

30-за хаамбина ЕвроБерто Оьрсийчуьрчу журналисташна тIехIуьттучу кхерамех лаьцна. Амма ЕвроБертан векалша дийцарехь, оцу пачхьалкхан Iедало цкъа а ца делла дуьхьал жоп. Массарел дукха – 84-зза – орцадаьккхина ЕвроБерто Туркойчуьрчу журналистийн хьокъехь, шолгIачу меттехь ю Оьрсийчоь.

Хьалхо «Новая Газето», Нохчийчохь 100 гергга стаг лаьцна гомосексуалист ву аьлла, шен агIонтIехь хаамбира. Бохура, вийна лаххара а кхо стаг.

Газетан адвокато Сабинин Андрейс даржийра деношкахь прессехула, «Новая Газета» Талламан комитете Нохчийчуьра гомосексуалисташ кхерамехь хилар кхелехула таллийта гIерта, аьлла.

Шен рогIехь Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс хаамбира, дахна кIира довш Кремле «Новая Газетан» коьртачу редакторера Муратов Дмитрийгара кехат деана, Нохчийчуьра шайна кхерамаш туьйсу, аьлла. Кремл дуьхьал ю оцу кепехь бечу тIеIаткъамна, бохура Песковс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис харцдира газето даржийнарг, «республикехь банне а боцурш дац я лоьцийла а, я хьийзабоцла а», аьлла.