Романова Софья
Нохчийчоьнан Iедало кест-кеста хIитточу барамашка, балха боьлхуш санна, боьлху Iедалера алапа оьцу лоьраш, хьехархой, коммуналхой, студенташ
Оьрсийчоьне шегара бовха безам дIакъадабо Нохчийчуьрчу Iедало муьлхха а дезде тIедеача, я кхин цхьа бахьана хIоьттича. Байракхашца, пачхьалкхан а, мехкан а дайн суьрташца арадоккху халкъ, хастамаш бойту Оьрсийчоьнна а, цуьнан президентна а, цо махканна тIехIиттийначарна а.
Делахь а ца дуьсу ца хезаш бюджетерчу белхахойн аьрзнаш. Цара а, студенташа а дийцадоккху шаьш ницкъаша гуламашка лехкар, до иза дукха хьолехь къайлах.
"Ша муьтIахь вац аьлла бехке ца вайта"
Демонстрацийн Iалашо цхьаъ ю - Нохчийчоьнан куьйгалхо Оьрсийчуьрчу Iедална муьтIахь вуйла дIагайтар, боху "Кавказан къаьмнийн ассоциацин" президента Кутаев Руслана.
КХИН А ХЬАЖА: Митингашна якъо яц Нохчийчохь" Регионийн куьйгалхойх дукха хьолехь веккъа цхьа Нохчийчуьраниг хуьлу ницкъаллин урхаллаша, федералан Iедалерчу министраша валхориг. Цхьа бахьана карошшехь, цунна дуьхьал материалаш хIиттайо, дIакхачайо уьш президенте, гIерта и шиъ иэгIон", - дуьйцу Кутаевс.
"Хууш ду, деккъа цхьа нохчийн къам бен дац шена Советан пачхьалкхехь, иза йоьхначул тIаьхьа, Оьрсийчохь даха ца лаьа ца хеддаш баьхнарг. Кхузарчу адамашкахь патриотизм ю, уьш Оьрсийчоьнца бу баха дезаш ву Кадыров ца хеддаш, цо иза ца дахь, муьтIахь вац аьлла бехкевийр ву", - боху Кутаев Руслана.
Нохчийчуьрчу Iедалан логиках кхета Кутаев.
"И гIуллакх оха дIатосий (гуламаш) - Iедал дIадоккхур ду тхоьгара. Тхоьгара Iедал доккхий – болх хир бац шуна. И боху Iедало. Цундела олу хьаькамаша: гуламашка лела ца лаахь, кехат язде, болх бита, марша Iойла!" – Иштта туьду Кутаевс Нохчийчуьрчу гуламийн маьIна.
"Массийттаза аьлча, Iуьйранна телефон а тоьхча, хуьлда иза футбол я митинг, ца ваха йиш йоцийла хаьа"
"Кавказ.Реалиино" къамел дира Нохчийчуьрчу хьукматийн белхахошца, хаьттира, лаамза гуламашка лела декхаре хетий царна шаьш.
Нохчийчуьрчу цхьана кIоштан администрацехь болхбеш ву Хьамид. Шех масал а деш, цо дийцира, стенна ца хIуьтту нах журналисташка я блогершка дийца, шаьш ницкъаша хьийсадой гуламашка.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровна митинг хьашт яц хIинца"4 шо ду со Iедалан балхахь волу. Тхуна тоххара хаийтина митингашка цалеларг балхара дIавоккхур вуйла – кехат а яздина, "лаамехь дIаваха маьрша ву" милла а, аьлла тхоьга. Соьца цхьаьна балха хIоьттинчех массех вара резавоцуш, тхаьшлахь цец а дийлина, севцира тхо. Футболе, демонстрацешка дуьгура, нехаш яха дуьгура, буса дIагулдеш а нислора, беккъа божарий. ТIех дукха хуьлура ала а дац и барамаш, вуьйлира со шо даьлча. Массо а булу. Юьхьанца бюджетан болх бан волавелларг лоь, тIаккха вулу, декхаре хуьлу гуламашка лела, - дийцира Хьамида.
Соьлжа-ГIаларчу дешаран урхаллин цхьана хьукматехь болх бо Таисас. Болх карорах а ца тешаш, нах реза хуьлу гуламашка лела, элира цо.
"Хала ду болх каро. Ткъа ца бузийча ца болу доьзал, тIедоха деза, кога доха деза. Балхахь хьайга аьлларг дан деза. Адамо ловш долучуьнга хьаьжча, гуламашка лелар-м хало а яц. Болх боцчунна ду-кха хала. Барамашка цалеларна хьаькамашкара таIзар ловш а бу дукха. Сан цхьана коллегас яздира ца яьлла "шен лаамехь" балхара дIаяла кехат. ХIинца мичахь карор бу цунна жимма а алапа догIу болх?", - дийцира Таисас.
КIоштан администрацера ву Iела а. "Гуламашка лелар болх бу эр дацара ас. Цавахча маггане а магор доцчу барамашка воьду со. Мила муха воьду ца хаьа, со хьаькамо тIечIагIдеш аьлча воьду, цавоьдийла доций кхетча. Массийттаза аьлча, Iуьйранна телефон а тоьхча, хуьлда иза футбол я митинг, ца ваха йиш йоцийла хаьа. Ткъа цкъа бен аьлла дацахь, ца ваха а мега. Ца вахана аьлла дIа ца язван а тарло" – йовзуьйту къайле Iелас.
"Шайн дезденош оьрсаша а ца даздо вай санна"
Оьрсийчоьнан де дара Мангал-беттан 12-чохь. Кхеташ ду, билгал ца доккхийла дацараца Нохчийчоьнна и де. Массийтта эзар бюджетхо гулвелира "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна хьалха, Оьрсийчоьнан кхо бос болу байракхаш а карахь. "Патриотизм" тIечIагIъеш, караеллера цхьаболучарна "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин а, оцу партин "Къона гварди" боламан а байракхаш.
Меттигерчу телевизионо бохура, 30 эзар стаг веана Соьлж-ГIаларчу гуламе. Амма бIаьрг тоьхча гуш дара, официало даржийна терахь массийттаза совдаьккхина, дестийна дуйла.
"Кавказ.Реалиица" конфедециалехь вистхилира "Оьрсийчоьнан Де" билгалдоккхуш гуламе баьхкинчу нахах массех стаг. Цхьа хаттар дира оха хIоранга а: "ХIун бахьана дара шу гуламе дахкар?"
КХИН А ХЬАЖА: Пайхамаран сий лардарх а йина политика..."Шайн дезденош оьрсаша а ца даздо вай санна. Уьш даздан бицбелча а дицлур дац вай кхузахь. Кху бурконехула кхуза ца еача, сайн юьртахь, цIахь, дан хIума доцуш ма варий со!" – аьлла, хьал аьшнаш а дина, жоп доцуш дитира хаттар цхьана зудчо.
"Тхоьга тхан кураторо дехна. Цунна хала ца хетийта веана со. Я цIахь кхин хIума дан лерина а вацара тахана. Сан накъостий а бу кхузахь. Цаьрца цхьаьна веана", - бохура Нохчийчоьнан пачхьалкхан университетан 3-чу курсерчу студента Мовсара.
"Факултетехь жигархо ву со, массо а барамашка лела. Цундела веана-кх", - бохура кхечу студенто.
"Кавказ.Реалиига" шаьш бараме бахкар дуьйцуш цхьаммо а ца элира, ша "Оьрсийчоь езаш веана".
Бакъоларъярхойн "Мемориал" юкъараллин хьалханчех волчу Черкасов Александрца оха дийцаредира, стенна хIуьтту Соьлж-ГIалахь оццул дукха гуламаш.
"Москох хуьлура хьалха манифестацеш, уьш дагайогIу суна. Со бюджетхо вара, шарахь шозза воьдура гуламашка, лаамехь воьдура. 80-гIа шераш дара уьш, уьш дIадевлча манифестацеш а дIалекъира. Соьлж-ГIалахь рузманна цхьаъ хилла, йоьхна, тахана а хIуьтту цигахь и манифестацеш. Муьлха шо ду цигахь тахана, иза хаа деза вайна," – боху бакъоларъярхочо.