Механа еза, хабарна говза микрофон

Нохчийн пачхьалкхан телерадиокомпанин лейбл

Соьлжа-гIалахь схьадиллина радион керла цIа. И гIишло схьайоьллуш Iедалан дайша лаккхара мах хадийра меттигерчу хаамийн гΙирсийн. Амма мел хаало и гΙирсаш тоьллачех буйла махкана?


Республикан куьйгалла а кхайкхина, схьадиллинчу Соьлжа-гIаларчу пхоьазза тIекIелдинчу Радион цIа чохь 2008чу- шарахь дуьйна яра арахьарчу гIуллакхийн а, зорбанан а министралла. ХIинца дерриг а цIа хир ду махкарчу радионбелхахошкахь.

Радиожурналисташна, бахарехь, дукха баккхий аьттонаш бийр бу церан болх кхин а лаккхарчу тIегIан тIе боккхуш. Керла гIирс а бу леррина чубохьуш.

Керла гIишло схьайоьллуш, Iедалан дайша тIедожийра барта къамелан говзанчашна болх хьалха санна дика а, лаккхарчу говзаллийца а дIабахьа.

ХIинцалц ишттачу цхьанакхетарехь тоьллачу белхахошна ахчанца совгIаташ а, оьшучарна цхьаъ-шиъ петар а луш хуьлура, амма хIинца масситтанна «мехкан хьакъ долу журналист» цIе а тиллина, дIадерзира де.

Шайн агIор журналисташа дош делира къастийначу некъа тIера шаьш девр дац аьлла. Ткъа иза-м цара ца аьлча а дац шеконе!

Нохчийчохь тахана ю шиъ телеканал а, кхоъ радио а. Ду иттаннашкхахь газеташ а, журналаш а. Уьш массо а санна Iедалан таронца арахоьцуша ду.

Хакамийн гIирсийн башхаллах дерг аьлча, уьш вовшех ца къасттал тера а бу. ХIора газетан хаьлхарчу агIон тIехь ду республикан куьйгалхочун сурт. Изза куьйгалхо ву даима а теле-радиожурналистийн багахь а. Керланийн агIо я программа йолаялар а, чекхаялар а цхьана темехь хуьлу - республикан куьйгалхочо бечу балхах лаьцна.

Критиканаметтиг цхьанхьа бац. Iедалхойн кхачамбацар хьахош а дац.Кадыров Рамзана маситтаза аьлла ша хестор сацаде, цул а Iедалшна критика е. Амма, и хьехам лере а ца оьхьна махкарчу журналисташа.

Гергарчу хенахь «Грозный» телеканалан болх лаккхарчу тIегIан тIе бала тарло, и болх бан оьшучу гIирсах доьзна хIума иза делахь. ХIокху деношкахь Японе яханчуьра цIайирзина оцу телекомпанин куьйгаллера тоба а, журналисташ а. «Панасоник» компаница дийцарш а дина, цаьргара дукха гIирс оьцур бу аьлла барт а бина. ХIора сарахь Японехь шаьш бинчу балхах лоций а дуьйцу эфирехь бахана баьхкинчу векалша.

Дийцарехь, тоьлалчех видеокамераш а, студин гIирс а бохьур бу кестта Нохчийчу. Цунах баккхийбе радио, телефизионан а журналисташ. Амма ца дуьйцу шайн эфирийн чулацам мел хийцалур бу.

Дукха хан йоцуцш Соьлжа-гIалахь схьайиллина аз дIаяздеш йолу студи. Шаьш болчохь Оьрсийчоьнан гIарабевлла эшаршлакхархой хир бу, эшарш аязъеш а, клипаш йохуш а бохучух тешна бу оцу студин белхахой. Мичара бу шуьгахь и тешам аьлла хаьттича, тхоьгахь механа еза, ИНгалсехь йина микрофон ю, и санначуьнца шайн эшарш дIаязъйина Элтон Джона а, Бритни Спирс а олу студихоша.

Тоьллачух хир бу радион белхахойн гIирс, яц цуьнан шеко а. Шеко ю, бакъдерг, харцдерг ма-дарра дуьйцуш, бахархойн хьашташ, баланаш уллера гойтуш хиррий те и керла гIирс бохучуьнца.