Референдум, конституци, лерина операци

Ши "бакъдерг" цхьана дийнах

15 шо хьалха, ца хеддаш, дийнахь-буса бойуш нах, лелхаш кегийра, баккхий тIемаш а лаьтташ, нохчашка Оьрсийчоьнца ду шаьш олийта барам хIоттийра Кремло – референдум. Оццу дийнахь тIеоьцуш яра керла конституци а.

Деса лаьттара Соьлж-ГIала доьлху некъаш, наггахь адам нислора Старопромыслан кIоштарчу урамашкахь. Пятигорскера махка барам гайта вогIучу Маршо Радион корреспонденте, паспорт а ца хоьттуш, "кхаж тасийтира" харжамийн пхи-ялх куьпехь.

Иштта кхечира иза гIалин юккъе. Цигахь зударийн йоккха тоба лаьттара, хIораннан карахь дара доьза байначу кIентийн суьрташ.

... Тахана Кадыровн а, ерриг Оьрсийчоьнан а прессехь и де дагалоцуш кхин "бакъдерг" дуьйцу – кхаьжнаш таса арабевллачу нехан могIарш ца хедаш, харажамийн каппаш адам тIеэца ца кхуьуш лелча санна.

Маршо Радионо 2003-чу шарахь, и де тIекхача денош дуьсуш, эфире кхайкхира милицин инарла, оцу ханна Нохчийчоьнан цIарх Пачхьалкхан Думин депутат волу Аслаханов Асламбек.

"…Оха дехнера цкъачунна махкахваьлла лела 700 эзар вахархо а озаве хаттаме-референдуме аьлла… Иза ца ди. …Барам хеназа хIоттош бу", - элира цо хIетахь.

Референдум дика чекхъели, конституци а тIеийци махко, бохуш пресса хьийзачу шолгIачу дийнахь Маршо Радионо къамелдира Оьрсийчоьнан Лакхарчу Кхеташонан спикер лаьттинчу Хасбулатов Русланца. Цо а бохура Аслахановс боххург.

"Референдум хила езаш ю, иза ас къобал до. Ткъа таханлерчу хьелашкахь со дуьхьал ву. ЛартIахь референдум дIаяхьа оьшучу хьелех цхьаьллиг цхьаъ дац цкъачунна. ТIетIаьIIина терго еш ша хIоттийна гетто ларъеш Iедал а Iаш, адамийн дахарна тIехь кхозуш кхерам а болуш – аш хIун лаам къадор доьху халкъе?! Къизалла ю иза. Дела денна, гобаьккхина, нах бойу, лоьлхуьйту, багабо, идабо", - цецвуьйлура Хасбулатов.

Конституцех якъо ца хьегна нохчаша

Зазадоккху-бутт къаьсттина комаьрша хилла нохчашна конституцеш латторца – 1992-чу шеран 12-чу дийнахь тIеийцира Ичкерин парламенто керлачу Нохчийчоьнан керла конституци. Шел хьалха, 1978 шарахь дуьйна, лелла мехкан коьрта документ хийцира цо, шен хьалхарчу артиклехь махках "йозушйоцу пачхьалкх" а олуш.

2003-чу шарахь, "антитерроран компани" аьлла, дашца байбинехь а, къоман цIий Iеночуьра сацаза боьдуш тIом а болуш, адамех еса лаьтташ харжамийн чоьнаш а йолуш, тIеэцна конституци юьззина президентна Путинна оьшург яра.

Конституцин 1-чу артикло Нохчийчоь "республикан кепах лаьтта демократин социалан бакъонийн пачхьалкх ю", боху.

Ткъа шолгIачу артикло "гочдо" хьалхарчо бохург: "Нохчийн Республикан территори Оьрсийчоьнах дIакъасто йиш йоцчу, дIасаекъа магош йоцчу цхьана территорин дакъа ду".

"Виъ тIемало х1аллаквина…"

Мехкан тIаьххьарчу конституцин 15 шо кхачарца Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана махкахой къобалбеш, социалан машанехь яздо: "къоман иэсехь деза ларалуш ду хIара де – керлачу, машаречу, толамаша даьккхинчу дахарна юьхь йиллина референдуман де".

…Оцу юкъанна бу Оьрсийчоьнан агенталлаша махкара хьал довзуьйтуш баржийна хIара, аьттехьа а Кадыровн пафосца богIуш боцу хаам а: "Нохчийчохь лерина операци дIахьош хIаллаквина виъ тIемало".