Your browser doesn’t support HTML5
ХIун бахьанаш ду, токхона, маршонна, машарна, бакъонна, Iедало ма-баххара, тоьлла болчу махкара нах дIаэхар? Нохчийчохь бехачарна го цуьнан кхо бахьана: Iедалца телхина юкъаметтиг, тIебоьссина кхерам, цамгаршна дарба лехар. Бу иштта Европера ахча-бохча, атта дахар дезарш а.
Юкъархо Саидов Мовлди цхьана хенахь Европехь ваьхна. Цунна дика девза цигара а, хIинца цIахь долу хьал а. цо иштта дийцира нах дIаэхаран бахьнехь.
Саидов: «2013-2014 шарахь 40 эзар стаг дIавахана Нохчийчуьра, Iедало дийцарехь. Уьш дIа хIунда бахана аьлча, керла хIоттаделла хьал а, социалан кхетамаш а цхьанабогIуш бацарна, Iедалера цхаьцца тIехсов кхерам шайна тIехIоттарна».
ХIинца Полшин дозанехь лаьттачу нохчийн юхъхьабаьллачу некъан а шен бахьана го юкъархочунна Саидов Мовлдина. Исламан радикалех кхерар а санна, оьрсийн къайлахчу сервисан белхахой оццу мухIажаршна юккъахь а хиларна саготта бу уьш, боху Саидовс.
Саидов: «Европан система ю, шен логикан духе ца кхиийта, цо лелош. Кхоьру мухIажаршца цхьаьна оьрсийн къайлахчу сервисан белхахой чубахкарна. Сема хила шайга аьлла бохуш, Полшера белхахочо соьга дийцира иза. Цундела дийнахь 2-3 доьзал бен чекх а ца болуьйту».
Полшерчу юккъаралло тергонехь латтадо Белоруссин дозанера хьал. ЦхьамогIа журналисташа а, юкъархоша а емалдо шайн Iедало нохчийн мухIажарашца лелориг. Иза баккъал а дуьненаюккъара низамаш дохор ду, аьлла, Маршо Радиога дийцира Полшерчу журналиста Гагара Доминика.
Гагара: «Полшин консерваторийн Iедало, «Бакъо а, нийсо а» цIейолу парти коьртехь а йолуш, гойту къоман идеологи. Полша бусулба нахах кхера еза аьлла ю иза. Полшин Iедалан бусулба нахе ишта хьажам бу- иза ца догiу дуьненаюкъарчу кхетамца, ларамашца. ХIора стеган йиш ю шен гIуллакх листталц муьлхачу пачхьалкхехь тховкIело еха - иштта боху Женеван конвенцино.
ХIинца Полшин Iедало шен дозане чекх ца бовлуьйтуш, Беларусе юхахьийсабо нохчийн мухIажирш. Иза Полшин а, дуьненаюккъара низамаш а дохор ду. Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Блащак Мариуша дIахьедина, Варшаво нохчий тIехбовлуьйтур бац, Нохчийчохь тIом бац, аьлла.
Цунна хетарехь, тховкIело йоьху и нах экономикан мигранташ бу. Иштта цо аьлла, Европехь миграцин кризис цахIоттийтархьама, Полшо шена Iаткъам бойтур бац. Халахета Полшерчу Iедална Нохчийчуьра хьал ма-дарра ца девзаш».