Даймахкана сагатдо махках бевлла лелачу нохчаша

Нохчийчоь -- Нохчийн лаьмнаш, Коьзан-Iам.

ХIун Iалашо йолуш боьлху махках бевлла беха вайнах Нохчийчу аьлла дара оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар.

Тхан корреспондент Хасимиков Iусман микрофон а карахь Соьлж-ГIалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь и хилира цу хаттарна жоп.

Your browser doesn’t support HTML5

Даймахкана сагатдо махках бевлла лелачу нохчаша

Маршо Радион кху сайт тIехь шуна гуш ма хиллара, нохчий цIа баха гIерта Даймахкана сагатдаларна аьлла хета цу талламехь дакъалаьцначу дукхах болчу нахана.