Бюджет – рогΙера «къаман къайле»

Оьрсийчоь -- политолог, нохчийн политик Кутаев Руслан, Маршо Радион оьрсийн бюрохь, Москох, 30Тов2008

Нохчийчоьнан парламенто билгалъяьккхина тΙедогΙучу шина шеран бюджет. Финансийн министра Расуханов Ιусмана депутаташна бовзийтина Ιедалан каракхочур долчу ахчан а, ен йолчу харжийн а барамаш. ТΙедодогΙучу а, харже доьрзучу а ахчан терахьаш дуьстича, 2 миллиард сом гергга дефицит хΙутту бюджетехь. И хьал муьлхачу таронашца дΙанисдийр ду а дийцира финансийн министра.


«Тоьар ду Кавказ кхаба» аьлла националисташа гΙаттийначу гΙаранан стоьмаш хьийкъина кхиина Оьрсийчохь. 130 сов къам, уггаре хьалха оьрсий, Ιамийна муьлххачу а кавказхочуьнга шеконца хьажа а, юкъаметтигех лардала а.

Дуккха а тΙеIаткъамаш бина оцу лозунго Кремлан политикана а. ХΙинца цуьнан дайшлахь а бовлу кавказхой халкъан юкъарчу текха тΙехь саьхьара хьийза, шаьш кхиийна доцу рицкъа дуу олург.

Дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан финансийн министралло дΙакхайкхийра, Нохчийчоь кхидIайолчу заманашкахь ша декхаре хир ю шен цΙахь, шена оьшшучул хьал-де кхион а, ша-шен кхаба а, цига леррина ахчанаш хьежор сацадо Ιедало, аьлла.

Цунна жоп луш нохчийн финансийн министра Расуханов Ιусмана делла жоп иштта дара: мохк тΙемаш бирзинчул тΙаьхьа ца кхиина шен инфраструктура кхолла, тхан яц я сурсаташ кхион а, я уьш кечдан а меттигаш, яц тхешан хьал дебон цхьа а таронаш, хир яц уьш лаххара 7-8 шо даллалц а.

Экономистан мотт бара Расухановс Кремлца бийцинарг. Ткъа иза юкъарчу, массарна а кхетачу лексиконе даьккхича, дара, аш тΙемашкахь аьхьна-аьтта охьайиллина республика денъялаза ю, цундела шу декхаре ду тхуна цкъачунна гΙо латтон бохург.

Финансисташна юкъадоьлла дов кхин а дΙадахлур долчух тера дара ша Путин Владимир юкъа ца воьллехь. Кхушара махкахошца ша шарахь цкъа деш хуьлу къамел деш, элира Оьрсийчоьнан президента шен баьччин дош: Къилбаседа Кавказ кхиош ахча дайъа дезар ду вайн кхидΙа а, тΙаккха бен аьтто хир бац цигарчу нехан шайн цΙахь совца а, шайн цΙахь рицкъа лаха а, аьлла.

Оцу къамело берзалой а, Ιохарий а дикане муха кхачалур ду гойтура. Шуна балеваьлла кавказхо кΙезиг гΙертар шун гΙаланашка, нагахь санна цунна тоъал кхача-бедар шен цΙахь нисъян пачхьалкхо накъосталла дахь – иштта дара Путинан къамелан маьΙна.

Цул тΙаьхьа хийцина шен позици президентан багахьаьжжина хила догIучу федералан финансийн министралло а.

ТΙедогΙучу шина шеран финансийн кхачо еш, Соьлжа-ГΙалара мехкан хьашташка хьажор ду 75 миллиард ах миллиард сом, ткъа тΙедогΙур долу ахча ду цул а 1 миллиад ах миллиард кΙезиг. Ткъа и тΙе ца тоьа рицкъа кеп-кепарчу некъашца шайна карор хиларх шек а бац Нохчийчоьнан куьйгалхой.

Шатайпа тема ю, муха, стенгара карадо мехкан куьйгалхошна Москох Ιачу пачхьалкхан дайша лучул а алсам мохк меттахΙоттош оьшу ахча бохург.

Цунна Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана луш хуьлу жоьпаш беламе доху оьрсийн журналисташа даима а. Цкъа «АллахΙа схьало» аьлла цо делла жоп хΙинца а ду прессехь ловзадаьккхина лелош.

Ахча шена юьстахарчу инвесторша а, нохчийн къоман бала болчу бизнесхоша – нохчаша а латтадо, цунах меттахΙоттийна махкара дуккхахйолу гΙишлош, олуш а ду Кадыров Рамзанан. Амма йостуш яц и къайле цкъа а – муьлш бу и комарша нохчий, муьлш бу кхуза инвестицеш хьийссол майра бизнесхой, хууш дац.

Цундела, бюджет, махкана тΙедогΙу-доьду ахча хьахаделча, массо а нохчийн интеллигенташ хьулло, юьстахтаьΙа, даггара дийца ца хΙуьтту – хуьлда уьш экономисташ, финансисташ я политикаш.

Ахчанах, оцу рогΙерчу "къаман къайленах" лаьцна Маршо Радион хΙара къамел хилира и дан ваьхьачу политологца Кутаев Русланца. Цо шена хетарг ийза а ца луш довзуьйту.

Кутаев: «Советан Ιедал долчу хенахь даккхий даржашкахь белхаш бина ву со. И стенна тΙедоьгΙна боху аьлча, болх бан хууш волчу стагна, цо болх алсам мел бо, белхан барамаш алсамбовлура, ахча а алсамдолура. И ахча, алсам дΙалуш волчуьнгий, кисана дуьллуш волчуьнгий (лачкъош волчуьнга) алссам хьулдалуш ду.

Цундела суна кхузахь гуш йолу башхалла муха ю? Массо а меттехь, «тоьлла гΙала», «ирсе гΙала» бохуш тохкуш статусаш ю Соьлж-ГΙалина. Амма буьйсанна ГΙалитΙе веъначу стагна гойла ду – наггахь корехь а шаршош яц гуш. Нохчий оьзда къам ду, нохчийн зуда цкъа а ца Ιа уьш ца тосуш коре, неΙаре, юург ца йиина а, тΙаьххьара кепек юхку уьш оьцуш. Цигахь яц нехан уьш эца а таронаш. Яа сискал а йоцуш, лазийна, Ιовжийна, кΙант вигина, майра вийна йолчу зудчун, ахь дешин гΙаланаш а йина, уьш жовхΙаршца кхаларх а, самукъа ца долу.

Феномен гойтуш, масал далор ду ас. Лаьтташ цΙа ду. Тодича мегаш ду иза. Цунна тΙе а богΙий, Ιедалш ду бохучу наха, иза цΙа пайде дац, олий, хьоккхий дΙа а доккхий, Нохчийн республикана даийтина ахча дойъу и цIа юхадеш. Ткъа и керла цΙа церан ма хуьлий, иза цара шаьш дΙасадоькъу петарш езачарна. Иштта нисбо, масала, шайна ахча даккха меттиг.

Оцо гойту феономенан бух а, бахьана а. Иза, дуьхе кхиича, гуш хуьлу. Кху хьакамашна санна, 400 шеран исторехь Кремло схьа ахча хецна хьакамаш бан а бац. Вайн махкахь, оцу ахчан барамашка хьаьжча, массо а некъаш асфальтан хила дезаш дара. Массо а нехан дукха хаза цΙенош хила дезаш а дара.

Сан ГΙалитΙехь диъ цΙено ду вакуман бомбанаша дохийна лаьтташ. Соьга-м ца аьлла стаго а, схьавола ахча схьаэца, хьайн бахам меттахΙоттабе. Я тΙахьаваьлла лелча а ца хилла сан гΙуллакх.

Цундела, оцу туьйранех Москох, Йошкар-Олахь я Владивостокехь тешахь а, кхузахь тоьшийла дац. Вайн цΙенойн юьхь хаза ю, ткъа тΙехьа а ваьлла, хьо чухьажча, беркъа ду хьал. «Потемкинан ярташ» ю-кх.

Иштта ловзийна рицкъа цхьа бекхам боцуш дуьсур дац. Цхьана дийнахь, цхьана дас жоьпаш лур ду. Деш зераш ду, беш талламаш бу доллучуьнан а. БогΙур бу жоп луш мур. Шайн гΙагΙанца чΙагΙйинчу езачу машенашкара арахьажча, гуш хила а мега дахар хаза, амма дац иза иштта, нохчийн къам дика Ιаш дац».

Финансийн, махка кхочучу ахчан барамаш, къоман харжаш вай йийца яьхча, хьаьвззий, схьайогΙу мехкдаьттах йолу ойла. И сурсат юьззина «Роснефть» кампанин караяхана. ХΙинца дитина нохчаша цуьнца шайна цо цΙахь дита догΙу дакъа къийсар а.

Цхьаболчара мехкдаьттано, аьлча а, цуьнан мехаллин чам бевзинчу наха баьхна тΙемаш бу нохчийн къомана зе динарш, олу. Кхечара, кхин къар ца луш, мехкдаьттан дай вай ваьш хилча, вайл дика дехаш къам хир дацара гонаха, олу.

Ткъа долуш дерг долуш ду, махкана Кремло схьажош ю рогΙера финансийн транш. Ца лаахь а, лууш санна, хьежор ю иза кхидΙа а. Дахаран бакъдерг цхьаъ бен дац: ахь хьайн, я лулахочун цΙа, чанал а дарвелла, цкъа дагийнехь а, иза юхадар, меттахIоттор хьуна тΙехь ду.