Венехь а маьрша вац сенатор лаьттина Умаров Муса

Нохчийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь сенатор Iийна Умаров Муса.

Кхерамах хьалхаваьлла вац, Европе я кхечу дуьненан агΙор ведда, Оьрсийчуьрчу я, масала, Нохчийчуьрчу Ιедалан оьгΙазаллах къайлаваьлларг. Масех шо хьалха Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо хилла Умаров Муса вадон гIоьртина Венехь бевзашбоцучийн тоба.


„Iаьхча барзо а буьйш, ца Iаьхча Iуьно а буьйш“ бохучу нохчийн кицанерчу Iахарехь хилла хьал хIоттаделла кху деношкахь Венехь дагахь а доцуш гIараваьллачу, цхьана хенахь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийн Федерацин кхеташонехь сенаторан цIе лелош хиллачу Умаров Мусаца.

Масех буьйса хьалха цуьнан неIаре хIоьттина хилла харц полисхойн кехаташ долу пхи стаг, шаьш Iедалан белхахой бу, аьлла. Амма Умаров, царна неI схьа ца йоьллуш, дуьхьалваьлла. ТIаккха и харц-Iедалхой нуьцкъаша, неI а йохийна, чулелха гIоьртина хилла боху цуьнан хIусаме. Кхеравеллачу экс-сенаторо меттигерчу полице кхайкхина телефонехула, цул тIаьхьа масех минот ялале схьакхаьчначу Iедалан векалех Iаьхкина, и талорхой бевдда, къайлабевлла боху.

ХIинца мацахлера сенатор полицин леринчу тобано ларвеш ву. Ткъа иза вадон гIертаран хьокъехь гIуллакх меттигерачу Конституци ларъяран а, террорхошца къийсам латторан а хьукмато толлуш ду.

Ма-дарра дийцича, Умаров вадон гIерташ, цуьнан неI йиттинарш билггал нохчех хиллийла хууш дац. Хила там бу, уьш и вен дагахь хилла хилар я баналан къола дан дагахь хилла хилар. Полицин векалша цу хьокъехь деш кхин дIахьедар дац я шайга динчу хаттарна дуьхьал луш информаци а яц, и гIуллакх къайлаха толлуш хиларна тIе а тевжаш.

„Хьенех ваьхнийла а ца хуучу нахана хьенех велла аьлла хаам бар“ бохуш долу дешнаш дагадоуьйту Умаровна гонахьа яьллачу гIовгIано. Венехь бехачу дукхахболчу вайнахана и стаг кхузахь Iаш хиллийла а ца хаьа, ша цуьнан гергарчу гоннаа иза ца хаахь.

Умаров вадон гIерташ цхьа муьлш бу ца хууш нах хилла аьлла, хаамийн гIирсашкахь даьржича гIараделира Умаров Муса Австрин коьртачу шахьаран юккъехь, уггаре а езачарех йолчу кIоштахь вехаш вуйла а, цуьнца доьзна масех IалагIож хIинца нахала яьлла хилар а.

Царех цхьаъ ю, дийцарехь, цу стаго дуккха декхарш хьерчийна хилла, и декхарш юхадерзо цунна тIаьхьабевлла дукха тайп-тайпана ницкъаш бу, бохуш долу хабар а. Иза бакъ-харц ду бохург талла аьтто бац, амма хIинцачул гIеххьа хан хьалха а дийцаре деш дара интернет машанехь цо, масала, вевзаш волчу нохчийн совдегарна Садулаев Маликна ахчанна тIехь тешнабехк бина хилла боху хабар. И дерриге а хIинца Австрин полисхоша толлур ду.

Умаров вадон гIертарш муьлш а хиллехь а, цара иза даран бахьанаш мухха а хиллехь а, ша и хIума хазанесанна сингаттаме ду Венерчу вайнахана. ХIунда аьлча, зуламхой- уьш мичча а агIонгара белахь а, - Венин юккъехь нахана тIекхийда буьйлабелла хилар уьш Австрехь вуно майра лелаш бу бохучун тоьшалла ду. Иза аьлла хеташ ву Венера нохчийн диаспоран жигархо Исханов Хьусейн а.

Исханов: “Ши шо хьалха Исраилов Iумар вер а карладолу иштта хIума нисделлча. И нах миччара а белахь а, цIера бахкийтина хуьлда уьш, я оьрсийн векалтера, я миччара кхечанхьара - тайп-тайпана нах ма хуьлий цу юккъе ийзийна - и хIума чIогIа хьашдоцург ду. ХIара меттигаш а, хIара Европа а эвхьазаяккхар а, кхузахь нахана тIекхийдар а чIогIа сингаттаме билгалонаш ю вайн кхузарчу нахана. Литвиненкона Лондонехь динарг а дагадогIу вайна, кхидерш а дагадогIу“.

Умаров Муса цхьана хенахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIоьнча хилла ву. Иштта иза кхиина Москохарчу „Красный суконщик“ кIаденийн фабрикехь куьйгаллехь хила а, лакхахь аьлла ма-хиллара, Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо хила а. Вуьшта аьлча, Нохчийчуьрчу Iедалийн гергарчу гонера стаг хилла ву иза цхьана хенахь, карарчу хенахь Австрехь могIарерчу мухIажиран кепехь вехаш велахь а.