Полшерчу набахтешкахь бохку дуккха а нохчий

Нохчийчоь -- Полше а, Германе а нах кхачабо шаьш, аьлла, базарахь дIатоьхна хаам, Соьлж-ГIала, ГIадужу-бутт, 2013.

«Полшин Арахьарчу Мехкийн ЛадогIархошна» цIе йолчу радионо хаам бира деношкахь, тIаьххьарчу 18 баттахь махка кхача гIертачу 52 эзар мухIажирна доза дихкина шайн пачхьалкхо, уьш берраш а санна нохчий а бу, аьлла. Полша, хууш ма-хиллара, Оьрсийчуьра уьду нах Европе кхочу ков ду дукха хенахь дуьйна. Амма оцу махка кхача атта дац мухIажиршна, ткъа кхин а хала ду, цигара дIа Германе я кхечу махка дехьабовла. Лецначу нохчех яьхна ю Полшера набахтеш.



Пана мехкашка дIаоьхучу нохчаша бетта чохь шайх мукъаюьту Нохчийчуьра гIеххьачех цхьа юьрт. Европа цхьаболучарна таръелла туьйранахь юьйцу дешех-детех Iанаяхана Эльдорадо. Вукхарна? Вуьйш, уьш жимаха дакъа делахь а, Кремлан а, Кадыров Рамзанан режиман а къизаллах уьдуш, дIаоьху Европе.

Нохчаша лоьхург мухха а, хIуъа а делахь а, Оьрсийчуьра водучунна Европан кор а, неI а хилла лаьттачу Польшина оьшуш нах бац цхьана а тайпа мухIажирш. Царех ма-хуьллу шайн пачхьалкх лар а йо Iедало.

Полшин дозалардархойн пресс-гIоьнчас Голиас Агнешкас хаам бо «Полшин Арахьарчу Мехкийн ЛадогIархошна» цIе йолчу радионехула, махка кхача луучех дукхахболу нах дозанал чоьхьа ца бовлуьйту шаьш, цаьргахь визанаш хуьлуш яцарна, бохуш. Делахь а пачхьалкхе дIа а кхаьчна, цигарчу Iедале тховкIело а ехна, жоп лардеш ву таханенна 14 эзар стаг.

Вуно дукха нохчий бу Полшано, шен доза хадорна бехке а бина, депортацин набахтеш чубоьхкина а.

Оьрсийчоьнах я Нохчийчоьнах дерг аьлча, цигарчу хьаькамашна кIезиг бала бу махкара веддачу стага ловш йолчу халонийн. Цундела эзарнаш бу Полшера хьовха, кхечу мехкашкашкарчу набахтешкахь а хан токхуш. Амма царна хаьа Кадыровн администрацин я Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан шайх дог ца лозий – цундела цара са а ца туьйсу децIарчу гIоне, ткъа и гIо кхачаре догдоху оьрсаша йохийначу Ичкерин Европехь бехачу векалшкара.

Полшехь Ичкерин хьукматан векала Мицаева Рубатис кIира даьккхина бухарчу мухIажирийн гIайгIанаш толлуш а, цигарчу Iедалца дийцаршка юьйлуш а.
Цо иштта довзуьйту Полшехь шена гина хьал.

Мицаева: « «Цигара хьал чIогIа халонгахь ду. Вайн бераш, зударий, дуккха а, набахтешкахь бу цигахь Германе кхача, Белге кхача, Норвеге кхача гIерташ. Лоьцуш, и нах чубухку, зударий а, бераш а. Цхьа агигиена а яц царна чохь. Хала бохку вайн нохчий.

Тхуна хууш цигахь 7 депортацин набахте ю.х лебеш, схьабалош цхьа нах бу Нохчийчохь, Германино т1еоьцу, ахча-хьал а до, латтанаш а ло, бохуш. Шайна дахар аттачу даккха схьаоьху тIаккха нах. Баккъал а проблемаш а йолуш, нохчийн пачхьалкх паргIат хуьлийла лаьа аьлла, Iедало шайца гамо лаьцнарш дукха бац оцу нахалахь.

Ткъа Полшена хаа ма ца хаьа, муьлхачу бакъдерг дуьйцу, мила харц луьйш нисло. СхьабогIучарна кхерамаш туьйсу, ма дийцалаш бакъдерг, шу Ичкерехьа дуй хаахь, тIелоцур дац шу, бохуш.

Цундела кхузахь а ца баьхьа нах дерг ма-дарра дийца. Мухха а делахь, «нохчий боцу Нохчийчоь» олу шайн программа ю-кх гIазакхаша дIахьош. Бизнес а ю. Цхьана стагера Полшин дозане валориг 1000 евро доккху. Бухахь, ГIалахь, лаьтташ таксисташ бу, цара нах Белорусе балабо, шуна Европе некъ биллина бу, олий. Нах лебеш бу. Бац царна кхин дIабаха аьтто, уьш бац мехкаша чубуьтуш. Амма нах шайн цIенош, дерриг а дораха дIа а доьхкина, арабевлла.

Ткъа хьаннашкарчу кIентийн гергарнаш, баккъал а цIахь хьийзош берш, тIе ца оьцу цундела Европехь. Шаьш хьанна тIебаха беза а ца хууш, тахана чIогIа балехь бу вайн нах. Некъ лаха безаш бу-кх Полшин Iедалца хьалхабевлла лелачу наха. И набахтешкахь болу зударий, бераш арадахархьама болийна болх бу хIинца. Баккъал а дIабаха йиш йоцуш нах а бу царалахь. Уьш тIепаза бойур бу юхаболхахь".

Муха новкъавала веза Нохчийчуьрчу Iедало виттане а ваха вуьтуш воцу стаг, цуьнан политикан кхетам бахьанехь иза вен хьийзош велахь, хIун дан догIу цо, Полша хуьлда иза, я кхин Европера мохк хуьлда, шена цигахь тховкIело лург, аьлла а хаьттира Маршо Радионо Мицаева Рубатига.

Мицаева: «Ишттачо ша дозане схьакхаьчча, политикан тховкIело йоьхуш, цхьаьнгге а ла а ца дугIуш, лечкъа а ца деш дIадийца деза дерг. Нохчийчуьра Iедал - гIазакхийн Iедал ду, цигахь массанхьа а, хIора юьртахь а ю ФСБ, цара ша ваха ца вуьтийла, стенна ца вуьту дIадийца деза.

Ткъа ас а, Ичкерин кхузарчу векалша а тоьшалла до оцу стагах, иза мила ву, стенах ведда веъна. Цунна иштта гIо хуьлу. Ткъа цIахь дика дац, тхуна кхузахь, дикачехь, даха лаьа аларх чу ца вуьту кхузахь ваха".

Полшел тIаьхьа нохчийн мухIажирша чукхача гIертарца холчу лаьцначех ю Германи. Цигахь 2000 стага йийхира стохка тховкIело, ткаъ кхушара ехна 12 эзарно.

Оцу терахьаша, уьш дуьстича-м муххале а, гойту мел онда къовлуш бу адамашна логашад шайн даймахкахь. Цундела Европа Iойла дац деккъа дIа шега орца доьху нохчий юха а лоьхкуш, ша маршонийн кхайкхамча а, паргIатонийн верас ю бохуш цо делахь. Иза гуш а, хазош а хила еза Оьрсийчоьнна а, дерриг дуьненна а нохчашна шайн децIахь Iедало гатто экккхийтинийла.

И ойла кест-кеста хазайо Маршо Радионо а, кхечу дукха а йоцчу хьостанаша а. Амма мохь боцу аз а хилла буьсуш бу мухIажирийн оцу тайпанара леткъамаш.