Къизаллин теш

ШолгIа тIом болалучу гурахь Оьрсийчоьно ракеташ йиттира Соьлж-ГIала.

Нохчийчохь шозлагIачу тIеман йоьххьехь, 1999 шарахь, гIадужу беттан 21 дийнахь хиллера и буохам. Цул хьалха, кхиъ дара, оьрсийн хIаваI кеманаш тIелатарш деш, маьрша нах байина, амма, Соьлжа-гIалан юккъе, уггаре а дукха нах болчу метте, ракеташ туохаро, болалучу тIеман къизалла мел барам болуш хира ю гайтира.
ХIета хьалхарчу тIамах бевллачу нохчашна, шу баланаш хIинца а чекхабоьвла бац шуна, боху дIахьедар санна бийкира оцу эккхарийн йилбазмохь. 100 сов стаганна, и гIовгIа тIаьххьара хIума дара шай дахарехь хезнарг. Лазийна а бара дукха.

Цхьа ракета иккхнера, сарахь 5 сахьт долучу хенахь, Соьлжа-гIаларчу базарна тIехула. ШозлогIаниг- бераш даран коьртачу дарбан хIусам йолчохь. Цигахь-13 зуда а, дуьне чу даьлла долу 15 бера а деллера. КхозлагIа ракета Калинина поселок олучу меттехь, маьждиган чу кхеттера. Цигахь 40 сов стаг веллера.

Базаран тIехула ракета оьккхучу хенахь, цигахь шен ненаца мах беш хилла, Соьлжа-гIалийн хилла йолу яхархо Жеребцова Полина. Цигахь когах даьндарг а кхетта лазийнера, хIета 14 шо бен ца хилла йолу и оьрсийн йоI.

Оцу хиламех лаьцна болу, шен дагалецамаш, цуо стохка Москохахь зорбане баьккхира. Оцу йоIан гинарг, официала Iедалийн хьежамца цхьана догIуш доцун дела, цунна Оьрсийчуьра дIаяха дийзира Европерачу цхьана пачхьалкхе. Маршо радиога цо ша яздинчу тептар тIера кийсак йийшира, и ракета эккхарх лаьцна йолу.

Жеребцова Полина: «Сой, сан наний лазийра гIадужу беттан 21 дийнахь. Ишшта декхаделира сан гIан. Стоьла хьалхахь йийна йолу зуда гира суна. Лазийнарш кафе а, цIенош чохь а дIалоьвчкъина бара. Божарша, лазийнарш а, белларш а гул а беш, машенаш чу боьхкура.

Доьххьара къастабора чIогIа лазийнарш. Ткъа, иза дIадуоладелира цIеххьан-суьйрана 5 сахьт долучу хенахь. Тхайн йисина йолу хIума чохь болу ши тIоьрмиг гулбинера охашиммо. Цхьа-соьгахь, важа-ненехь. Цигахь тхуна доьхьал кхийтира жимачу бераца Кулсум. Къамел деш лаьтташ дара тхо. ЦIеххьана, сирла йолу стигал къайгийра. Цул тIаьхьа, йоккха гIовгIа елира.

Тхо кхераделла, карча а керчаш, тхайн тоьла кIела дахара. Эчкийн ларекашна юккъахь вахьхоьвшира тхо. Кхин дIалочкъийла яцара цигахь. Эккхар, кхин цхьаъ. Тхо доьвда дахара, новкъахь тхайн хIумш а йоьйуш. Иза Соьлжа-гIалийн юккъехь дара. Люксембург Розийн урамехь.

Со едда йоьдучу хенахь, суна уллехула, цхьа гериг яхара, шок етташ. Цуо со ца йикъира, цуо хан йийкъира. Со кхийтира, сан ненан а, кхечеран а, со Iожаллах кIелхьар яьккхар хира доцийла, ас мохь тоьхча а. Со, Iожаллий, дара, хIокху дуьненехь вовшах дихкина. Цхьа хIума дацар, тхойшинан юккъе а хоьттина, со дIакъовла».

Базарна тIехула эккхар хилчулла тIаьхь, Оьрсийчоьнан официала Iедалша, харц дира, оцу зуламан теш хилчу наха, дуьйцург. Оцу базарахь, герз духкуш хилла, цигахь тIемалойн тобанаш хIума а къоьвсина, церан герз иккхина аьлла, яра церан верси. Ша оцу базарехь, 8 шо кхаьчначу дуьйна, шен ненаца мах беш яра. Шена ца гинера цигахь духкуш герз аьлла кхин дIа а дийцира Жеребцова Полинас.

Жеребцова Полина: "Оцу хенахь, пачхьалкхан коьртехь хиллачу наха, чIагIдеш дуьйцура, оцу базарахь, маьрша нах бацара, цигахь герз духкуш дара бохуш. Ракета буьйсана тоьхна бохуш дара. Иза муха хуьлу буьйса, суьйран 5 сахьт долучу хенахь? Аса школера ма яьлнехь сайн ненан гIо дуора. Нах мах беш бара цигахь. Базар, суьйран 7-8 даллалца лаьттара.

Суна цкъа а ца гинера цигахь герз духкуш. Дуьйцура, биржа йолчу меттехь, «ЧIарлацархо а, иччархо а» цIе йолу туька ю бохуш. Цигахь эца там бара, ян топ, ян тIемца йозна ерг. Амма, базарахь, со сайн нанна гIо деш яра 8-9 шо даьлча дуьйна яра, ткъа, лазочу хенахь 14 шо дара сан, суна ца гина. Суна цигахь юьхкуш гина, сигаьркаш а, газеташ а, копуст а, масдIалоцург а, шоколад а".

Нохчийн а, цхьаболчу оьрсийн бакъоларъярхоша, халахетарца билгалдоккху, Нохчийчохь зуламаш дарна бехке болу эскархой жоьпе уозо аьтто болуш бац аьлла. УльмангIеран а, Будановийн а, Кадетан а, гIуллакхаш, халла Делан баленца кхеле кхачор хилла церан.

Амма, даккхий тIеман зуламаш лоручарах долу, Соьлжа-гIаларчу базарна тIе ракеташ туохар а, ШаIми-юьртан йистехь тIамах бовдучу мухIажарш чохь болчу машенашна тIе хIаваI кеманаш туохар дар а, Алды оьвлара маьрша бахархой тIех сов къизалца байар а, талланза дуьсуш ду.

Цундела, бакъоларъярхойн, уьш жоьпе уозар коьрта Iалашо хила езарна, тешам бу. Царах ву «Нохчийчоьнан бакъоларъяран центран» куьйгалхо Эжиев Минкаил. Маршо радиога вистхуьлуш цуо ишшта элира.

Эжиев Минкаил: «Дуккха а эскархой бу, Нохчийчохь зуламаш а джина дIабахан. Царна тIехькхиар а, и нах дIалийцар а, кхелехь царна догIу таIзар дар ду коьртаниг. Дукха бу, царах хуушехь зуламаш а дина, шай паргIат белхаш а беш, пенсехь берш а бу. Нийсо хила еза массу а хIуманна тIехь. Нохчийч бехке валахь чувуллий хаа вайна. Изза нйисо, массарна а лелайойла лаьа тхуна. Кху чохь зулам динарг, цхьа стаг вита йиша яц. Низам хьалхара а долуш».

Тахана Нохчийчохь жигара тIемаш боьлхуш бац. Маьрша дахаре бирзинчу нохчашна хоуьйтуш санна ду, Оьрсийчоьнца къийсадаларх, къоманна са хира яц аьлла. Амма, майданашка ара а бовлуш нохчаша цуьнах лаьцна дуьйцуш дацахь а, дукхачу нехан дагалецамашкахь а, цIийх Iийдалучу дегнашкахь а, бисина бу и буохамаш, уьш динчарна мацца а бекхам хиларе са а туьйсуш.