КIирандийнахь ирхъоллавелла Ватаев Iайнди

Нохчийчоь -- НогIамирзин-Юьрт, Теркйист

Теркйистерчу НогΙамирзин-Юьртара 22 шо долу Ватаев Ιайнди, шина беран да, ирхъоллавелла ша ФСБ-но лаьцна а лелийна, дΙахецначул тΙаьхьа, мехкан телевизионехула вийца ваьккхича. Иза Шема тΙаме ваха ойла йолуш ву аьлла даржийнера деношкахь Соьлж-ГΙаларчу Ιедалша.



Ирхъоллавеллачу жимастеган тезет хIоьттина Теркйистерчу НогIамирзин-Юьртахь. Ша-шена тIе куьг даьхьанарг ву 22-23 шо долу Ватаев Iайнди.

Цо иштта Iожалла харжарх кеп-кепара дуьйцу юьртахоша. Цхьаболучара дийцарехь, цунна дазделларг ду тIом бан Шема ваха воллуш вара аьлла, бехк а кховдийна, ФСБ-но дIа а вигина, цкъа а, шозза а цунна тIеIаткъам бар а, юх-юха а Соьлж-гIаларасхьа цунна тIехь барт-хаттам беш телевизионехь гайтар а.

Юьртахоша даре а деш, иза а, цуьнан накъост а гайтина хилла Ватаев кхана ле аьллачу буса а. Схьагучу суьртехь, юха мичча хенахь а лаца тарло ша, бохуш, тIебазбеллий лаьтта кхерам а - и дерриге а лан ницкъ ца тоьъначух тера ду-кх цуьнан, боху и вевзаш хиллачара. Юха а Iедало дIавигича, ша сийсаз ца вайта хаьржинчух тера хета цхьаболучарна Ватаев Iайндис Iожалла.

Къайлахчу сервисан белхоша Ватаев Iайндица цхьаьна дIа а вигина, левинчех ву кхин а цхьа жима стаг. Цо хIара къамел деш Iайнди дийна ву.

ЦIе цаяьккхинарг: "Ас арахьара паспорт даккхаран бахьана со Шема ваха дагахь хилар ду бохура соьга ФСБ-но. Иштта хьийзавеш вара НогIамирза-Юьртара цхьа кIант а. Iайнди яра цуьнан цIе".

Къамел деш волчу кIанта ечу къароца, барта кхерамаш тийсарал сов, кIуьйган пIелгийн сиз-ларш эцар а, суьрташ дахаран биста кхаччалц, тIеIаткъам бина хилла царна къайлахчу сервисан хьукхматехь.

Бакъдерг дийцича, жимачу стеган ирх а оллавелла валар, дукхахболучарна хетарехь, доьзна ду цIерачара а, Iедалехь болучара а бинчу тIеIаткъамца. Ишта ойла ю НогIамирзин-Юьртарчу кху вахархочун а.

НогIамирзин-Юьртара 1-ра вахархо: "Кегийрхоша къаьсттина ца лов шайна гIело еш. Цатам бина Iедалша. И ла ца делла-кх цуьнга..."


Ватаевн валар шакепара кхеточех ву кхузткъа шо долу могIарера кхин цхьа вахархо а.

НогIамирзин-Юьртара 2-гIа вахархо: "Къонахалла хьаьшна цуьнан, юьхьIаьржа хIоттийна, иза цо ца лайна. Харцо ю цунна йинарг. Iедало вийна иза. Мотт социйла цуьнна айкхваьллачун! Вуьззина къонах хилла харцо лан а ца елла велларг. Дала цунна гечдойла!"

Мел бух болуш ду вайнехан кегийрхой Шема пачхьалкхе тIамтIе баха гIертар боху хаттар цкъачунна жоьпаза дуьсуш ду. Бакъдерг дийцича, ала догIу, оццу Теркйистарчу НогIамирзин-Юьртара ши жима стаг ши-кхо бутт хьалха Шемарчу тIамехь вийна аьлла, цу юьртахь тезеташ хIиттийра. Ишта бакъ ду и шиъ дикка хьалха дуьйна а шаьш бехачу Европера тIамтIе бахана хилар а.