Your browser doesn’t support HTML5
Замане, меттигерчу хьелашка, юкъараллин, Iедалан лехамашка хьаьжжина хуьлу исбаьхьаллин хатI. Иштта хилла, лаьтташ а ю дахаран куьзга шех олу театр а.
Нохчийчохь леллачу тIемин, йоьрзуш йолчу хьунийн, адаман сатийсамийн лар хаало меттигерчу театрийн репертуарашкахь а. Кхо театр ю махкахь – нохчийн, Нурадиловн цIарх, оьрсийн, Лермонтовн цIарх, Къоначу хьажархочун театр.
Махка вогIучу театрална-мэтрна Заславскийна муха гойла ду Нохчийчуьра театраш? Муьлхачу хьолехь ю уьш тахана? Маршо Радионо деллачу оцу хеттаршна жоьпаш делира тоьллачу шина актеро, театраш дуккха а шерашкахь цхьана декъанна шайн белшаш тIехь дIакхоьхьучу халкъан артисташа Марисултанов Iелас а, Джамаев Iимрана а.
Лермонтовн театрехь куьйгалхо а лаьттина, хIинца университетехь актеран факультетехь къона артисташ Iамош ву Марисиултанов Iела. Iилма, Оьрсийчохь, лаккхарчу дешаршкахь, мел гулдало гулдина шена Iелас. Кегийнаш Iамош велахь а, дийнахь-буса а театран дерриг а дахар ду цуьнан тергонехь.
Маршо Радио: "Махкарчу театрийн хьал-дахар хьуна муха го тахана, Iела?
Марисултанов: " Тахана вайн республикехь кхо театр ю. Университетехь кхиош къона актераш а бу. Хьалха уьш генна Москох, Петарбуха, Воронеже а хьийсош, нехан ворданахь кхиош бара, уьш атта юха а ца богIура. ХIинца кхуззахь, цIахь, 25 шо ду актераш кхиабен.
Иштта 7-8 режиссер а кхиина кху шерашкахь. Уьш кхаа а театрехь а бу.
Делахь а театр хала меттиг ю. Цо, вайна ма-хаъара, адамийн синош, кхетам бузу. Мотт а кхиабо цо вайн".
Маршо Радио: Айхьа Iамочу кегийнахах бIобулий хьан, хуьлий царех дика актераш, бала а болуш, доьший цара?
Марисултанов: "БIобулу, бала а бу берийн шаьш арабаьккхинчу некъан. Иштта ца хилча-м театрехь дан хIума а ма даций. Адамийн дахар ма дуй цара гойтург, васт ловзо йиш яц, бала кIезиг хилча.
Нохчийн гIуллакх-гIиллакх, майралла, мотт - дерриг а хила дезаш ду-кх оцу театрехь".
Муха го хьуна айхьа куьйгалла дечу Нохчийн театран дахар хаьттира Маршо Радионо цуьнан коьртачу режиссере-куьйгалхочуьнга Хакишев Руслане. Сирко воллушехь, балха тIеь вара иза, амма къамелдан хала ду шена аьлла, цо векалвира шен накъост, балхах дийца хьакъволу гоьваьлла халкъан артист Джамаев Iимран.
Маршо Радио: "Кху тIаьххьарчу муьрехь шу реза долуш пьесаш, драматургин кхиболу белхаш а кхаьчний шуьга, керла васташ кхоллалой театрехь?
Джамаев: "Тхо нохчийн маттахь къахьоьгуш делахь а, Кавказехула тхаьш дIалелаш хиларна, оьрсийн маттахь кечбина а бу тхан белхаш. Ахмадов Мусан, Уциев Абун, Нунуев Сайд-Хьамзатан, Мусаев Iалавдин, кхиболучийн а пьесаш ю оха ловзош.
Захаров Петран, суртдиллархочун 200 шо кхочуш хIоттийна спектакл ю оха гойтуш. Иштта хаза проект нисъелла, "Нохчийн махкахь - нохчийн маттахь" аьлла рубрика а йолуш. Иза а езаш тIеоьцу хьовсархоша. Цул хьалха Гадаев Мохьмад-Салахьах лаьцна болх а гайтира махкахошна".
Къоначу театралех билгалбевллачех, тIекхуьучу чкъурах а дийцира Маршо Радиона Джамаев Iимрана.
Джамаев: "Баккъал а долуш, боккха кхаъ хилла тхуна тхайна юкъа кегийнах нисбелла. Ю яха хаза цIерш а къоначийн - Цингиев Аюб, Ахмадов Сулиман, Умаев Ризван, Джабраилов Шерип, Хасанов Тимарболат, Халиков Ризван. Мехкарех - Гайрбекова, Мизиева Фатима, Улубаева Зарема, Масарова Зухра, Мажиева Малкан, Ахмутханова Сацита... ТIекхуьуш хаза, дика чкъор ду".
Нохчийчуьрчу театрах, цунах махко, бахархоша оьцучу пайданах алссам дийца догIу. Оха шуьйрра йовзуьйтур ю Нохчийчоьнан синбахамаллин и хазна, дуьйцур ду кестта иза бахархошна мел оьшуш го тахана.