Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчоьнан альпинизман, спортан туризман федерацин вице-президент ша а ву бIаьвнийн фанат...
Оьрсийчуьрчу зорбано, чалахь байна маха карийча санна, дуьйцу кху деношкахь Нохчийчохь археологашна а, мохк толлучу жигархошна а лаьмнашкахь 300 шира бIов, маьлхан каш, ширачу заманера зил-хьаьркаш гучуевлла бохуш.
Хьехориг ю Нохчийчоьнах цхьа жима дакъа бен дIалоцуш а йоцу Iаьшха-Мартан лаьмнашкара Нашха. Дахначу шарахь Iилманчаша, мохкбезархоша, лома хьала а оьхуш, бинчу талламийн зераш ду дуьйцурш.
Хууш ма-хиллара, 1957 шарахь депортацера цIабаьхкийтинчу вайнахе Iедало ницкъаша дIатийсийтина шайн дай баьхна ломан ирхенаш. Цундела дукха ярташ йисина шаьш-шайна, цхьаллехь ширъяла, тишъяла, хIаллакъхила.
МоцIара, ЧIармаха, ТIайсте, Хьайбаха… тесна дитина къоман аганаш, иттаннашкахь, бIеннашкахь.
Тахана алссам хеза лаьмнашка некъаш бу бохуш, бохкуш бу туристашна некъаш, тоеш ю бIаьвнаш, олий.
Оцу боламе шалха ду вайнехан хьажар. Цхьана агIор, вуно дика ду къомо шен бералла дIакхехьначу лаьмнашка, баннашка тIаьхьенна некъаш бахар. Вукху агIор – оьшурий-те, гIуллакх дерг а, доцург а хьала а кхуьйлуш, нохчийн лаьмнашца эвхьазваккха?
Денъеш ю бIаьвнаш. Стенна? Туристан бIаьрг цецбаккха я къамо кхуьуш йитина ларш бIаьрлаяха? Реставраци ю еш цхьайолчу бIаьвнашна. Ткъа буй и экаме гIуллакх девза говзанчаш махкахь, диканиг до а бохуш, хIаллакдеш-м дац-те иэсан ниIмат?
Оцу доллучух а лаьцна Маршо Радионо къамелдира Нохчийчоьнан алпинизман, лаьмнаш талларан, спортан туризман федерацин вице-президентца Бугаев Жамалайца.
- Сенсацех тардина боху Итар-ТАСС агенталло, 12-15-чу бIешерашкара бIаьвнаш, маьлхан кешнаш, шира зил-йозанаш карийна. Iилманна, археологина йовзаза оццул дукха объекташ хуьлийла дуй, я мохк цабовзарна ду-те и хаам баржор?
- Мохк ца бовзарна боху хир ду агенталлаша – шайна хезнарг бен церан дуьйцийла ма даций. ТАСС-ан векалш махка а баьхкина, аренашкахула, лаьмнашкахула лела ма ца леллий.
Бакъду, тIемаш, депортацеш, кхидолу бахьанаш дуьхьал а дуьйлуш, вайна довзаза а дисина дукха. Амма бIов къайлаяккхалур яц. Иза къаьсташ, гуш ю. Хьалха, Советийн заманахь дукхахдерг теллина, билгалдаьккхина ду.
Деккъа дIа, зама луьра а еана, цхьадолу хIуманаш дицдина вай, цхьадерш дага ца догIу. Хьалха баьхна археологаш, историкаш а бац тахана дийна. Цундела тIекхуьучарна шайна тахана гиннарг керла хета.
- Сталинан депортаци йирзича цIабаьхкинчу нахах дукхахберш ца битина лаьмнашкахь баха, шера аренашкахула дIасабаржийна. БIеннаш километрш ю дайх дисинчу лаьмнашка, кхерчашка хьовса кхача. Цундела дукхахболучарна моьтту шайн дай баьхна бIаьвнаш йисина а яц. Дукха юй лаьмнашкахь бIаьвнаш?
- Ю, Дала мукъалахь. Леллачу гамоне хьажча, дерриг а доха дезаш дара, делахь а, йисина дуккха а – тIе стаг ца кхачарна, масала, Нашхахь, цига нах ца буьту, некъаш бац, цундела а йисина дуккха бIаьвнаш, кешнаш, йозанаш, петроглифаш.
Бакъ дац и тайпа объекташ тидаме ца эцна, реестре ца хIиттийна бохург. И дерриг а дина ду. Ткъа дицдина. Тахана карладоккхуш ду дерриг а. Шайн болх беш бохку къона Iилманчаш, историкаш, археологаш. Масална цIейоккхур вай – Ильясов Леча, цуьнан хIинцца араяьлла "Петроглифы Чечни" ("Нохчийчоьнан зил-йозанаш"). Мехала жайна ду иза. Цо гойту шира бахам бевзаш хиллийла а, болуш буйла а.
- Рееестре яьхна, эшахь реставраци ян а тарлуш йолу бIаьвнаш дукха юй махкахь?
- Рееестр хIоттош а, цуьнца болх беш а, бIаьвнаш тергоне йохкуш а ю "Органца болчу ширачу бахаман даладархо" олу Iедалан хьукмат. Тхан тхан федерацино цуьнца цхьаьна бо болх, юкъахь кхоьллина оха къоначу Iилманчийн, мохкталлархойн "Евзашйоцу Нохчийчоь" тоба. Цара цхьаьна хIора шарахь а йоху реестре керла-керла бIаьвнаш, маьлхан кешнаш, зил-йозанаш, лаьмнашкара кхиболу шира бахам.
- Сайна цIено дан хаьара, кибирчиг йотта хаьара, аьлла, шира бIов тоян а воьлла, иза хIаллакхйича, сох реставратор ма ца хуьлий! БIаьвнаш денйо бохуш, мехкан шира бахам хьебар ахь муха туьду, говза реставраторш буй махкахь?
- Вай хIинца цхьацца хIуманашна тIаьхьакхуьуш ма дуй. Кхул хьалха йичу реставрацешна ( керла министр ву синбахамаллин, цул хьалха кхин вара), Итон-Кхаьллахь, кхечашхьа а – Iилманчаш реза бац, цара мага а ца дора бIаьвнаш иштта хьеян. Низамаша, Iилмано а бохург ца лар а ца деш йолийра ян хьалха йина реставрацеш.
Амма тIаьххьарчу хенахь балха эксперташ, лицензеш йолу говзанчаш кхайкха болийна. Цунах кхаъ хилла тхуна а. ХIунда аьлча, и болх кIоргга Iилма девзачаьрга ца байтахь, вай бIаьвнаш юхаерзочу метта, йойур ю.
- Туризм яржош, хIайт-аьлла беш белхаш бу махкахь. Оцо бIаьвнашна кхерам бохьий-те?
- Дуьненан масалш схьаэцча, Рим, Карфаген, туристийн маршруташ дуккха а йолушшехь, уьш ма ю хьанна а ган мегаш. Нийсса, хила ма езза маршрут а йиллина, гайта ма-езза меттиг туристашна дIа а гайтина, цунах оьцучу пайданах вайна доладан хаахь, зен хир дац, пайда хир бу.
Вай вешан синбахам бовзийта беза дуьненна. Цуьнга хьаьжжина низам а, маршо а кхочур ю вайга ваьшка а кхана. Дуьненна Нохчийчоь евзаш хилча, хIинццалц латтийнарг нохчашна тIехь латто аьтто хир бац – вай девзаш хилча, вайн къоман исбаьхьалла, синбахам адамашна безаш хилча, вайна а хир ду дуьненахь даха атта.
- Лаьмнаш теллина ахь, хьуна уьш дика девза. Нохчийчуьрчу бIаьвнийн яртех хьуна къаьсттина хазахетарг муьлха ю?
- Массо а бIаьвнаш хаза ю, шайн-шайн башхаллаш а ю церан. Сайна хетарг эр ду ас, суна айса накъосташца теллина йолу уггаре шира бIаьвнаш хаза хета. Замано адамо йохоза тхуна карийнаш Шуьндахь ю, Итон-Кхаьллан макахь, уггаре шираниг юй те аьлла, чIогIа хаза бIов лаьтта цигахь.
Хьаркаройхь а ю, Веданан кIошт, генарчу заманера бIов, бакъду, тIамо дараш-м дина цунна – иза а ю хаза. Шира меттигаш, тайна меттигаш дукха ю вай, уьш талла еза, церан кхоччуш доладан деза, вайна царех пайда а, са а схьаоьцийла ду-кх.