Your browser doesn’t support HTML5
… Шераш мел довлу дегаIийжам чIагIло цхьаболучийн. Кхечийн, хийцамийн тулгIено лакхене баьхначийн, цуьнан бала а бац. Амма верриг цхьана ойланехь соцу: оцу тIамехь нохчаша дуьненна дIайовзийтира шайн цIе. ДIахаийтира, къонахий иллешкахь хилла а ца Iаш, кху заманахь а буйла. Дерриге а къам дуйла къонах.
ГIура беттан 11-гIа де, официалехь тIом болабелла лоруш делахь а, Нохчийчуьрчу бахархошна иза болабелира кхин а бутт хьалха.
ТIамна кийча ду шаьш бохуш хиллехь а, баккъал а тешаш бацара мехкан куьйгалхой иза шуьйрра баьржар бу бохучух.
«Коммерсант» газетан корреспондентан Мурадов Мусан оцу тIамах дагалецамаш шатайпа бу.
Мурадов: «Москохара баьхкинчу журналисташца петарахь дара тхо. Чуетташ, пенаш дегадора. Цхьаммо элира, корех кехаташ лато деза, аьлла. Оха кIадо а ца еш, мел болу бIаьрг дIалатийра. Iуьйрана хьаьвсича, кехат латийна кор дийна диснера, кехат латоза бIаьргаш дохийнера».
Соьлж-ГIалина гобина, массо а герзаш чудетта долийча а, сатийсам бара шайгахь а, кхечу маьршачу бахархошкахь а и тIом гена бер бац аьлла. Къаьсттина яра и дегайовхо оьрсийн бахархошкахь, боху журналиста Мурадов Мусас.
Мурадов: «ТIом бахлур бу моьттуш дацара цхьанненна а. Теша а ца тешара. Со волчу цIа чохь оьрсийн бахархой бара бисина дуккха а. Талламаш беш, эскархоша юьхьанца чу граната а кхуссий, тIаккха хьовсура нах буйла. Оьрсашлахь дуккха а дараш хилира».
Тахана нохчийн цIе дуьненан муьлххачу а маьIIехь евза. ТIамехь нохчийн къонахоша яьккхийтинчу цIаро биллина дийна бисинчарна некъ. Церан доьналлах а, тIамах а дагалецамаш журналисто Дачаев Зеламхас а дийцира.
Дачаев: «ТIом хаза хIума яц. Дагахь а дацара, оццул доьналлийца дуьхьало йийр ю, аьлла. Делера орца дара кхаьчнарг. Девкар-Эвлах яьлла йоьдура оьрсийн бахархойн ковра. Автобус чуьра Дорогочинская Викас мохь тоьхнера, тхо маьрша дахархой ду, тхуна герз ма тохалаш, аьлла. «Шу маьрша дахархой хиларна, тоха дезара шуна тIе герз» - жоп деллера эскархочо. Таккха ша дуьххьара кхераелира, бохуш дийцира цо».
Нохчашна дагалецамашкахь ца буьсийла дац къоман дахар човхийна, къизалла яржийна тIом. Цундела иза дагахь латто беза аьлла хета Соьлж-ГIалин яхархочунна Мусаева Лаурина. Ша оцу хенахь университетехь доьшуш хилла иза.
Мусаева: «ДагадогIу дера. Стагана бицлур болу тIом а ма бацара иза. Оцу тIамна дуьхьалбевларш а бара. Со университетехь доьшуш яра. Суна иза болалучу хенахь, яьккхий бомбанаш а етташ, болабелира. Со экзаменна кечам беш яра. Цхьа ло я догIа догIуш санна, цIеххьана болабелира иза».
Тахана официалан хьостанаша кеп-кепара дуьйцу Нохчийчуьрчу шина а тIамехь нахана юкъахь хиллачу дарех. Нохчийн агIор, дозуш доцчу хьосташа бахарехь, 300 эзар герга стаг ву вийнарг. Ткъа, оьрсийн эскархойн могIаршкахь хьалхарчу тIамехь вийна лоруш ву 5 эзар сов стаг. И шолгIа терахь дуккха а лахдина лору, юккъараллин синтем ца байархьама.