Магомадов Русланан "ЦIа" филм тоьлла Нью-Йоркерчу киногайтамехь

Магомадов Русланан "ЦIа" филман коьрта турпалхо

Дукха хан йоццуш Iаьмеркарчу кинофестивалехь совгIат делира нохчийн кинорежиссера Шарипов Инала яьккхинчу филмана. Ткъа деношкахь Нью-Йоркехь дIаяьхьначу кинофестивалехь тоьлла вайн махкахочо Магомадов Руслана яьккхина фильм.

"Массо исбаьхьаллех вайна уггаре а мехалниг кино ю" - и дешнаш советан заманчохь массарна а девзаш дара. Ца довза йиш а яцара, хIора а юьртарчу клубан кевнашна тIехь дIатоьхна долу уьш. Амма тIаьххьарчу ткъеха шарахь Нохчийчохь хиллачу бохамийн голатохарша иштта а гIийлачу хьолехь хилла нохчийн кинематограф ян а йоцчу хьоле яьккхира.

Бакъду, кхушара нохчийн режиссераша бинчу белхашца доьзна, цхьаъ санна, массех хаза кост даржаро сатийсам кхуллу, къоман кинематограф юхаметтахIуттур хиларх а, иза вуно кхиаме хирг хиларх а.

ТIаьхьарлера и тайпа сатийсам кхуллу хаам кхаьчна Нью-Йоркера. Цигахь дIаяьхьначу „Кинофест Нью-Йорк“ цIе йолчу фестивалехь нохчийн къоначу режиссеро Магомадов Руслана яькхинчу „ЦIа“ цIе йолчу фильмо йоцачу фильмийн категорехь хьалхара совгIат кхачийна аьлла бара иза.

25 минот еха йолу и филм Нохчийчохь тIом болчу хенахь Соьлж-гIалахь ша цхьаъ висинчу вокхачу стагах лаьцна ю. Филман режиссеро Магомадов Руслана дийцарехь, и кино цо ша Москохарчу сценаристийн, режиссерийн лакхарчу курсашкахь доьшуш волчу хенахь яккха леринера.

Магомадов: "И фильм, ма-дарра дийцича, сан дипломан болх санна дагалаьцна яра ас. Суна дагахь а дацара иза иштта кхиаме хир ю а, цунна тIе иштта тидам гIур бу а, аьлла. Ткъа ша фильм, иза -м, дера, баккъал а, хиламашна тIе а тевжина, яьккхина ю. Суна сайна тIамо а, тIамо лаьцна хиллачу Соьлж-гIалано а бинчу тIеIаткъамех а ю иза, 1994-чу шарера 1996-чу шаре кхаччалца хиллачу Соьлж-гIаланах лаьцна".

Шен лула-кулара нах тIамах уьдучу хенахь, ведда дIаваха меттиг а боцуш, гергарчарех цхьа а дийна са а доцуш, висина ву и стаг. Дийнахь тIеман кIуркIаманех лечкъаш, буса, шен цIийна бухарчу тоьли чу дIа а тебий, радиочухула бечу хаамашка ладоьгIуш хан йоккхуш ву иза. Нахах яссаеллачу гIалин урамашкахула Iома чуьра хи дан а воьду, гIалин херцашлахь цIе латон дечиг а лахьадо, уьйтIахь латийначу цIара тIехь юург а кечйо. Юха буьйсанна кхин цкъа а тоьли чу лачкъар, радиохаамашка ладегIар, иштта дIа кхин а - керлачу гуонехь.


http://www.youtube.com/embed/pRazcxWgSYA?rel=0

ТIом марсабаьллачу беттанашкахь Соьлж-гIалахь хан яьккхинчарах массарна а дика бевзаш болу и миска гуо - режиссеро вуно говза а, дагах кхетачу суьрташца а гайтина. Суьрташ ду и филм ша башха еш дерш а, суьрташший, адамех яссаеллачу гIалин гIовгIий. ХIунда аьлча, хабарш, диалогаш, нехан аьзнаш – уьш цу филмехь дан а дац. ДогIучу догIан я Iийдалучу ладаран тата, хи дан воьдуш вокхачу стага текхочу вордан гIовгI, я, мел дукха а, радиочухула дека аьзнашший бен.

Режиссеро дийцарехь, цу филман коьртачу турпалхочун васт кхоьллина волу воккха стаг баккъал а волуш а вара, Соьлж-гIалахь цуьнан лулахь вехаш а вара. Амма филмехь иза дийна висахь а, бакъдолчу дахарехь иза хьалхара тIом дIабалале оьрсийн эскархоша вийнера.

Магомадов Руслана дуьйцу, ша кестта бан леринчу белхех лаьцна. Цуьнан коьрта Iалашо - вай дIадохийначу хенаца йоьзна филм яккхар ю.

Магомадов: "Сценарий а язйина, кийчча Iуьллуш проект ю сан, "Чиллан бутт" аьлла цIе а йолуш. Шина вешех лаьцна ю иза, нохчий, гIалгIай дIабохийначу муьрехь хиллачух лаьцна а, цу хенах дуьйцуш а филм ю иза. Болх бан меттигаш а билгалъяьхна оха - Нохчийчоь а, Дагестан а, ГIалгIайчоь а. Амма, халахеташ делахь а, цкъачунна Нохчийчуьра оха сатуьйсуш йолу, оцу балхана хьажийна харжаш схьахецна яц. Финансашца дерг дIа ма нисделла, дIайолор ю и проект".

Ала догIу, хIинца а 25 шо бен доцчу къоначу нохчийн режиссеро шен профессионалан некъ дIаболабар хIинцале а вуно кхиаме хилла. Цуьнан филм Нью-Йоркерчу кинофестивалехь тоьлла ца Iаш, иштта цо бутт хьалха Казанехь дIаяьхьначу бусулба кинон фестивалехь а хьалхара меттиг яьккхира. Гергарчу хенахь Оьрсийчурчу Петарбухехь а, иштта Германерчу Котбуссехь а дIахьон йолчу фестивалашкахь дакъалаца хаьржина а ю иза.