Таллиннехь дΙайоьдучу Нохчийн кегийрхойн конференцин декъашхой еарийн дийнахь Тарту-гΙала бахара, цигахь лаьттачу Дудаев ЖовхIаран хΙолламе а, цо болх бинчу меттигашка а хьовса. Оцу юкъанна Таллиннехь Эстонин а, Оьрсийчоьнан а дипломаташ луьстуш бара бераша шайн болх дΙабоьдучу цΙенна тΙе Ичкерин байракх тохарца шина пачхьалкхан юкъаметтигашна бина эшам.
Пачхьалкхашна юкъа цимтассал хΙума дацахь а, кест-кеста хуьлуш ду дуьненан муьлххачу а маьΙΙехь нохчаша, я царах дог лозучу наха Ичкерин байракх хьалаяьккхинче бухара оьрсийн векалтан белхахой кхочуш. Цара Кремлана бетах тΙара тоьхча санна тΙеоьцу Ичкерин байракх айар а, нохчаша шайн къомана тIехь Оьрсийчоьно латтаен гIело ялхор а.
Таллиннехь конференци йоьду ши даьлча хааеллачух тера ду Оьрсийчоьнан Эстонерчу векалтна цΙенна тΙехь Ичкерин байракх лаьттийла. Цул тΙахьа дΙабуьйлабелла кегийрхошний, Ιорабовла а ца хΙуьттучу дипломаташний юкъахь къестамаш.
Конференцера хаамаш баржоран тобан куьйгалхочо, Канадехь бехачу нохчийн кегийрхойн векала Тарамов Рахьмана иштта довзуьйту хилларг.
Тарамов: "Cелхана цхьа де дара, хьеший а боцуш, тхо тхаьш дисина. Чохь верриг а нохчо а нисвелла, оха я ингалса маттахь, я кхечу маттахь а хIума ца олуш, цIенна нохчийн мотт бийцира вовшашца, тхайн къестон дезарг – гIиллакх, нохчийн тайпанаш, тукхумаш карладохуш, кегийрхошна уьш хIун ду хоуьйтуш, «нохчалла» бохург хIун ду дуьйцуш, докладаш йира.
ТIаккха, байракх дIаяккха еза боху оьрсийн векалто, аьлла, хаам схьабеъча, иза бийцаре бира. Оха дуьхьала аьлларг дара: тхуна церан цIераш еза, официалехь иза дуйла хаийта, элира. Официалехь дацахь, оха иза тергал дан дезаш а дац, аьлла. Цара тIаккха элира, шаьш кхана телефон а тоьхна, хоуьйтур ду. Ткъа тахана цара кхин къамел до. Шаьш, кху метте кхечу къоман тоба йогIуш хиларна, церан байракх дIатохархьама аьллера, векалташа аьлла хIума а дацара, бохуш".
Ткъа байракх дΙаяккха аьлла меттахбевллачу дипломаташа шайн цΙерш йовзуьйтуш а ца хилча, уьш официалехь дΙахьедар дан хΙуьттуш а ца хилча, шайна данне а дац Ичкерин байракх шаьш болх бечу цΙентΙера охьаяккха, элира Тарамов Рахьмана.
Тарамов: "Вовшашка дагадевллий бен, оха хIумма а дина а дац. Шаьш къобал ца до байракх дIаяккхар, иза нохчийн байракх ю, тIеман байракх а яц, я зуламан байракх а яц, кхузахь буьйцург тхешан мотт а бу, гIиллакхаш а ду, элира. Тхуна, байракх дIаяккха аьлча, шайн мотт ма бийца, шайн гIиллакх-гIуллакх ма дийца, бохуш санна халахийтира".
Конференцин еарий дийнан программица а догΙуш, цуьнан декъашхой Таллинна 300 чаккхарма юьстаха лаьттачу Тарту-гΙала бахара. Цигара зΙенехь хилира Маршо Радиоца бараман куьйгалхойх волу Докудаев Аюбхан.
Докудаев: "Тартухь хIоллам бу цигахь хьалха болх бинчу Дудаев ЖовхIарна хIоттийна. Суьрташ а дохуш, нохчийн хьалхара президент дагалоьцуш, цо дина дика хIуманаш дуьйцуш Iа тхо. Итт пачхьалкхара гулбелла кегийрхой бу, царалахь ву со а.
Цаьргара массаьргара а ала лаьа суна, бакъонца къахьоьгуш а, къоман бала болуш а бехачу дайшка, наношка. ГIийла ойланаш ма елаш, «декъаза ду вай» боху гIийла ойланаш кийрара дIаяхалаш. ХIунда аьлча, Дала боху, ша бакъонтIехь болучаьрца ву. Вайна ма-хаъара, бакъо вайгахь ю. Дала лардойла вай харц лоьчух, бакъонна тIехь галдовларх лардойла вай Дала".
Эстоне баьхкинчу кегийрхошлахь дуккха а бу студенташ, ишколашкара дешархой. КΙентий хилла ца Ιаш, мехкарий а бу дуьнентΙерачу шайн къоман нийсархойн хьашташ дийцаре дан гулбеллачарна юкъахь. Ишттачех ю Канадера еъна Асет а. Соьлж-ГΙалара 9 шо долуш мухΙажир яла дезна цуьнан. Юьхьанца яьхна Гуьржийн махкахь, тΙаьхьо кхаьчна шен ненаца Канаде а. Шех лаьцна цо иштта дийцира.
Асет: "Сан цIе Асет ю. Со Канадера еъна, Монреалера. Университетехь доьшуш а ю со. Классикан эшаран, фортепианон декъехь. Со даймахках яьлла 12 шо ду, цIера СемаьIашкара ду тхо, амма со 9 шо кхаччалц Соьлж-ГIалахь яьхна. Канадехь деша аьтто бу. Кхузахь юьхьанца хала дара, сунна ингалсан мотт бен ца хаьара, хIинца францойн мотт а хууш, атта ду. …
Музыкехь аттонашший?! ЭлхьамдулиллахI, дика бу. Дуьххьара Тбилисехь эшарлакхархойн ишколе лелла со. Кхузахь колледж а чекхъяьккхина, аьтто бу. …Кавказера эшаршший?! Бакъдерг аьлча, дика ца хаьа сунна, со классика Iамош хиларна. Сан нанас дика локху пондар. Цо суна наггахь гIо до".
Кхузахь хаийта догΙу радиоладогΙархошна, Асета юьйцу цуьнан нана-пондарча, иллиалархо Рамзаева Бирлант хилар. Нохчийчохь тΙемаш буьйлабалале а, буьйлабелча а гоьевлира Рамзаевас нохчийн къоман маршонна лерина лоькху эшарш. ХΙинца шен ненан новкъа а яьлла, цо санна шен къоман маршоне сатуьйсу Асета а.
ТΙедогΙучу деношкахь кегийрхоша бен болчу балхах а, кхидΙа шайн юкъарлоно сатуьйсуш долчух а лаьцна дийцира Тарамов Рахьмана. Таллиннехь болийна болх шаьш буьтур бац, рогΙерчу вовшахкхетаршна а кечлур ду шаьш, боху цо.
Тарамов: "КхидIа тхан болх муха хир бу аьлча, массо а Европехь а, Iаьмеркахь а веха кегийрхо вовшах а тоьхна, церан йоккха организации кхуллур ю. И хилча бен арахьа бехачу нохчашна аьтто карор бац къоман мотт, гIиллакхаш довза. И дерриг а кхузахь долччуьра, тхаьшна Iамо лаьа тхуна. КхидIа и хьал тхаьшкахь а хилийтархьама".
Муха, хΙун къамелаш хилла Эстонин агΙонца оьрсийн дипломатийн, хууш дац. Шаьш, шайн цΙераш а ца йохуш, ΙиндагΙехь биса лиинчух тера ду царна. Байракх бахьанехь шайца дагахьбаллам бисинехь а, кхидерг дерриг а тоьллачу хьолехь кечдина шайна бухарчу хΙусамдайша, шаьш даккхийде эстонхоша шайна динчу хьошаллах, боху нохчийн кегийрхойн конференцин декъашхоша.