Коммунистийн партин идеологино 1917-чу шарахь болийна болх мел чIогIа хилла аьлча, цунах дIа ца къасталуш еха тахана а дукха Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хилла республикаш. Оьрсийчоьнах дIакъаьстинарш а, иштта, Оьрсийчоьнца цхьаьна ехаш ерш а.
Коммунистийн партин хьекъале идеологи яра? Тамаша бу. Пайденна яра? Яцара. Цул сов, ца оьшу хIума Iаламат дукха дара цуьнца – революцин хьаькам вазвар. Шарахь, мел лаххара а, кхузза яккхий демонстрацеш дIаяхьар. Цигахь дакъа лацар тIедиллина дара юкъара школашна тIера лаккхарчу доьшийлашна тIекхаччалц болчу студенташна а, Iедалан мел йолчу хьукхматера белхахошна а, колхозийн, совхозийн белхалошна а.
Ткъа, муьлхачу республикийн, шаьш евллачу пачхьалкхийн а амалехь карор ду вайна Советан системанера гIиллакхаш?
Маршо радион аналиста Аюбов Аслана бахарехь, Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа а шайн гIенташкахь бисина лидерш бу цу шаьш евллачу пачхьалкхаша урхалла деш берш. ШолгIа, авторитаран урхалла долчу пачхьалкхашкахь го вайна коммунизман билгалонаш.
Аюбов: «Къаьсттина чIогIа Юккъерчу Азера пачхьалкхашкахь даьржина ду иза. Цхьана агIора, цхьайолчу пачхьалкхашкахь коммунистийн заманахьлера лидерш бу коьртехь лаьтташ. Казахстан, Туркменистан, Таджикистан, Узбекистан. Оцу еа пачхьалкхехь хьалха компартин куьйгаллехь хилла болу нах бу Iедалехь. Цигахь чIогIа даьржина ду иза.
Масала, дукха хан йоццуш сурташ гира суна Таджикистанехь даьхна долу. Школашкара гулдина бераш дара шайн куьйгалхочуьн Рахмонов Эмомалин куьйгашна обанаш бохуш даьхна долу. Цхьана агIора, коммунистийн хIума а ду иза. ШолгIа делахь, Азехь Iаш болчеран историн кIоргенера схьадогIуш хIума а ду иза.»
Маршо радио: Ткъа Азербайджанехь? Алиев Ильхамана шен дегара коммунистера, Советан пачхьалкхан Коммунистийн партин Коьртачу Комитетан Политбюрон декъашхочуьнгара кхаьчна ду пачхьалкхан куьйгалхочуьн дарж. Цигахь а ду, меттигера нах президентана гIортор ечуха, митингашка нуьцкъала ара бохий, митингашкахь гулбар а, массанхьа портреташ дIадеттар а, иштта дIа кхин а...
Аюбов: «Азербайджан а Азехь ю. Юккъерчу Азехь яцахь а, иза Азехь ю. Цундела церан а ю азиатийн санна йолу амалш. Хийцаелла а яц.»
Маршо радио: Алиев Ильхьам Алиев ХIайдар веллачул тIаьхьа нисвелира, маьхкадаьттан маьIданех йоьттинчу Азербайджанан коьрте. Харжамаш тайппа моттаргIанаш лелош, маситтаза цу даржехь висина иза. Цу тIехь цо боккха пайда эцна советан заманерчу билгалонех.
Чингиз: «ХIинца а оцу кепара гIиллакх долуш ду, деза денош а долуш ду. Алиев ХIайдарца доьзна ду уьш. Цхьаъ, I993-чу шарахь Азербайджанехь Iедалехь кризис иккхина, чолхе зама хIоьттинчу хенахь, цуьнга кхайкхам а бина, Нахичеванера Бакох юхавирзина де ду. Мангал-беттан 17-гIа де ду иза - КIелхьардовларан де ду иза - Куртулуф.
Официала деза де ду иза. Официала доцу деза денош а ду. "Зезагийн де" олуш ду цхьаъ. Стигалкъекъа-беттан 10-гIа де ду, иза белхан де ду. Алиев ХIайдар вина де ду иза, зезагийн де санна даздеш ду.
Бакох-гIалина юккъехь, дуккха миллионаш долларш дойъуш, арахьара пачхьалкхашкара зезагаш оьций, майданаш, паркаш зезагашца къагайо, Алиевн портреташ хIиттадо цу зезагех, иштта дIа кхин а.
Кхин а ду даздарш. Цига буьгуш берш, коьртачу декъана, доьшийлийн студенташ а, Iедалан хьукхматийн белхахой а буьгу тIедиллинчу кепехь. Масала, Алиев ХIайдар валаран де. Иштта, цхьа деза де санна билгалдаьккхина дац иза. Амма цу дийнахь сийлахьчу аллей боьлху нах. Цигахь каш ду Алиевн, цул сов, цунна йина музей-тайппа хIума а ю. Цига вахар тIехь ду, ца ваханчу белхахочунна а, студентана а таIзар дийр долуш хIума а ду.»
Маршо радио: Муха хуьлу и тIедиллар? Хьан луш ду маса стаг маца ваха веза боху омар?
Чингиз: «Со суо теш ца хилла, схьагарехь, дешаран министраллехула деш ду иза. Масала, Бакохара тайп-тайпанчу доьшийлашка хаам бо деза де тIекхачале. ТIаккха хIора а хьукхмато ша билгавоккху, карахь, йозанаш долу плакаташ долуш, маса стаг цу даздаршка вохуьйту. Студенташ цига баха безаш бу.
Цул сов, дукха хан йоццуш гучудаьллера, ГIадужу-беттан 9-чу дийнахь Азербайджанехь президентан харжамаш дIабахьале, студенташ тIеийзош хилла, Iедалехьа болчу кандидатийн митингашка.
И кандидаташ тайнигаш хилла хиларе терра, церан шайн агIончаш, электорат яц. Амма оппозицин цIарах волчу кандидатана конкуренташ санна ган безаш бу уьш. Оппозицин кандитатан митингашкахь 20 эзар гергга агIонча воьдуш хуьлу. Тхан видео-тоьшалла а ду цунна. Тхан корреспонденто хоьтту, Iедалехьа волчу кандидатан митингера бовдучу студенташка, "шун хIунда довдуш ду, митинг чекх ма ца яьлла?", олий. Студенташа жоп ло, "декано тхоьга гIо аьллера, цундела кхузахь хилла хиларан хьаьрк хIоттаяйтина, хIинца дIадоьлху тхо. Кхин дIа тхан гIуллакх ду кхузахь латта?"
Маршо радио: Ала Азербайджан, хаза - Нохчийчоь. Азербайджанал а тIех эккхаш ю Нохчийчохь тахана гуш йолу Советан заманера билгалонаш. Официала деза денош даздале, Советан заманахь санна, лакхара охьа омар дой, адамаллин дукхалла гайтар тIедуьллу Iедалан хьукхматийн белхахошна а, дешархошна а.
Нохчийчохь тIом баьлча Оьрсийчоьнан маьI-маьIIехь яха а, таръяла а хьаьжча, гIуллакх ца хилла, Европе яха дIаяхана ю Тумиша. Соьлж-гIалин юккъехь кхиина а, цигарчу цхьана школехь дешна а ю иза. Советан заманахь шаьш демонстрацешка даха декхар дарах лаьцна дагалоьцуш, цо дийцира.
Тумиша: Школехь демонстраце даха деза олий, тIедиллара тхуна. Ноябр-баттахь (Лахьанан-бутт) шийла хилара догIанаш оьхуш хилара. Мел шийла хиларх, догIанаш делхарх, гулделла, майдане даха дезаш дар-кх тхо. ГIалин юккъера мел болу урам къевлина хилара. Кира лелон, еза машенаш хилара некъаш доьхкуш хIиттийна. Царна уллехь лаьтташ милиционераш хилара. Дехьа-сехьа цхьа волуьйтура.
Школина, организацешна юкъахь урамаш декъна хилара, асфальта тIехь мелаца хьаькхна хьаркаш хилара, яздина йоза хилара - стенгахь мила латта веза. Маситта сохьтехь латтара. Юурггий, хи малий, садаIий бохург дан а дацара. Тхо бераш ма дара.
Цига ца веанчунна кхерамаш тийсара, гуламашкахь тхо кхерадора. Аттестат лучу хенахь и цу юкъахь хир ду, алара. Берашна (хIора шарахь) язъечу характеристикина тIехь яздеш Iедал дара: бер демонстрацешка доьдуш ду, олий. Бер эхара аьлла яздеш хилча, ца эхара аьлла а, яздеш хилла хир ду-кх. Цу характеристикина тIехь вуониг яздича кхин дIа деша ваха а, балха нисвала а, дахар нисдан а хала дара. Ишта моттара. Моттийтара. Кхера а кхерара. Аьлча а, и халонаш цхьаннена а ца езара.
Юха школа дIайолаелча цара школехь дийцара, цигахь мала а мелла, оха хIара дира, важа дира, бохуш. Дукха хьан мелла а дийцара. ГIазакхийн бераша малара.
Баккхийниш-м, (даздарш чекхдевлча) делкъал тIаьхьа а, сарахь а диттанашна бухахь, подъездаш чохь бехна, Iохкуш хилара. Царна чIогIа дезара и деза денош. Юха шайн петарш чохь, муьйлуш Iаш, дукха бох а лой, кораш схьаделлара. Урамашкахь хезаш хилара, цара баха а бихй, лоькху зурманаш.»
Маршо радио: Кхузахь дагадаийта деза, Тумишас хьахоза дисина кхин цхьа хIума а. Деза де тIекхачале школерчу бераша - нохчийн маттахь цунна дош а дац – дуккха салташа могIаршка а нисбелла, цхьаьна нисбина ког боккхуш гина хир ду массарна а. Ишта, дешар чекхдаьллачул тIаьхьа, мацделла бераша, айраш даъадаллац, когаш беттара, болар нисдеш. ТIехула тIе, мохь бетташ, цхьана озаца кхайхкон езаш речевкаш яра. Юха и бераш автобусашна, кира лелочу машенашна тIе а ховшадой, майданехула чекхдовлийтара.
Школашкахь а, пионерийн лагершкахь а иза юкъадаьккхинарг мила ву хаац. Амма, дукха неIалт кхайхкина юкъадаккхар ду иза.
ГIо диний цу моттаргIанаша коммунистийн партина? Историно гайтина, ца динийла. Цу, боккъалла а аьлча, эрна, пайда боцчу хIуманна дайъина къа а, йина харжаш а, цхьана пайдечу хIуманна тIе дахийтина хиллехь, ма ницкъ болуш пачхьалкх хила тарлора Советан пачхьалкх.
Дин Iад дитина, цхьа жимма аьршо еллехь, хIинца а лаьтташ хир дара Советан Iедал, бохуш дийцира маршо радиога, Соьлж-гIалин ОБКОМехь болх бинчу, амма шен цIе яккха ца лиинчу комсомолан а, юха тIаьхьа коммунистийн партин а жигархо хиллачу стага. Вела а воьлуш дийцира цо, демонстрацин деношкахь шена тIехь хиллачу декхарех лаьцна. Парад йолаялале, политбюрон декъашхойн сурт эцна, кира лелон ши машен чекх ялара коьртачу майданехула. Цо дийцира, хIетахь адам гулдаран кеп муха яра а. Амма шен къамел дIаяздайта дуьхьал велира иза.
Цу къамелан доцца маьIна ишта дара. Коммунистийн Iедалан идеологин уггар коьрта меттиг дIалоцуш Советийн пачхьалкхана гIортор еш болу цхьабарт хилар дара. Цунах дузуш дара мел диснарг. Динаш керста а дина, тайп-тайпана къаьмнаш цхьана махкахь бертахь деха, аьлла, Iамеркана а, дуьненна а гайтар яра хьалхара Iалашо.
ШолгIачу меттахь – пролетариатан, къечу нехан революци йиц ца ялийтар дара. Цу моггIара дара, ах-Европа кIел таIийначу Iедалан Толаман де даздаран маьIна а.
ОБКОМан белхахочо юьйцу кеп ю тахана болх беш Оьрсийчохь а, цуьнан уггар ирчачу кепехь Нохчийчохь а. Коммунисташа уггар нажжаз деш хилла, боданан билгало лоруш Ислам дин а, Советан Iедалан кеп а муха цхьанаяхало таханлера Нохчийчохь?
Маршо радион аналиста Аюбов Аслана, Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгаллехь чагIавалрца цхьаьна дIахIоьттина кеп ю иза.
Аюбов: «Европера схьаэцна хIума дац иза. Оцу Азехь йолчу пачхьалкхашкара, Iаьрбийн пачхьалкхашкара а, цу агIора схьаэцна хIума ду. Кадыров Рамзан Iедале хIоьттичхьана дуьйна чIогIа даьржина хIума ду. Хьалха, цуьнан да урхаллехь волчу хенахь а, царал хьалха-м хIете-вете а, кхин башха чIогIа дацара.
ХIара дIахIоьттичхьана дуьйна чIогIа даьржина ду. Цхьаъ хир ду-кх иза цуьнан. Цхьанхьара схьаэцна хир ду-кх цо иза. Азербайджанхоша дийцарехь, рамзана иза цаьргара схьаэцна. Иза бакъ ду-дац ала суна хала ду. Амма чIогIа даьржина-м ду иза. Цхьа ирча хIума ду иза.»
Маршо радио: Оьрсийчоьнан де даздеш а, Соьлж-гIалин урамашка арабоху нохчийн кегийрахой. Кийчча лаьтташ хуьлу хелхаран тобанаш, артисташ. Коммунисташа санна, еза цIераш яларца, машен-цIа а, мидалш-совгIаташца тIекIабина бу уьш. Къаьсттина школера хьехархой а, дешархой а, университетера студенташ а бу сих-сиха цу урамашка ийзош.
Маршо радион цхьана программехь, Соьлж-гIалина 100 чаккхарма генарчу школера хьехархо йилхира, шен са кхачийна цу Iедалша кхайхкочу деза деноша. Цкъа гIала дуьгу, юха субботникаш кхайкхайо, тIаккха ахчанаш гулдойту, бохуш.
Маршо радион Азербайджанан сервисан Бакохарчу бюрон белхахочунна Султансой Чингизана хетарехь, авторитаран урхалло пайда оьцу Советан системан кепах.
Чингиз: «Суна хетарехь, иза советан система кхин дIа а болх беш хилар ду, цхьа жимма тIекхетта, меттигера куц-кеп а долуш. Иза малхбален амал йолуш ду, я исламан регионца доьзна ду аьлла ца хета суна.
Кубехь цхьа жимма хьал мал а делла, пхи-ялх я итт шо хьалха дуьйна, 40-50 шераш хьалха турпалхо хиллачу Кастро Фиделан Iедалан критика ян йолаелира. Цигахь а тохара цуьнгахьа митингаш. Куба малхбален културех тухийла ма дац. Схьаоьцур ву Къилбаседа Корей. Иза генара малхбале ю, амма исламан малхабаленехьа тухийла дац иза. Цундела, малхбален я исламан гIиллакхашца доьзна дац иза. Даржхочунна хьалха охьатеIар, лаккхарчу хьаькамна муьтIахь, тешаме а хилар, авторитаран урхаллин билгало ю. Дукха хьолахь, советан пачхьалкхан тIаьхье ю.»
Маршо радио: Даханчу бIешарахь санна долу сурт тахана а ду Азербайджанехь. Цунна тоьшалла ду 60 шарал тIехваьллачу Султансой Чингиза ден къамел.
Чингиз: «Аса Бакохарчу пачхьалкхан университетехь дешна. Азербайджанехь и цхьаъ бен ян а яцара. Хьалхарчу курсехь тхо долхара дера цу советан Iедалан даздаршка. Тхо кхерон атта дара, тхуна хIумма ца хаара. Сан сурташ а дисина хIетахьлера, карахь плакаташ, хьаькамийн портреташ долуш. Амма тхуна ца лаара цига даха. Сайн го бу аса буьйцург. Тхо цига ца долхахь тхуцна таIзар дийр дуйла хаара - университетера дIадахарна тIекхаччалц. Тхо халла ма кхаьчнера цига, тхуна деша лаара.
Майрра дуьхьало ян ца мегий а хаара тхуна. ШолгIачу курсехь дуьйна оха и хIума кхин ца лелийра. Со дика доьшуш вара, сан цхьацца уьйраш яра университетехь. Факультетан а, университетан комсомолан а комитеташа тIеIаткъам бора. 70-80-гIа шераш дара уьш. ХIетахь а ца башарца хьежара цу тайпа митингашка. Телевизионехула гайта а гойтуш, комсомолан а, коммунистийн партин а Iалашонех лаьцна лакхарчу трибунашна тIера дуьйцург дош ца хетара. Бакъдолчу дахарца чIогIа хийра хIума дара иза.
Президент хилла волу Эльчибей Абульфаз. Университетехь малхбален факультетехь хьоьхуш волчу хенахь, шен цхьаболчу, тешаме хетачу студенташца факультативан лекцеш дIахьора цо. ХIетахь а, 70-чу шерашкахь Азербайджан йозуш йоцуш хир ю алара цо. Иза коммунистийн идеологица догIуш ма дацара. Цо а ца дора иза диллина дIа. Дешнашца цхьа а вацара духьал.»
Маршо радио: Кхин а масех бахьана ду, Советан системера кеп авторитаран урхалла долчу пачхьалкхийн дахарх йоьлла хиларан. Цкъа делахь, Советан заманахь белхаш бина а, дешна а болу нах а, стоьлан дай а бу таханлерчу Iедалшкахь а белхаш беш. Церан цIийх а, тIамарх а йоьлла советан идеологи. ХIетахь а, тобанна юкъара къастар къобалдеш дацара. Авторитаран урхалла дечу хьаькамашна тов, цу тайпа нехан муьтIахьалла, кIоргера хьекъалш дацар а – хIунда аьлча, конкуренташ хир бац царах, доза доцуш, хьестабалар а.
Оцу хьокъехь цхьа забаре къамел хилира Маршо радиохь. Шуьйра тIемаш боьлхуш Нохчийчура дIавахана цхьана стага дийцира, ша ПрахIера редакце веъча. Кадыров Ахьмат-хьаьжа Iедалехь чIагIлучу муьрехь цIавахар нисделлера цуьнан. Цхьацца кехаташ гулдан хьашт а хилла, Iедалан хьукхматашка ваха дезнера. «ВаллахIи, и цхьа нах бу вайн цIахь, цхьа бохам хилале, тIофф-олий, бов уьш, хьал толушшехь, и шайн Советан заманера портфелаш йохьуш, юха а, оццу даржашка охьаховшуш», бохуш дийцира цо.
Важа бахьана хила тарло, Советан заманахь, хьакамийн дуьзначу дахарх хьегначу нахана, и кеп хIинца кхин цкъа а юхаметтахIоттон лаарна.
Муьлххачу идеологино тобанах къаьста стаг къобалвеш ца хиларе терра, маьршо а яц тIеюьтуш. Маьршо ца хилча, токхо лакхарчу Iедалера кIезигчу нахана бен ца хуьлу. Советан заманара хьаькамаша шайн бахамаш лечкъабора, адам карзахдаларна кхоьруш. ХIинцалера, коммунистийн кеп тIеэцначу а, амма церан мадараллех ца дешачу авторитаран Iедалша мелхуо а, дозалло до. Мел лаьттар ю и тайпа идеологи? Замано гойтур ду.