Ойсхара: Беттачохь хьалакхиинчу урамехь
Ойсхарарна уллехула болий, Хоси-Юьрта (Кадыров Рамзанан юьрта) боьду некъ.
Баттахь дина, дIасадекъна урам - 30 цIа.
Даккха сакхт доцуш, дика ду керла ков-керташ, бохура хIусамийн дайша.
Нехан эца ца дезаш, йийбар а ю чохь.
Ичкери эшош леттачу тобанехь веллачу Бениев Лом-Iелин цIе тиллина урамна.
Кадыров Ахьмадан фондан куьйгалохочунна Кадырова Айманина (Кадыров Рамзанан нанна) урам дарна баркалла кхайкхош, баннер оьллина ураман юьххьехь.
Дезде санна тIеэцна бахархоша шаьш керлачу хIусамашка дIатардар.
Дуккха а ду бераш керлачу урамехь. Ков-керташ кхаьчнарш хала бохку нах бу доккхачу декъанна.
Фотокорреспондентах ца лечкъаш, дозаллица шанй суьрташ дохуьйтура бахархоша.
ХIусамашка йиллина йийбар кеп-кепара, бесс-бесара ю.
Дахаран хийцам бен-башха боцуш, баккхийчара мел динчунна реза ду бераш!
Сирла, хаза ю керлачу урамера массо а хIусам.
Юьртан хатI ца дохош, шен метта дIанисделла юьртахь керла урам, бохура Маршо Радиога бахархоша.